a Арадаккхар 3:14; Довзийтинарг 4:8.
cЕшаӀ-ЯхӀу 55:4; Забур 88:28.
dАрадаккхар 19:6; Довзийтинарг 5:10.
e Даниал 7:13; Маттай 24:30; Марк 13:26; Лака 21:27; 1 Тассалникахошка 4:17; Закри-ЯхӀу 12:10; Яхьъя 19:34, 37.
f Довзийтинарг 22:13; Арадаккхар 3:14.
Revelation of John 1
1Шен ялхошна кестта хила дезарг довзийтархьама, Ша леррина къобалвинчу Ӏийсагахула гучуяьккхира Дала и къайле. Цо иза Шен ялхо волчу Яхьъяга дӀахаийтира, цунна тӀе Шен малик а дахийтина. 2Яхьъяс ма-дарра дийцира Делан дашах а, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсас динчу тоьшаллех а лаьцна шена мел гинарг. 3Декъала ву хӀара Делера бинчу хааман дешнаш доьшург. Декъала бу, цу хааме ла а дугӀуш, хааман тептар тӀехь яздинарг лардийраш, и дерриге а кестта хир долу дела.Ӏийсах тешначу динан ворхӀ тобане дахьийтина маршаллаш
4 aВекал волчу Яхьъяс Асиа-махкарчу динан ворхӀ тобане яздо: Делан дика а, синпаргӀато а хуьлийла шуна даим волуш волчу а, хилла волчу а, вогӀун волчу Делера а, иштта Цуьнан Ӏаршана ▼▼Ӏарш – Делан стигалахь йолу олаллин меттиг.
хьалха лаьтташ долчу ворхӀ синера а, 5 cбилггала бакъволу теш волчу а, дуьххьара беллачарна юкъара денвелла волчу а, лаьттарчу паччахьийн Олахо волчу а Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагара а. Вай дукха а дезаш, вайн къинойх Шен цӀийца вай кӀелхьара а даьхна, 6 dЦо вайх динан дайн пачхьалкх йина, Шен Да волчу Далла хьалха вайга гӀуллакх дайтархьама. Сийлалла а, нуьцкъалалла а хуьлийла Цуьнан ерриг а тӀейогӀучу заманна. Амин. 7 eХьажал, Иза мархашца охьавуссур ву,тӀаккха массарна гур а ву Иза,
ур-атталла Цунах гоьмукъ чекхбаьккхинчарна а тӀехь.
Лаьттарчу дерриге а тукхамаша белхар дийр ду Цунах.
Иза иштта билггал хир а ма ду! Амин! 8 f«Со ву массо а хӀума Долийнарг а, чекхдоккху Верг а, – боху Везачу Дала. – Со ву волуш волу а, хилла волу а, вогӀун волу а Нуьцкъалниг».
Дала леррина Къобалвинчо Ша Яхьъяна гучувоккху
9Шу а, шун ваша Яхьъя волу со а цхьатерра Ӏийсах тешарна, шуьца цхьаьна Цуьнан олаллехь болчара хьоьгучу баланашкахь дакъа лаца доьналла долуш ву со. Иштта, Делан дош дӀасадаржорна а, Ӏийсах тоьшалла дарна а, таӀзар а деш, Патмас цӀе йолчу гӀайренна тӀе вахийтинера со. 10Везачу Элана леринчу дийнахь Делан Са суна тӀе доьссира, тӀаккха сайна тӀехьа чӀогӀа аз хезира суна, турби чуьра схьадолуш санна. 11Цо бохура: «Хьайна гушдерг тептар тӀе дӀа а яздай, динан ворхӀе а тобанийн гуламашка дӀадахьийта. И тобанаш ю хӀокху гӀаланашкахь: Эпасехь, Симранехь, Паргамехь, Тхьайтирехь, Сардисехь, Палидалпехь, Лаудикехь». 12И суна хезнарг хьенан аз ду те аьлла, со юхахьаьжира. Со юхахьаьжча, суна гира деших бина ворхӀ стогар. 13 gТкъа оцу ворхӀ стогарна юкъахь лаьтташ «адамийн кӀантах тера цхьаъ» вара. Цунна тӀехь еха бедар яра, ткъа цуьнан некхана гонах хьарчийна деших дина доьхка дара. 14 h iЦуьнан коьрта тӀера месаш, тӀаргӀа а, ло а санна, кӀайн яра. Цуьнан БӀаьргаш а дара йогу алу санна. 15 jЦуьнан когаш пешахь лалийначу, къегачу цӀастанах тера бара. Чухчарин ▼▼Чухчари – лакхара охьадогӀу дуккха а долу хи.
гӀовгӀа санна дара Цуьнан аз. 16Цуьнан аьтту куьйгахь ворхӀ седа бара. Цуьнан багара схьадолура шинна а агӀор ира долу тур. Цуьнан юьхь а, шен нуьцкъалаллин нуьрехь болу малх санна, лепаш яра. 17 lСайна и гича, велча санна, Цуьнан когашка вуьйжира со. Ткъа Цо, суна тӀе аьтту куьг а диллина, соьга элира: «Ма кхера. Со ву Хьалхарниг а, ТӀаьххьарниг а. 18Со ву дийна Верг. Со велла вара, амма хӀинца Со ерриг а тӀейогӀучу заманна дийна ву. Сан карахь ду Ӏожаллин а, эхартан а догӀанаш. 19Иштта, дӀаязде хьайна гиначух а, долуш долчух а, хиндолчух а лаьцна. 20Сан аьтту куьйгахь хьуна гиначу ворхӀ седанан а, ворхӀ дашо стогаран а къайле иштта ю: ворхӀ седа – уьш Ӏийсах тешначийн динан ворхӀ тобанан маликаш ду бохург ду. Ткъа хьуна гина болу ворхӀ стогар – уьш ворхӀе а динан тобанийн гулам бу».
Copyright information for
CheCAC2012