‏ Psalms 83

Везачу Элан цӀийнан керташкахь хила лаар

1
Корта 83 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 84.
Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Гати-гӀалара схьаяьллачу эшаран мукъамехь ала еза. Кхорахьан тӀаьхьенан назма.
2Ва массо а ницкъийн Веза Эла!
Ма тайна ду-кх Хьо Ӏаш долу цӀенош!
3Сан са цига кхача лууш ду.
Везачу Элан цӀийнан керташкахь хила
сан са хьаьгна а ду.
Самукъа а даьлла, сан дог а, сан дегӀ а
дийна волчу Деле кхойкхуш ду.
4Хьозанна а шена даха меттиг карайо,
чӀегӀардигна а шен кӀорнеш чуяхка бен карабо
Хьан сагӀа доккхучу кхерчана уллохь,
массо а ницкъийн Веза Эла, сан Паччахь а, Дела а!
5Декъала бу Хьан цӀа чохь бехаш берш:
уьш гуттаренна а Хьо хестош бу.

6Декъала ву шен ницкъ Хьох боьзна верг а,
Хьан цӀийне болчу новкъахула ваха дагахь верг а.
7Белхаран аренгахула дӀабоьлхуш,
цигахь цара хьостанийн меттиг йо,
гуьйренан догӀано иза Ӏаьмнашца юзайо.
8Церан ницкъ тӀех совболу,
уьш Цийонна тӀехь Далла хьалха дӀахӀуьтту.

9Массо а ницкъийн Веза Дела, дӀахазахьа сан доӀа!
ДӀахазахьа ас бохург, Якъубан Дела.
10Тхо лардечу паччахье хьажахьа, Дела!
Декъалвехьа Айхьа къобалвинарг.

11Хьан кертахь даьккхина долу цхьа де
вукху меттехь даьккхина эзар дийнал а тоьлу,
Делан цӀийнан кевнехь латтар гӀоле ду
Ӏесачеран четарш чохь Ӏачул.
12Веза Дела вайна малх а, турс а ву.
Цо вайна диканиг до, вайн сий а до.
ЦӀеначу новкъахула лелаш волчунна
муьлхха а диканиг дарехь Ша саца ца во Цо.
13Ва массо а ницкъийн Веза Эла!
Декъала ву Хьох тешна Ӏаш верг!
Copyright information for CheCAC2012