Psalms 86
Ярушалайм хастор
1 ▼▼ Корта 86 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 87.
Кхорахьан тӀаьхьенан назма. 2Везачу Элан цӀийнан бух дезачу лаьмнашкахь бу.Якъубан тӀаьхьенан массо а Ӏаш йолчу меттигал а
Цийонан кевнаш Везачу Элана дукха деза.
3Ва Делан гӀала, хьох лаьцна
сийлахь хӀуманаш олуш ду:
4«Со вевзачу къаьмнашна юкъахь Ас хьахор ду
Мисаран ▼
▼Мисар – ма-дарра аьлча: «Рахьаб». Мисаран байташ тӀехь лелош йолу цӀе ю иза.
къам а, Бавелан къам а.ПӀелаштамхойх а, цорахойх а, хушахойх а лаьцна
эр ду, уьш Сан гӀалахь бина бу аьлла».
5Ткъа Цийонах лаьцна бохур ду:
«ХӀара а, важа а цигахь вина,
Веза Воккхачу Дала Ша иза чӀагӀйийр ю».
6Къаьмнаш тӀеяздинчу тептар тӀехь
Везачу Эло дӀаяздийр ду:
«ХӀара цигахь вина», – аьлла.
7Эшарш а лоькхуш, хелхарш дечара эр ду:
«Цийонера ду сан мел долу беркат».
Copyright information for
CheCAC2012