Psalms 87
ГӀо доьхуш бина тийжам
1 ▼▼ Корта 87 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 88.
Кхорахьан тӀаьхьенан назма. Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Ӏезарахьахо волчу ХӀайманан хьехаме йолу хӀара назма «Махьалат Лаунат» олучу мукъамехь лакха езаш ю. 2Веза Эла, сан кӀелхьарваларан Дела!Хьоьга кхойкху со дийнахь а,
Хьуна хьалха ву со буса а.
3Хьан юьхь-дуьхьал дӀакхочийла хӀара сан доӀа.
ЛадогӀахьа хӀокху сан орца даккхаре.
4ХӀунда аьлча сан дог баланех хьаладуьзна,
ткъа дахар эхартана уллохь ду.
5Со кошана уллохь болчу нахаца дӀанисвелла.
Со гӀора доцу стаг хилла дӀахӀоьттина.
6Со беллачу нахана юкъахь волуш санна ву,
со вийна Ӏуьллу стаг санна ву,
Хьуна дага а ца вогӀуш,
Ахь гӀо дечуьра дӀа а ваьлла.
7Ахь со эхартан саьнгар чу виллина,
бодане, бух боцучу Ӏин чу тесна.
8Язъелла суна тӀехь Хьан дералла,
Хьайн ерриге а тулгӀенашца хьаьшна Ахьа со.
9Ахь сан доттагӀашка а со витийтина,
царна хьалха маьттаза вина дӀахӀоттийна Ахьа со.
Со чохь Ӏаш ву, аравала йиш а яц сан.
10Сан бӀаьргаш дукха велхарна лозуш бу.
ХӀора дийнахь со Хьоьга кхойкхуш ву,
сан куьйгаш Хьоьга дӀакховддийначохь лаьтташ ду.
11Беллачарна лерина ду ткъа Хьан тамашийна гӀуллакхаш?
Я белларш, хьала а гӀевттина, Хьуна хастамаш беш хир бу?
12Хьан хедар боцучу безамах лаьцна коша чохь дуьйцуш хир ду ткъа?
Я Хьан тешаме хиларх лаьцна талхаран меттехь дуьйцуш хир ду ткъа?
13Ахь дина тамашийначу гӀуллакхех лаьцна боданечу меттехь хуур ду ткъа?
Бицбеллачеран дуьненахь Хьан нийсонах лаьцна хуур ду ткъа?
14Амма со, Веза Эла, Хьоьга кхойкхуш ву,
сахуьлучу хенахь ас сайн доӀа Хьуна хьаладоуьйту.
15Веза Эла, со хӀунда дӀатоьтту Ахь?
Сох хӀунда йоху Ахьа Хьайн юьхь къайла?
16Ас жимачу хенахь дуьйна гӀело а хьоьгу, Ӏожаллина уллохь а ву со.
Хьан къематаш а хьоьгуш, со дог доьхна ма ву.
17Хьан дералла суна тӀехула йоьдуш ю.
Хьан бохамаша со хӀаллаквеш ву.
18Дийнахь сарралц цара, тӀехдогӀучу хино санна, суна го бо,
цара со массо а маьӀӀера дӀа а хьулво.
19Ахьа суна уллора сан гергарнаш а, доттагӀий а дӀабаьхна.
Сан накъост санна болу бода бен, стаг а ца висна.
Copyright information for
CheCAC2012