Psalms 89
ДоьалгӀа тептар
(Забур 89–105)
Делах а, адамах а лаьцна
1 ▼▼ Корта 89 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 90.
Делан стеган Мусан доӀа. 2Хьалдолу Эла! ТӀаьхьенашкара тӀаьхьенашкатхо Ӏаш йолу меттиг ю Хьо.
3Лаьмнаш дуьнен чу довлале,
дуьненан латта Ахьа кхоллале,
азалера абаде кхаччалц
Хьо ву Дела.
4Стагах юха а чан а йой,
Ахь олу: «Юхадерза, адамаш!»
5 bХьуна эзар шо селханлера де санна ду,
буьйсанна ларйина хан санна ду.
6Ахь, дӀадаьлла гӀан санна, дӀахьо адамаш.
Уьш Ӏуьйранна хьалаяьлла буц санна ду.
Буц Ӏуьйранна, хаз а лой, сенло,
ткъа сарахь, маргӀал а юлий, якъало.
7Хьан оьгӀазалло хӀаллакдо тхо,
Хьан дераллах тхо кхоьру.
8Тхан къинош Хьайна хьалха дехкина Ахь,
оха къайлаха динарг Хьайн нуьре даьккхина Ахь.
9Хьан оьгӀазалла тӀехь а йолуш, чекхдевлла тхан денош.
Ӏаь санна, довш ду тхан шераш.
10Тхан шерийн денош кхузткъе итт шо ду,
мелла а ондачийн – дезткъа шо,
ткъа царах уггар а тоьлла хан къинхьегам а, гӀайгӀанаш а йолуш ю.
Шераш сиха дӀа а довлий, тхо дӀадоьлху.
11Хьанна хаьа, Хьан оьгӀазалла мел нуьцкъала ю,
Хьоьга кхоччуш болу ларам хиллал, Хьан дералла Хьанна евза?
12Тхайн дахаран денош лара Ӏамадехьа тхо,
тхан дегнашна хьекъал довзийтархьама.
13ТӀеверзахьа, Веза Эла! Кхин мел лаьттар ю те Хьан оьгӀазалла?
Къинхетам бехьа Хьайн лейх.
14ХӀора Ӏуьйранна Хьайн хедар боцучу безамах дузахьа тхо,
тӀаккха кху лаьтта тӀехь йоккхучу хенахь самукъадаьлла а, даккхийдеш а хир дара тхо.
15Айхьа тхуна таӀзар динчу денойл а,
тхуна халонаш гинчу шерел а дуьхьал
самукъадаларан хан лохьа тхуна.
16Хьан лешна Хьан дика болх гойла,
церан берашна Хьан сийлалла лепийла.
17Тхан Хьалдолчу Делан дика болх хуьлда тхуна.
ГӀуллакхаш тӀехь тхан аьтто белахь,
тхан гӀуллакхаш а аьтто болуш хилийталахь.
Copyright information for
CheCAC2012