‏ Psalms 9

Делан нийсо

1
Назма 9 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 9:22-39 – 10:1-18.
Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: «КӀант валар» олучу эшаран мукъамехь лакха еза. Дауда язйина назма ю иза.
2Веза Эла, сайн дерриг а даггара ас Хьуна хастамаш бийр бу,
Хьан массо а тамашийна гӀуллакхаш аса дӀакхайкхор ду.
3Ахьа мел дийриг бахьана долуш, хазахеташ а, воккхавеш а со хир ву.
Веза Воккха Дела, Хьан цӀарна лерина иллеш ас эр ду.

4Сан мостагӀий дӀабоьрзучу хенахь,
Хьуна хьалха охьа а оьгий, хӀаллакьхуьлу.
5Сан гӀуллакхна тӀехь Ахь нийсонца кхел яйтира.
Бакъволу Кхелахо волу Хьо Хьайн Ӏарша тӀе охьахиира.

6Кхидолу къаьмнаш Ахьа бехкедира,
Ӏесанаш Ахьа хӀаллакбира,
абаденналц церан цӀераш а дӀаяйира.
7МостагӀий Ахьа кхаьллина дӀабехи.
Церан гӀаланаш а Ахь хӀаллакйина дӀаехи,
царах болу дагалацам а цаьрца цхьаьна дӀабели.

8Ткъа Везачу Эло массо а хенахь олалла дийр ду.
Цо Шен Ӏарш кхел ярна кечйина ю.
9Цо дуьненна нийсонца кхел йо,
халкъашна тӀехь а Цо бакъонца иза йо.

10ГӀело йиначарна Веза Эла гӀап санна а ву,
баланаш тӀехӀиттинчу заманахь тӀетовжа меттиг а ю.
11Хьан цӀе шайна евзинарш Хьуна тӀетевжа,
хӀунда аьлча, Веза Эла, Хьо лоьхурш Ахьа дӀатесна ца буьту.

12Цийон-лома тӀера олалла дечу Везачу Элана ала аша иллеш.
Къаьмнашна юкъахь дӀакхайкхаде аша Цуьнан гӀуллакхаш.
13ЧӀир йоькхуш волчу Цо
гӀело хьоьгучеран узарш диц ца до.
Цо уьш дагахь а латтабо.

14Веза Эла, Ахьа сох къинхетам бехьа,
со цавезачаьргахьара аса хьоьгучу баланашка хьажахьа.
Ӏожаллин кевнера со хьалаваккхахьа,
15Цийонан йоӀан кевнехь соьга Хьайна хастамаш байтархьама.
Воккхавеш хир ву со, Ахьа кӀелхьарваккхарна.

16Шаьш даьккхинчу ор чу эгна халкъаш,
кӀело еш, шаьш тийсинчу бойнех тасабелла церан когаш.
17Веза Эла Цо йинчу кхелехула вевзинера.
Ӏесанаш шайн куьйга динчу гӀуллакхаша дӀалаьцна.

18Эхарте кхочу Ӏесанаш а,
Дела вицвеш долу дерриг къаьмнаш а.
19Гуттаренна а хир дац мисканиг вицвар,
массо а ханна дӀадаьлла дац къечун сатийсар.

20ГӀаттахьа, Веза Эла! Адаме толам ма баккхийтахьа,
Хьайна хьалха халкъашна кхел яйтахьа.
21Веза Эла, Хьайгара кхерам тасахьа царна,
шаьш адамаш бен доцийла хаийтахьа къаьмнашна.

Нийсонах лаьцна доӀа

22Веза Эла, суна иштта генахь хӀунда ву Хьо?
Со баланехь волуш къайла хӀунда волу Хьо?
23Дегнаш курадовларна къечарна тӀаьхьабовлу Ӏесанаш.
Шайна дагадаьхкинчу хӀилланаша дӀалоцийла уьш.

24Шен синан лаамех дозалла до Ӏесачо.
Шена харц пайда лоьхучо
Веза Эла дӀа а тосу,
Цунна сардам а буллу.
25Дозаллаш дарца Ӏесачунна моьтту,
ша цхьаммо а жоьпе озор вац,
Цуьнан цхьана а ойланехь Дела вац.

26Муьлххачу хенахь а цо дечу некъаша цуьнан аьтто боккху.
Хьан кхел а цунна ма генахь ю.
Иза шен массо а мостагӀашка цавашарца хьоьжу.
27Шен дагахь цо олу: «Со вухур вац.
Цкъа а суна зуламе дерг тӀедогӀур дац».
28 bЦуьнан бага сардамех а, мекарлонех а, гӀело ярх а юьзна ю.
Цуьнан меттан буьххьехь зуламениг а, вониг а ду.

29Ярташна уллохь кӀело йо цо,
къайлаха йолчу меттигашкахь бехке воцург воь цо,
къайлаха декъазачуьнга бӀаьргаш хьежабо цо.
30Коьллашкахь кӀело йина Ӏуьллучу лоьмо санна,
къечунна къайлаха кӀело йо цо.
Шен бой а тосий, къениг дӀалоцу цо.
31Сатта а сеттий, таба а тебий,
шен ондачу мӀарашца декъазанаш дӀалоцу цо.
32Шен дагахь цо олу: «Далла дицделла ас динарг.
Шен юьхь дӀа а ерзийна, ца го Цунна ас лелориг».

33Сан Веза Дела, гӀаттахьа, Хьайн куьг хьалаайахьа,
Ӏазапехь берш а Ахь биц ма бехьа.
34Ӏесачунна Дела дегаза хӀунда хета те, шен дагахь:
«Ахьа-м жоьпе озор вацара со», – олуш?

35ХӀетте а Хьуна дерриг а го,
зуламан а, халахетаран а тидам бо,
Ӏазап хьоьгуш берш а Ахьа Хьайн каралоцу.
Къечо а ша Хьан кара дӀало.
Байлахь висинчунна а Хьо гӀоьнча ву

36Ӏесачун а, зуламечун а ницкъ бохабехьа,
церан Ӏесаллех уьш жоьпе озабехьа,
церан Ӏесаллех хӀумма а ца диссалц.

37Веза Эла абаденналц а, гуттаренна а Паччахь ву!
Кхин къаьмнаш Цуьнан лаьтта тӀера дӀадовр ду.

38Веза Эла! Хьуна дӀахеза
Хьайна хьалха шаьш кӀезиг хетачийн лаамаш.
Церан дегнаш Ахь чӀагӀ а до, Хьайн лерг царна дӀа а делла.
39Байлахь висинчунна а, Ӏазап хьоьгучунна а Ахь нийса кхел йо,
лаьттарчу адаме кхин цкъа а кхерамаш ца тийсийтархьама.
Copyright information for CheCAC2012