c Арадаккхар 7:8–12:32.
d Арадаккхар 14:21, 22.
e Арадаккхар 13:21, 22.
f Арадаккхар 17:1-7; Лелар 20:2-13.
g Арадаккхар 16:2-15; Лелар 11:4-23, 31-35.
j Арадаккхар 7:17-21.
k Арадаккхар 8:20-24; Арадаккхар 8:1-6.
l Арадаккхар 10:12-15.
m Арадаккхар 9:22-25.
n Арадаккхар 12:29.
o Арадаккхар 13:17-22.
p Арадаккхар 14:26-28.
q Арадаккхар 15:17; ЮшаӀ 3:14-17.

‏ Psalms 77

Дела а, Цуьнан халкъ а

1
Корта 77 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 78.
Асайпан хьехаме назма. ЛадогӀа ас хьоьхучуьнга, ва сан халкъ,
сан багарчу дешнийн тидам бе.
2 bСан багахула ас хьекъале хӀуманаш дуьйцур ду,
ширачу заманашкара хӀетал-металш а далор ду.
3Тхуна иза хаза а хезнера, довза а девзинера,
вайн дайша иза тхуна дийца а дийцинера.
4Тхайн берех иза къайла а доккхур дац.
Хинйолчу тӀаьхьене оха дӀадуьйцур ду
Везачу Элан сийлахь гӀуллакхех лаьцна,
Цуьнан ницкъах а, Цо динчу тамашийначу хӀуманех а лаьцна.

5Цо Якъубан тӀаьхьенна бакъонаш дӀахӀиттийра,
Исраилан халкъана товрат-хьехам дӀабелира.
Тхан дайшна тӀедиллира Цо
шайн берашна цаьрга иза дӀадовзийтар.
6Цу тайпана тӀейогӀучу тӀаьхьенна иза хуур дара,
дуьнен чу бовлучу наха
шайн берашна иза дӀадуьйцур а дара.
7ТӀаккха адамашна юкъахь Делах тешар дахлур дара,
Цуьнан гӀуллакхаш диц а лур дацара,
дерриг а халкъо Цуьнан весеташ лардийр дара.
8Уьш шайн дайх тера хир бацара,
аьрха а, муьтӀахь боцуш а,
шайн дегнашца Делах ца тешаш а,
шайн синца Цунна тешаме боцуш а.

9Эпраймхойн карахь секхаӀедаш хиллехь а,
тӀом бечу дийнахь уьш дӀа ма бевдира.
10Делаца бина барт лар ца бора цара,
Цуьнан товрат-хьехамца баха а ца лиира царна.
11Царна дицделлера Цуьнан гӀуллакхаш,
Цо гайтина долу тамашийна хӀуманаш а дицделлера царна.
12 cМисар-махкахь, ЦоӀан олучу кӀоштахь,
церан дайн бӀаьргашна хьалха гайтира Цо тамашийна хӀуманаш.
13 dЭрзийн хӀорд дӀаса а беккъа,
цу юккъехула чекхбехира Цо уьш,
ткъа хиш, пенаш санна, лаьтташ дара.
14 eДийнахь – мархица дӀабуьгура уьш Везачу Эло,
ткъа буьйса дӀаяллалц – цӀеран серлонца некъ гойтура царна.
15Яьссачу аренгахь Цо, тархаш екъа а екъна,
кӀоргачу хӀорда санна шортта хи царна лора.
16 fТархах Ӏовраш Цо охьайолаялийтира,
татолаш санна, хиш а дӀасадаьржира.

17Амма уьш Цунна дуьхьал къинош леточуьра ца совцура,
яьссачу аренгахь Веза Воккхачунна дуьхьал а гӀуьттуш.
18 gШайна Иза вевззашехь, Дела зуьйш бара уьш,
шайна безаш болу кхача а боьхуш.
19Далла дуьхьал къамелаш а деш, цара бохура:
«Яьссачу аренгахь кхача кечлур буй те Деле?
20Цо тархах тоьхча, хи охьадоладелира,
Ӏовраш санна, шортта хи охьадеара.
Амма тхуна кхача балалур буй те Цуьнга?
Шен къомана жижиг далалур дуй те Цуьнга?»

21Везачу Элана иза дӀахезча,
оьгӀазаллин цӀе латийра Цо Якъубана дуьхьал,
дераллин цӀе Исраилан халкъана тӀехьажийра Цо,
22Делах долу тешар церан ца хиларна а,
Цуьнан кӀелхьардахарх уьш тешна ца хиларна а.
23ТӀаккха, мархашна омра а дина,
Цо стигалан неӀарш дӀайиллира,
24 hЦо кхачанан буьртигаш царна тӀе диссийтира,
догӀа санна, стигалара кӀа царна дӀаделира.
25Маликийн бепиг дууш дара адамаш,
Цо иза царна уьш буззалц делира.
26Стигалахь Цо малхбалехьара мох карзахбаьккхира,
иштта къилбехьара мох а Шен ницкъаца карзахбаьккхира.
27Цо, чан санна, жижиган догӀа даийтира царна тӀе,
хӀорда йистера гӀум санна, дукха олхазарш а гӀовттийра.
28Церан четаршна гонах охьа а оьгуьйтуш,
Цо олхазарш церан меттаматтана тӀе дахкийтира.
29Цара шаьш дуззалц биира и кхача,
хӀунда аьлча лиънарг дара Цо царна делларг.
30Амма шаьш лиънарг уьш дӀайиъна а бовлале,
и кхача церан багахь болчу хенахь,
31царна Дела оьгӀазвахара,
Цо церан тоьлла берш а байира,
исраилхойн кегийрхой а хӀаллакбира.

32И дерриг а хилла доллушехь, цара кхидӀа а къинош летадора,
уьш Цуьнан тамашийна гӀуллакхех а ца тийшира.
33Церан дахаран чаккхе Цо эрна хилийтира,
церан оьмаран шераш Цо кхерамехь чекхдехира.
34Цо царах цхьаберш мосазза хӀаллакбо,
царах болчу кхечара Иза лоьхура.
Уьш Далла тӀе а боьрзура,
даггара Цуьнга а хьоьжура.
35Царна дагадеара, Дела – шайн тарх хилар а,
Веза Воккха Дела шаьш ПаргӀатдохург хилар а.
36Шайн баганашца уьш Цунна хьесталора,
шайн харцматтаца Цунна хьалха бакъ доцург дуьйцура цара.
37 iЦеран дегнаш Цунна тӀедирзина дацара,
Цо бинчу бартана уьш тешаме бацара.

38Амма Къинхетаме волчу Цо,
церан къиношна геч а дора,
уьш хӀаллак а ца бора.
Дукхазза а Шен оьгӀазвахар царна тӀера дӀа а доккхура Цо,
Шен дераллина некъ а ца лора.
39Цунна дагахь лаьттара, уьш адамаш хилар,
юха ца доьрзуш долу садеӀар бен цахилар.

40Яьссачу аренгахь хийлазза Иза оьгӀазъоьхуьйтура цара,
акхачу аренгахь хийла дог дохадора цара Цуьнан!
41Цара юх-юха а Дела зуьйра,
Исраилан Везаниг оьгӀаз а вохуьйтуш.
42Царна Цуьнан ницкъ болуш хилар дага ца догӀура,
Цо шаьш мостагӀех кӀелхьардахаран де а дицделлера царна.
43Царна дицделлера Мисар-махкахь Цо шайна Ӏаламаташ дар,
иштта ЦоӀан-кӀоштахь царна тамашийна гӀуллакхаш гайтар.
44 jМисархойн хиш Цо цӀийх хьаладуьзира,
цаьрга хи ца малийтархьама.
45 kЦарна тӀе жӀаьлийн мозий хийцира Цо, уьш дӀакхаллийтархьама,
иштта пхьидарчий а тӀехийцира, уьш хӀаллакбайтархьама.
46 lЦеран ялта цо цаьпцалгашна дӀаделира,
иштта церан кхаш цӀазана дӀаделира.
47 mЦеран кемсашна тӀе къора туьйхира Цо,
церан инжиран дитташ а шаца хӀаллакдира.
48Церан дохнна Цо къора туьйхира,
церан бажа стелахаьштигна дӀабелира.
49Шен оьгӀазаллин цӀе хьажийра Цо царна тӀе,
хӀаллакдаран геланчийн жӀуга санна,
дералла а, эргӀаддалар а, халонаш а йоуьйтуш.
50Цо Шен оьгӀазаллина некъ баьккхира,
цхьа а стаг Ӏожаллех кӀелхьар а ца ваьккхира,
церан дахар Ӏожаллин уьнна дӀаделира.
51 nМисар-махкахь Цо массо а хьалха вина доьзалхо валийтира,
церан ницкъо дуьххьара кхуьуьйтург Хьамин четаршна чохь хӀаллакбира.

52 oШен халкъ Цо, жа санна, арадаьккхира,
Цо уьш, уьстагӀий санна, яьссачу аренгахула дуьгура.
53 pЦо уьш маьршабахарна, уьш къар ца белира,
ткъа церан мостагӀий хӀордо къайлабехира.
54 qХалкъ схьадалийра Цо Шен дезачу лаьтта тӀе,
аьтту куьйгаца Ша баьккхинчу лаьмнийн махка тӀе.
55 rХийра халкъаш царна хьалхара дӀалаьхкира Цо,
церан латта Шен халкъана дӀа а кхочуьйтуш.
Исраилан халкъ шайн хӀусамаш чохь даха хаийра Цо.

56 sАмма уьш Дела зуьйш дӀабуьйлабелира,
Везачу Воккхачунна дуьхьалгӀевттира,
Цуьнан бакъонаш лар а ца йора цара.
57Шайн дай санна, уьш а Делах дӀабирзира,
иштта тешаме боцуш а лелара.
Уьш харц секхаӀад санна хилира.
58Шайн сагӀа доккхучу гунашца Иза оьгӀазъоьхуьйтура,
шайн цӀушца Цуьнан эмгаралла меттахйохура.
59Уьш Шена дӀахезча, Дела оьгӀазвоьдура,
Цо Исраилан халкъ кхоччуш дӀатоттура.
60 tЦо йитира Шилунера Шен хӀусам,
Ша адамашна юкъахь Ӏийна долу четар.
61 uШеца бинчу бертан тӀорказ Цо йийсаре дӀаделира,
Шен сийлаллин билгало мостагӀийн кара дӀаелира.
62Цо туьран кара дӀаделира шен къам,
Шен долахь болчарна Иза оьгӀазвахара.
63ЦӀеро церан къона божарий дӀакхоллура,
зудаберашна маре дигаран эшарш а ца лоькхура.
64Церан динан дай туьро хӀаллакбора,
ткъа бисина болу зударий уьш бахьана долуш белха а ца боьлхура.

65Амма Хьалдолу Эла меттавеара, набарх ваьлча санна,
Иза меттавеара, маларо карзахваьккхина турпалхо санна.
66Цо Шен мостагӀий юхаберзийтира,
царна тӀе даима эхь а даийтира.
67Юсупан тӀаьхье дӀатеттира Цо,
Эпрайман тайпа а ца хаьржира.
68ЯхӀудан тайпа къобалдира Цо,
Шена безабелла болу Цийон-лам а хаьржира.
69Лекхачу стигалахь йолу Шен шахьар санна,
Цо Шен еза меттиг йира цигахь.
Латта санна, Цо иза массо а ханна чӀагӀйира.

70 vЦо Шен ялхо волу Дауд хаьржира,
иза дежийлашкара схьа а ваьккхира.
71Цо иза уьстагӀий Ӏалашдечуьра схьаваьккхира,
цуьнга, Ӏуьне санна, Шен Якъубан халкъ дажадайта,
Шен долахь долу Исраилан халкъ цуьнга Ӏалашдайта.
72Дауда уьш цӀеначу дагца Ӏалашбора,
Цо и къам говзачу куьйгашца дуьгура.
Copyright information for CheCAC2012