‏ Revelation of John 12

Зуда а, саьрмик а

1Стигалахь цхьа йоккха билгало дӀахӀоьттира. Цигахь малхах дина духар тӀехь долу зуда яра. Цуьнан когаш кӀел бутт бара. Ткъа коьрта тӀехь шийтта седа болу таж дара. 2И зуда берах яра. Бер дан хьийзочу лазаршна, цо мохь хьоькхура.

3 aКхин а цхьана билгалонан сурт а хӀоьттира стигалахь. Боккха цӀен саьрмик гучубелира. Цуьнан ворхӀ корта а бара, итт маӀа а яра, хӀора коьрта тӀехь таж а дара. 4 bСтигалахь долчу седарчийн кхоалгӀа дакъа, шен цӀоганца дӀа а гулдина, лаьтта охьатесира цо. И саьрмик бер дан дезаш йолчу зудчунна хьалха лаьтташ бара, и бер, дуьнен чу ма-делли, дӀакхаллархьама. 5 cОцу зудчо кӀант вира. Иза аьчка гӀожаца массо а халкъашна тӀехь олалла дан билгалваьккхинера. ЦӀеххьана и бер Далла хьалха, Цуьнан Ӏаршана тӀе дӀадигира. 6Ткъа и зуда яьссачу аренга дӀаедира. Цигахь, цхьа эзар ши бӀе кхузткъа дийнахь цу зудчун дола дайтархьама, Дала цунна меттиг кечйинера.

7 dСтигалахь тӀом болабелира. Микаал-малико а, цуьнан маликаша а саьрмикна дуьхьал тӀом бира. Ткъа саьрмик а, цуьнан тиладелла маликаш а царна дуьхьалдевлира. 8Саьрмик а, цуьнан тиладелла маликаш а цу къовсамехь дуьхьал ца латтаделира. Стигалшкахь кхин меттиг яцара царна. 9 eИ боккха саьрмик Лаьтта охьатесира. Иза массарна а бевзаш болу шира лаьхьа бара. Цунах иблис а, Делан мостагӀа а олу. Цо дерриг а дуьне Ӏехадо. Цуьнца цхьаьна цуьнан маликаш а лаьтта охьатийсира.

10 fТӀаккха стигалахь чӀогӀа аз хезира суна. Цу озо бохура: «ХӀинца Дала вай кӀелхьардахар а, Цуьнан нуьцкъалалла а, паччахьалла а тӀекхаьчна.
Цо леррина Къобалвинчун олалла а тӀедеана!
ХӀунда аьлча, дийнаххьий, буьйсанний вайн Далла хьалха
вайн динан вежарий бехке а ийзош,
уьш бехкебийриг Лаьтта охьатесна.
11Вайн динан вежарша Ӏахаран цӀийца а,
шайн тоьшаллин дашца а иза эшийна.
Шаьш делла дӀадовллалц шайн са а ца кхоийна цара.
12Иштта, яккхийелаш стигалш а,
стигалш тӀехь дехаш дерш а!
Декъаза ду-кх лаьтта тӀехь а,
хӀорда чохь а дехаш дерш!
ХӀунда аьлча, шен йисина хан кӀеззиг юйла а хууш,
дарделла долу иблис шу долчу лаьтта доьссина!»

13Ша лаьтта охьатеснийла а гина, и саьрмик кӀант винчу зудчунна тӀаьхьабелира. 14 gТкъа зудчунна йоккхачу аьрзун ши тӀам белира, яьссачу аренга шена кечйинчу метте иза тӀема ялийтархьама. Цигахь, саьрмикна уллора дӀа а яьккхина, зама а, заманаш а, ахзама а чекхъяллалц, цуьнан дола дийр долуш дара. 15ТӀаккха зудчунна тӀаьхьабаьллачу саьрмико шен багара хи туьйхира, цуьнга и зуда дӀаяхьийтархьама. 16Амма Лаьтто гӀо дира цу зудчунна. Саьрмико багара схьатесна долу и хи, дӀасадаханчу лаьттан кийрано дӀахуьйдира. Саьрмик чӀогӀа дарбелира цу зудчунна. Иза цу зудчун тӀаьхьенах болчу кхечаьрца тӀом бан бахара. Уьш бара, Делан весеташ кхочуш а деш, Ӏийсах лаьцна долу тоьшалла лардеш берш.17

Copyright information for CheCAC2012