Psalms 91
Хасторан йиш
1 ▼▼ Корта 91 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 92.
Далла леринчу шоьтан дийнахь локху назма. 2Ма дика ду-кх, Веза Эла, Хьуна хастамаш бар,Хьуна лерина эшарш лакхар, Веза Воккханиг,
3Ӏуьйранна Хьан къинхетамах лаьцна дийца,
ткъа буьйсанна – Хьан билггал бакъдолчух лаьцна дийца,
4итт мерз болчу дечиг-пондар тӀехь а,
хаза аз долчу дечиг-пондар тӀехь а.
5Хьан гӀуллакхаша, Веза Эла, соьга сакъоьруьйту,
Хьан куьйго динчунна со хастамийн йиш локхуш ву.
6Даккхий ду Хьан гӀуллакхаш, Веза Эла,
кӀорга ю Хьан ойланаш!
7Хьекъал доцучун кхета ницкъ бац,
сонтачун кхетам а ца кхочу,
8Ӏесанаш, буц санна, гучубийлахь а,
харцонаш лелочеран аьтто балахь а,
уьш гуттаренна а дӀабаьхна хиларх.
9Ткъа Хьо, Веза Эла,
абаденналц массарна а тӀехь
олалла дийриг ма ву!
10Хьан мостагӀий, Веза Эла, хӀаллакьхир ма бу,
вонаш лелораш дӀасалаьхкина хир ма бу.
11Ткъа со Ахьа, бугӀа санна, ницкъ болуш вина,
суна керла зайтдаьтта а хьаькхна.
12Сайн мостагӀашна тӀехь толам баккхар гина сан бӀаьргашна.
Сан лергашна хезна суна дуьхьалбевллачара хьекхна маьхьарий.
13Делан лаамехь берш, хурма-дитт санна, заза даьккхина хуьлу,
Ливанун-махкара баган-дитт санна, уьш хьала а кхуьу.
14Везачу Элан цӀенна уллохь доьгӀна дитт санна,
вайн Делан керташкахь заза доккху цара.
15Уьш хан яьллачу хенахь а стом бахьаш хуьлу,
ховха а, сийна гӀа долуш а хуьлу.
16Иштта дӀагойтуш ду Веза Эла бакъ хилар а,
сан тарх волчу Цуьнца харцдерг цахилар а.
Copyright information for
CheCAC2012