‏ Revelation of John 11

Ши теш

1 aЙохалла юстархьама Ӏасанах тера болу эрз белира сан кара. ТӀаккха соьга элира: «Хьала а гӀаттий, Делан цӀа а дуста, сагӀа доккху кхерч а буста, цу цӀа чуьра Далла Ӏамал ян догӀу адамаш а дагарде. 2 bТкъа Делан цӀенна арахула йолу керт царна юкъа ма ялае, иза юста а ма юста, хӀунда аьлча и кхечу къаьмнашна дӀаелла ю. Цара шовзткъе шина баттахь и еза гӀала хьоьшур ю. 3Аса Сайн шина тешана олалла лур ду Сайгара болу хаамаш бан. Вон тӀедеача тӀеюхуш йолу бедарш тӀе а юьйхина, цхьа эзар ши бӀе кхузткъа дийнахь Соьгара болу хаамаш дӀакхайкхор бу цара».

4 cДерриг а Лаьтта тӀехь олалла Дечунна хьалха лаьтташ долу ши зайт-дитт а, ши къуьда а бу и ши теш. 5Нагахь цу шина тешана цхьанна зулам дан лаахь, церан багара араяьллачу цӀаро мостагӀий дӀакхоллур бу. Муьлхха а цу шинна зулам дан лиънарг цу тайпана хӀаллакван везаш ву. 6 dЦу шиннан карахь ду, Делера болу хаам шаьш дӀакхайкхочу деношкахь лаьтта тӀе догӀа ца даийтархьама, стигал дӀакъовлар. Иштта цу шиннан долахь ду хиш – церан олаллехь ду царах цӀий дар. Церан бакъо ю, шайна мосазза лии, муьлхха а тайпана долу ун Лаьттахь дӀасадаржо.

7 eУьш шайн тоьшалла дина чекхбевлча, бух боцучу Ӏин чуьра хьаладолуш долу экха тасалур ду царах. Цу экхано, толам а баьккхина, и шиъ вуьйр ву. 8 fЦеран декъий сийлахьчу гӀалин коьртачу урамехь дуьтур ду. Кица далош аьлча, цу гӀаланах кхин тайпана Седам а, Мисар а олу. Цигахь церан Веза Эла жӀарах дӀатоьхна хилла. 9ТӀаккха кхаа дийнаххьий, эха дийнаххьий массо а халкъашна а, тайпанашна а, меттанашна а, къаьмнашна а юкъара дукхах долчу адамашна и декъий гур ду. И ши дакъа къубба чу дуьллуьйтур дац. 10Лаьттахь дехаш долу адамаш, цу хиллачух даккхий а деш, самукъадаьлла хир ду. Наха вовшашка совгӀаташ а кхийдор ду, оцу шина пайхамаро лаьттахь дехаш долу адамаш дукха хьийзина хилла дела. 11 gТкъа кхо дей, ах дей дӀадаьлча, цу шинна чу Делера йолу дахаран Ӏаь юьйлира. ТӀаккха и шиъ шайн когаш тӀе хьалахӀоьттира. Ткъа цаьрга хьоьжуш берш чӀогӀа кхерабелира. 12 hШина пайхамарна стигалара чӀогӀа аз хезира. Цо бохура: «Хьаладовла кхуза!» ТӀаккха и шиъ мархица стигала хьалавелира. Ткъа церан мостагӀий цаьрга хьоьжуш бара. 13 iЦу сохьта чӀогӀа мохк бегийра. ГӀалин уьтталгӀа дакъа доьхна дӀадахара. Мохк бегочу хенахь ворхӀ эзар адам делира. Ткъа бисинчара, чӀогӀа кхера а белла, стигаларчу Далла хастамаш бира.

14ТӀебеана болу шолгӀа бала а дӀабелира, амма кестта тӀебогӀуш кхоалгӀа бала а бу.

ВорхӀалгӀа турба

15 jВорхӀалгӀачу малико а Шен карара турба лекхира. ТӀаккха стигалахь чӀогӀа аьзнаш девлира. Цара бохура: «Дерриг а дуьнен тӀера пачхьалкх хӀинца дуьйна вайн Везачу Элан а, Цо леррина Къобалвинчун а карахь ю. Цо ерриг а тӀейогӀучу заманна паччахьалла дийр ду». 16Далла хьалха долчу паччахьан гӀанташна тӀе хиъна Ӏаш волчу ткъе веа къаночо, шайн кортош лаьтта кхаччалц охьа а таӀийна, Далла Ӏибадат дора. 17Цара бохура: «Ва массо а ницкъийн Веза Дела,
Хьуна бу хастам, волуш волу а,
хилла волу а Веза Эла,
Ахьа, Хьайн доккха олалла тӀе а лаьцна,
паччахьалла дан доладарна.
18 kКъаьмнаш дарделла дӀахӀиттира,
амма хӀинца Хьан оьгӀазло а тӀееана,
Ахь беллачарна тӀехь кхел ен хан а тӀекхаьчна.
Ахьа Хьайн ялхой болчу пайхамаршна а,
Хьан долахь болчарна а, Хьо лоруш болчарна а,
лараме боцучарна а, цӀеяхана болчарна а
хьакъ дерг дӀало хан а тӀееана.
Латта хӀаллакдеш берш хӀаллакбо хан а тӀееана!»

19 lСтигалшкара Делан цӀа дӀаделладелира. Цу чохь Цуьнца бинчу бертан деза тӀорказ дара гуш. ТӀаккха ткъес а туьйхира, аьзнаш а девлира, стигал а къийкъира, мохк а бегийра, йоккха къора а туьйхира.
Copyright information for CheCAC2012