‏ Psalms 7

Нийсо йоьху доӀа

1Бен-Яманан тӀаьхьенах волчу Хушин гӀуллакх бахьана долуш Дауда Везачу Элана аьлла тийжаме назма
Тийжаме назма – Ӏебархойн маттахь: шигаюн. Цу дешан маьӀна билггала хууш дац.
.
2Сан Веза Дела! Ахьа со ларвар лоьху ас.
Массо а суна тӀаьхьабевллачех кӀелхьара а ваккхий,
Ахьа паргӀатваккхахьа со,
3хӀунда аьлча, лоьмо санна, со хьаьшна, сан са доккхур ду цара,
кӀелхьарвоккхург суна уллохь воцучу хенахь.
4Сан Веза Дела! Нагахь соьгара цхьа хӀума даьллехь,
я сан куьйго къа латийнехь,
5нагахь аса сайца машарехь Ӏаш волчунна зе динехь,
я сан мостагӀчунна, бехк а боцуш, со бахьана долуш ницкъ хиллехь,
6мостагӀчо, суна тӀе а кхиъна,
схьа а лаьцна,
лаьттахь сан са а хьаьшна,
сох чан а йина, вуьтийла со.
7Валахьа, Веза Эла, Хьайн оьгӀазаллица дуьхьал,
и оьгӀазалла сан мостагӀийн дераллина дуьхьал а йоккхуш.
Самавалахьа, Сан Дела,
меттахӀоттаехьа нийсо.
8Массо а халкъаш Хьайна гонах а гулдай,
Хьо волчу лакхахь царна тӀехь Куьйгалхо хилахь.
9Везачу Эло йо халкъашна тӀехь кхел.
Со бакъхиларе хьаьжжина, ехьа, Веза Эла, суна кхел.
Сан дог а цӀена ма ду.
10 bАдамийн хьекъал а девза Хьуна,
дегнаш а чекх го Хьуна,
тхан бакъволу Дела.
Зуламхойн зенаш а сацадехьа Ахь,
ткъа Хьайн лаамехь берш чӀагӀ а бехьа.

11Со ларвеш долу турс ду Дела,
догцӀена берш кӀелхьарбоху Цо.
12Дела бакъонца кхел Йийриг ву.
ХӀора дийнахь зуламхошна кхел кхайкхош ву Иза.
13Нагахь ишттачех цхьаъ Шегахьа ца верзахь,
Цо, Шен тур а ирдой,
Шен Ӏад а дулий,
уьш цунна тӀе хьажадо.
14Ӏожалла тӀейоуьйту Цо, Шен гӀирс схьа а оьций,
Шен догу пхерчий цунна тӀехьажадо.

15Шен даг чохь зуламаш кхоьллинчо,
кхечарна вон болх хила луучо
ша-шена харцо кхуллу.
16Кхечунна ор доккхург
ша оцу ор чу вужур ву.
17Ша кхоьллина баланаш цунна тӀе юхабоьрзур бу,
цо дина зулам а цуьнан шен коьртах кхетар ду.

18Ас хастам бо Везачу Элана
Иза бакъ хиларна.
Веза Воккхачу Элан цӀеран сийнна
йиш а локху аса.
Copyright information for CheCAC2012