Psalms 93
Веза Эла массо а нехан кхелахо хилар
1 ▼▼ Корта 93 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 94.
Веза Эла, Хьо – бекхам беш волу Эла ву,лепаш дӀахӀоттахьа, бекхам беш волу Дела!
2ГӀаттахьа, дуьненан Кхелахо,
курачарна бекхам бехьа.
3Мел дахлур ду те Ӏесачеран сакъерадалар?
Мел дахлур ду те уьш баккхийбер?
4Цара шайн кура хабарш дуьйцу.
Массо а зуламхой дозаллех буьзна бу.
5Хьан халкъана, Веза Эла, гӀело йо цара,
Хьан долахь берш цара бацабо.
6Цара бисина Ӏаш болу зударий боха а бо,
тӀебаьхкина нах а, бай а хӀаллак а до.
7Цара боху: «Везачу Элана хӀара ца го,
Якъубан Дала хӀокхуьнан тидам ца бо».
8Хьекъале дуьйлийша, нахана юкъара кхетам боцурш!
Маца кхетар ду теша шу, хьекъал доцурш?
9Шуна лергаш Деллачунна дӀахезар дац ткъа?
Шуна бӀаьргаш Деллачунна дӀагур дац ткъа?
10Халкъашна таӀзар Дечо шу нисдийр дац ткъа?
Адамаш Ӏамош Волчун хьекъал ца кхочу ткъа?
11 bВезачу Элана адаман ойланаш евза,
Цунна хууш ду и ойланаш эрна юйла.
12Декъала ву, Веза Эла, Ахьа хьехар деш верг,
Хьан товрат-хьехамаш Хьоьгара Ӏамош верг.
13Бохаман деношкахь Ахьа цунна синтем ло,
Ӏесачарна каш аьхкина даллалц.
14Везачу Эло Шен халкъ дӀатоттур дац,
Цо Шен долахь берш цкъа а буьтур бац.
15Кхел ечу меттигашка нийсо юхайоьрзур ю,
ткъа догцӀена мел берш цунна тӀаьхьахӀуьттур бу.
16Мила ваьлла сан дуьхьа зуламечу нахана дуьхьал?
Мила хилла соьца харцонаш лелош болчарна дуьхьал?
17Везачу Эло суна гӀо ца динехь,
кестта сан са эхартан тийналлехь хир дара.
18«Сан ког шерша», – аьлла, суна хетачу хенахь,
Хьан безамах, Веза Эла, суна гӀортор хилира.
19Кийрахь со гӀайгӀане волчу хенахь,
Ахьа бинчу синхьаамо сан дог синтеме далийра.
20Хьоьца цхьаьнакхетар ма бац телхина кхелахой,
нахана бохам баккха Ӏедал дерзораш.
21Уьш цхьаьна а кхетий, нийса лелачарна дуьхьалбовлу,
цара бехк боцучунна вайаран кхел кхайкхайо.
22Амма Веза Эла сан гӀап хилла дӀахӀоьттина,
сан Дела суна къайлаваккхаран тарх хилла.
23Цара лелийначу зуламех Цо бекхам бийр бу,
цара динчу вонна Цо уьш хӀаллак а бийр бу.
Вайн Везачу Дала уьш хӀаллакбийр ма бу!
Copyright information for
CheCAC2012