Psalms 96
Веза Эла уггар лекха паччахь хилар
1 ▼▼ Корта 96 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 97.
Веза Эла паччахьалла деш ву: дуьне доккхадеш хуьлийла!ХӀордан йистехь мел дехаш долу къаьмнаш а сакъералуш хуьлийла!
2Цунна гонах мархаш а, Ӏаьржа бода а бу.
Нийсо а, бакъдерг а Цуьнан Ӏаршан бух бу.
3Цунна хьалха цӀе йоьдуш а ю,
ткъа Цунна гонах мел болу мостагӀий
оцу цӀаро дӀакхоллуш а бу.
4Цуьнан стелахаьштиго дерриг а дуьне серладоккху.
Хьежа а хьоьжуш, латта дегош ду.
5Лаьмнаш, балоз санна, дешаш ду Везачу Элана хьалха,
дерриге а дуьненан Хьалдолчу Элана хьалха.
6Стигалша Цуьнан нийсо дӀакхайкхайо,
массо а халкъашна Цуьнан сийлалла го.
7ЮьхьӀаьржачу хӀуьтту цӀушна Ӏибадат деш берш,
эхьах бузуьйту харцделанех дозалла деш берш.
Цунна хьалха суждане боьлху массо а деланаш.
8Цийон, иза хаза а хезна, йоккхаеш ю,
ЯхӀуд-мехкан ярташ сакъералуш ю,
Веза Эла, Ахь нийса кхелаш йина дела.
9Хьо, Веза Эла, дерриг а дуьнен тӀехь уггар лекханиг а ву,
массо а деланел а кхоччуш лекха а ву.
10Веза Эла везаш дерш, ма дезийша вониг!
Цо Шен долахь болчеран синош лар а до,
Цо уьш Ӏесачеран карара схьа а боху.
11Цуьнан лаамехь болчарна тӀехь Делан нур лепа,
догцӀена болчарна тӀе доккхадер дуссу.
12Сакъералуш хила, Делан лаамехь дерш,
Везачу Эло шун дуьхьа мел динчунна!
Цуьнан возалла дага а лоцуш,
хила Цунна хастамаш беш!
Copyright information for
CheCAC2012