b Арадаккхар 14:21.
c Аюб 40:20; Забур 103:26; ЕшаӀ-ЯхӀу 27:1.

‏ Psalms 73

Халкъ кӀелхьардаккхар доьхуш дина доӀа

1
Корта 73 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 74.
Асайпан хьехаме назма. Ва Дела, тхо гуттаренна а дӀа хӀунда тесна те Ахь?
Хьайн жа санна долчу тхуна дар хӀунда велла те Хьо?
2Айхьа ширачу заманахь дуьйна дола даьккхина Хьайн халкъ,
мах белла паргӀатдаьккхина Хьайн тукхам дагадаийтахьа!
Хьо тӀехь Ӏаш хилла болу Цийон-лам дагабаийтахьа!
3Хьайн когаш гуттаренна а Ӏохкучу саьлнашна тӀеберзабехьа.
МостагӀчо Хьан дезачу цӀа чуьра дерриг хӀума а дохийна дӀадаьккхина.

4Хьо тхуна дуьхьалкхетачу меттигехь Хьан мостагӀаша гӀигӀ дора.
Тхан байракхийн метта шайн байракхаш дӀахӀиттийна цара.
5Боьлакан дитташна диг тӀедерзош болчех
шаьш тера хилар гойтура цара.
6Ткъа хӀинца, куц а далош, дечиг хьокхуш мел йина хӀума
шайн дагаршца а, жӀаьвнашца а йохийна цара.
7Хьан деза цӀа дерриг а дагийна цара.
Хьан цӀе шена чохь йолу меттиг сийсазъяьккхина бевлла уьш.
8Шайн дегнаш чохь: «Уьш-м бохийна дӀабохур бара вай», – бохуш, –
лаьттара Делан гуламаш дӀахӀуьтту ерриге а меттигаш ягийна цара.

9Тамашийна билгалонаш ца го тхуна,
пайхамар а вац тхан хӀинца,
хӀара хьал мел лаьттар ду хууш волу стаг а вац тхоьца.
10Веза Дела, мел лаьттар ву те мостагӀа, Хьо емалвеш?
Гуттара-м хир яц те мостагӀчо Хьан цӀе сийсазйохуш?
11Хьайн куьг – Хьайн аьтту куьг – сеца хӀунда до те Ахь?
Хьайн духаран хоршана юккъера иза схьатохий, хӀаллакбехьа уьш.

12Амма Хьо, Дела, ширачу заманара дуьйна сан Паччахь ву,
лаьттахь кӀелхьарвалар дахьаш верг Хьо ма ву!
13 bХьайн ницкъаца хӀорд а дӀасабекъабалийтира Ахь,
хи чуьра саьрмикийн кортош а кегдира Ахь.
14 cЛевиятан цӀе йолчу хӀордан саьрмикан кортош Ахь хьаьшира,
цуьнан дегӀ яьссачу аренгарчу акхарошна юучунна дӀаделира.
15Хьостанаш а, татолаш а дӀаэхийтира Ахь.
Саццаза дӀаихна хиш а лакъийра Ахь.
16Де а Хьан ду, буьйса а Хьан ю.
Стигалара серлонаш а, малх а Ахь дӀахӀоттийна.
17Лаьттан массо а дозанаш Ахь дӀахӀиттийна.
Аьхке а, Ӏа а Ахь дӀакъастийна.

18Дагадаийтахьа Хьайна мостагӀа Хьайх кхардар, Веза Эла,
сонтачу цу халкъо Хьан цӀе сийсазъяхар.
19Хьайн къоркхокханан са акхаройн кара дӀа ма лохьа.
ГӀело хьоьгуш долчу Хьайн халкъан дахар гуттаренна а диц ма дехьа.

20Хьажахьа Айхьа бинчу барте, хӀунда аьлча
лаьттара ерриге а бодане меттигаш ницкъ баран меттигех юьзна.
21Ницкъ хилларг, юьхьӀаьржачу а хӀоьттина, юха ма воьрзийла.
ГӀело хьоьгучо а, мискачо а Хьан цӀарна хастамаш бойла.

22Ва Дела, дуьхьал а валий, Хьайн гӀуллакх лардехьа,
сонтачо дийнахь сарралц Хьо емалвар дагадаийтахьа.
23Диц ма дехьа Хьан мостагӀаша хьекхна маьхьарий а,
Хьуна дуьхьалбевллачара хаддаза еш йолу гӀовгӀа а.
Copyright information for CheCAC2012