Revelation of John 10
Тептар карахь долу малик
1ТӀаккха суна кхин а цхьа нуьцкъала малик гира, стигалара охьадуссуш долу. Иза шена тӀе марха юьйхина долуш санна дара, цуьнан коьрта тӀехула стелаӀад а дара. Юьхь, малх санна, яра. Когаш, цӀерах богу бӀогӀамаш санна, бара. 2Ткъа цуьнан карахь дӀаделладелла долу хьарчийна жима тептар дара. Цу малико шен аьтту ког хӀорда тӀе биллира, аьрру ког лаьтта тӀе биллира. 3Цо, лоьмо санна, чӀогӀа мохь туьйхира. Цо кхайкхинчул тӀаьхьа, ворхӀе а ткъес туьйхира, церан гӀовгӀанаша къамел а деш. 4Цу ворхӀе а озо къамел дича, со дӀаяздан волавелира, амма цу хенахь суна стигалара аз хезира. Цо соьга бохура: «Оцу ворхӀе а ткъесо дийцинарг къайла а даккха, иза дӀа а ма язде». 5 aСуна хӀордана тӀехь а, лаьтта тӀехь а лаьтташ гина долчу малико, шен аьтту куьг стигала хьала а кховдийна, 6стигал а, латта а, хӀорд а, царна чохь мел долу хӀума а кхоьллина волчу, ерриг а тӀейогӀучу заманна волуш Волчун цӀарах чӀагӀо йира: «Дала кхин лур яц шуна хан. 7ВорхӀалгӀачу малико турба локхучу хенахь Делан къайлаха йолу Ӏалашо чекхъер ю, Цо Шен ялхой болчу пайхамаршка хаам бина ма-хиллара», – аьлла. 8 bСтигалара суна хезначу цу озо, юха а соьца къамел а деш, элира: «Ваха а гӀой, и делладелла долу хьарчийна тептар хӀорда тӀехь а, лаьтта тӀехь а лаьтташ долчу маликан карара схьаэца». 9Аса, оцу маликана тӀе а вахана, цуьнга дийхира: «Лохьа соьга и тептар», – аьлла. Малико соьга элира: «ДӀа а эций, и тептар даа. Хьан кийрахь иза къаьхьа хир ду, амма хьан багахь, моз санна, мерза хир ду и». 10Маликан карара тептар схьа а эцна, аса и диира. Моз санна, мерза дара иза сан багахь. Ткъа аса и тептар диъча, сан кийра къахьбелира. 11Соьга элира: «Ахьа юха а Делера болу хаам бан безар бу дуккха а долчу халкъех а, къаьмнех а, меттанех а, паччахьех а лаьцна».
Copyright information for
CheCAC2012