‏ Psalms 69

ГӀо доьхуш дина доӀа

(Забур 39:12-18)

1
Корта 69 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 70.
Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан назма. Дагалацийтаран доӀа.
2Ва Дела, со кӀелхьарваккха сихо ехьа.
Веза Эла, суна гӀоьнна тӀеван сихлохьа.
3Сан синан хӀаллакьхилар лоьхурш
эхь доьссина а, сийсазбаьхна а хуьлийла!
Суна зулам хила луурш,
юьхьӀаьржачу а хӀиттийна, юхаберзабойла!
4Со емал а веш, соьга: «Жолам-яӀ!» – бохурш,
шаьш юьхьӀаьржачу хӀиттарна, боьхна хьийзийла.

5Хьо лоьхуш берш массо а Хьо бахьанехь
хазахетта а, самукъадаьлла а хуьлийла!
Шаьш Ахь кӀелхьардахар дезаш болчара
саццаза: «Сийлахь ву Дела!» – олийла.

6Со-м къен а, миска а ву.
Дела, суна тӀе кхача сихлохьа!
Хьо ву суна гӀо дийриг а, со паргӀатвоккхург а.
Веза Эла, хье ма лохьа!
Copyright information for CheCAC2012