Psalms 74
Дела – кхелахо ву
1 ▼▼ Корта 74 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 75.
Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: «ХӀаллак ма ве со» олучу мукъамехь ала езаш ю. Асайпан назма. 2Хастам бо оха Хьуна, Дела.Хьан цӀе уллохь хиларна Хьуна хастам бо.
Адамаша Хьан тамашийначу гӀуллакхех лаьцна дуьйцу.
3Ахьа боху: «Хан билгал а яьккхина,
Ас нийсонца йолу кхел хоржур ю.
4Латта дӀасалесташ хилча а,
цунна тӀехь мел бехаш берш кхерамехь хилча а,
цуьнан бӀогӀамаш чӀагӀдийриг Со ма ву.
5Курабевллачаьрга Ас боху: „Кура ма дийла“,
ткъа Ӏесачаьрга: „Шайн ницкъах дозалла ма де,
6стигална дуьхьал шайн ницкъах дозалла ма де,
кура корта а айина, деза детташ ма дийца“».
7ХӀунда аьлча малхбалера а, малхбузера схьа а,
я яьссачу аренгара схьа а дац стеган лекха хилар,
8амма Дела ву Кхелахо:
Цо цхьаъ охьатаӀаво, ткъа важа лакхавоккху.
9Везачу Элан карахь цхьа кад бу,
иза бецаш тоьхна кхехкаш болчу чагӀарх буьзна бу.
Лаьттан массо а Ӏесачарна Цо оцу кеда чуьра Ӏанадо,
ткъа цара бухахь йолчу букъаршца цхьаьна дӀамер ду и чагӀар.
10Аса-м Дала мел дийриг даим дуьйцур ду.
Якъубан Далла Аса хастамаш бийр бу.
11Ӏесачеран ницкъ Цо дӀабоккхур бу,
амма Цуьнан лаамехь болчеран ницкъ чӀагӀбийр бу.
Copyright information for
CheCAC2012