Revelation of John 13
1 aХӀордан гӀамар тӀехь хӀоьттина Ӏара и саьрмик ▼▼И саьрмик – цхьадолчу тептарш тӀехь ду: со. Цу тайпана хӀара предложени шолгӀачу предложеница йоьзна яра.
. ХӀорда чуьра схьадаьлла экха
Суна хӀорда чуьра схьадолуш долу цхьа экха гира. Цуьнан ворхӀ корта а бара, итт маӀа а яра. МаӀаш тӀехь итт таж дара. Цуьнан кортош тӀехь Дела сийсазвеш йолу цӀераш яра. 2 cИ суна гина долу экха цӀокъбергах тера дара. Цуьнан когаш чен когех тера бара. Ткъа цуьнан бага лоьман баганах тера яра. Саьрмико шен ницкъ а, шен олаллин меттиг а, доккха олалла а делира цу экханна. 3ТӀаккха суна гира цуьнан кортойх цхьанна йина иза лийр долуш санна йолу Ӏожаллин чов, амма и чов дӀайирзира. Дерриг а дуьне, цец а даьлла, цу экханна тӀаьхьаделира. 4Адамаша цу саьрмикна Ӏибадат дора, цо шен олалла цу экханна делла дела. Наха, цу экханна Ӏибадат а деш, олура: «Кху экхане кхочуш мила ву? Мила ву цуьнца къовсалур волуш?» 5 dКура а, Ӏеса а къамелаш ден бага елира цу экханна. Шовзткъе шина баттахь иштта Ӏан бакъо елира цунна. 6Дела а, Делан цӀе а, Дела веха меттиг а, стигалахь бехаш берш а, сийсаз а беш, Ӏеса къамелаш дан долийра цо. 7 eЦунна бакъо елира Делан нахаца тӀом бан а, царна тӀехь толам баккха а. Иштта массо а тайпанашна а, халкъашна а, меттанашна а, къаьмнашна а тӀехь олалла дан бакъо елира цунна. 8 fБийначу Ӏахаран карахь долчу дахаран тептар тӀе шайн цӀераш дуьне кхуллуш дуьйна а дӀаяздина доцу массо а адамаш цу экханна Ӏамал еш хир ду. 9Лергаш долчо ладугӀийла хӀокхуьнга. 10 gАдамна йийсар динаргша а вуьгур ву йийсаре.
Туьраца стаг вийнарг
ша а лийр ву туьрах.
Цу тӀехь оьшу Делан долахь болчарна доьналла а, тешар а.
Лаьттан кийрара схьадолу экха
11Иштта суна гира лаьттан кийрара схьадолу кхин а цхьа экха. Цуьнан, Ӏахаран санна, ши маӀа яра. Цо, саьрмико санна, къамел дора. 12Хьалхарчу экханна хьалха ша долчу хенахь, цу экханан ерриге а бакъонаш лелайора цо. Цу шолгӀачу экхано дерриг а Лаьтте а, цу тӀехь дехачу адамашка, а Ӏожаллин чов а хилла, амма тоделлачу хьалхарчу экханна Ӏибадат дайтира. 13Цо инзаре тамашийна билгалонаш гайтира. Ур-атталла стигалара лаьтта тӀе цӀе а охьайоуьйтура цо адамашна хьалха. 14ШолгӀачу экхано вукху экханна хьалха Ӏаламаташ лело бакъо елира. Уьш лелорца цо лаьттахь деха адамаш Ӏехадора. Лаьттахь бехаш болчу массарна а цо тӀедуьллура, туьрах Ӏожаллин чов а хилла, амма денделлачу хьалхарчу экханан дина сурт шайна тӀедиллийтар. 15ШолгӀачу экханна бакъо елира цу хьалхарчу экханан суьрта чу са дилла а, къамел дайтархьама а, хӀора оцу экханан суьртана хьалха Ӏибадат цадийриг вен бакъо хилийтархьама а. 16ШолгӀачу экхано массо а адамийн – лараме воцчун а, цӀеяханчун а, хьалдолчун а, мискачун а, паргӀат волчун а, лай волчун а – аьтту куьйга тӀе я хьаьжа тӀе мухӀар таӀор тӀедиллира. 17Цу экханан мухӀар таӀийна воцучу цхьаннан а йиш ца хилла хӀумма а я эца а, я йохка а. Ткъа оцу мухӀар тӀехь цу экханан цӀе я цуьнан цӀеран терахь дара. 18Цу тӀехь хьекъалалла оьшу. Хьекъал шен долчо цу экханан терахь, талла а теллина, билгалдаккха. ХӀунда аьлча иза адамийн терахьца догӀуш ду. Цуьнан терахь ду ялх бӀе кхузткъе ялх.
Copyright information for
CheCAC2012