‏ Psalms 78

Исраилан халкъ кӀелхьардаккхарх лаьцна дина доӀа

1 a
Корта 78 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 79.
Асайпан назма. Ва Дела! Кхечу къаьмнаша дӀалаьцна Хьан долахь долу латта,
цара бехдина Хьан деза цӀа,
Ярушалаймах саьлнаш йина дӀахӀиттийна цара.
2Хьан леш болчеран декъий
стигаларчу олхазаршка даийта дӀаделла,
ткъа Хьуна тешаме болчеран догӀмаш
цара лаьттарчу акхарошна дӀаделла
3Цара, хи санна, цӀий Ӏанийна Ярушалаймана гонах,
уьш дӀабохка стаг а вацара.
4Уллора къаьмнаш тхох кхаьрда,
гонах мел верг тхох воьлуш а,
тхо сийсаздеш а ву.

5Веза Эла, мел дахлур ду те Хьан оьгӀазвахар,
Хьан эмгаралла, цӀе санна, йогуш мел лаьттар ю те?
6Хьо къобал ца вечу халкъашна тӀе
хьажаехьа Хьайн оьгӀазалла,
Хьуна Ӏамал ца ечу пачхьалкхашна тӀе
хьажаехьа Хьайн дералла.
7ХӀунда аьлча цара Якъубан халкъ дӀакхаьллина,
иза Ӏаш болу мохк а бохийна.

8Тхан дайн къинош бахьана долуш тхо жоьпе ма озадехьа,
Хьайн къинхетам сиха гайтахьа тхуна,
хӀунда аьлча тхан гӀора дӀадаьлла.
9ГӀо дехьа тхуна, тхан КӀелхьарваккхархо волу Дела,
Хьайн цӀеран сийлаллин дуьхьа.
КӀелхьардахахьа тхо, тхан къиношна геч а дехьа
Хьайн езачу цӀеран дуьхьа.
10Кхечу къаьмнех болчу наха хӀунда хоьтту:
«Мичахь ву церан Дела?»
Тхан бӀаьргашна хьалха кхечу къаьмнашна хаийтахьа,
Хьан ялхойн цӀий Ӏанорна Айхьа бекхам бийриг хилар.
11Йийсархойн узарш Хьуна дӀахезийла,
Хьайн нуьцкъалаллица кӀелхьарбахахьа
хӀаллакьхила леринарш.
12ВорхӀазза дӀадекхахьа тхан лулахошна
царна Хьалдолу Эла волу Хьо ларар дола хетар.
13Ткъа тхо, Хьан халкъ, Хьан дежийлашкара уьстагӀий,
массо а ханна Хьуна хастамаш беш хир ду,
оха тӀаьхьенера тӀаьхьене а Хьан сийлалла дӀакхайкхор ю.
Copyright information for CheCAC2012