Revelation of John 14
Ӏахар а, Цуьнан халкъ а
1 aСо дӀахьаьжча, суна Цийон-лам тӀехь лаьтташ болу и Ӏахар гира. Цуьнца цхьаьна лаьтташ цхьа бӀе шовзткъе виъ эзар стаг вара. Церан хьаьжнашна тӀехь Цуьнан цӀе а, Цуьнан Ден цӀе а дӀаязйина яра. 2Суна стигалара аз хезира. Цуьнан гӀовгӀа чухчарин гӀовгӀанах а, чӀогӀа къекъачу стигалан гӀовгӀанах а тера яра. Шайн дечиг-пондаршна тӀехь эшарш лоькхучу пондарчийн аз а хезира суна. 3Цу нехан тобано стигаларчу Ӏаршана а, деа дийнатна а, къаношна а хьалха керла йиш лоькхура. Ткъа лаьттара, мах а белла, кӀелхьарваьккхинчу, цхьа бӀе шовзткъе виъ эзар стаге бен, кхин цхьаьнгге а и йиш ца Ӏамалора. 4Уьш, зудчух куьг тохаза, кӀантстегарий бара. Уьш бара, Ӏахар стенгга бодахь а, Иза воьддучу дӀабоьлхуш берш. Мах а белла, адамашна юкъара паргӀатбаьхна бара уьш, Далла а, Ӏахарна а ялтин хьалхара стоьмаш санна дӀабалархьама. 5 bЦеран багара цхьа а харцдерг ца долура, уьш бехк буьллийла доцуш бара.Кхо малик
6ТӀаккха суна стигална юккъехула тӀемадаьлла доьду кхин а цхьа малик гира. Цуьнгахь даим болу хаза кхаъ бара, иза Лаьттахь бехаш болчу массарна а баийтина бара, хӀора къомана а, тайпанна а, маттана а, халкъана а дӀакхайкхорхьама. 7Цу малико, мохь туххуш, бохура: «Делах кхералаш! Цунна хастамаш белаш! ХӀунда аьлча Цо кхел ен хан тӀекхаьчна. Стигал а, латта а, хӀорд а, хин хьостанаш а Кхоьллинчунна Ӏамал елаш». 8 cКхин а цхьа малик цуьнан лорах дӀадахара. Цо бохура: «Ма хӀаллакьхили иза! ХӀаллак а хилла, дӀаели йоккха Бавел-гӀала. Ша сийсаза леларна, Дела дарвеш волу чагӀар малийна цо массо а халкъашна». 9КхоалгӀа малик а дахара церан лорах. Цо, мохь туххуш, бохура: «Нагахь цхьаммо оцу экханна я цуьнан суьртана Ӏибадат а дахь, я шен хьаьжа тӀе, я шен куьйга тӀе цу экханан мухӀар а таӀадайтахь, 10 dДелан оьгӀазлонан кеда чу, э а ца деш, доьттина долу Делан дераллин чагӀар мер ду цо. Иштта волу стаг Делан маликашна а, Ӏахарна а хьалха цӀергахь а, саьмгал чохь а хьийзор ву. 11 eУьш хьийзош йолчу цӀеран кӀур массо а заманахь хьалаоьхур бу. Цу тайпана я дийнахь, я буьйсанна синтем хир бац, оцу экханна а, цуьнан суьртана а Ӏибадат а деш, цуьнан цӀеран мухӀар тӀеэцначийн». 12Кхузахь, Делан хьехамаш лар а беш, Ӏийсана тешаме дуьсуш долчу Делан адамашна доьналла долуш хилар оьшу. 13ТӀаккха суна стигалара аз хезира. Цо соьга бохура: «ДӀаязде: „ХӀинца дуьйна декъал бу, Везачу Элах тешар а долуш, леш берш“». «Билггал бакъ ма ду, – боху Делан Сино, – Шаьш дечу гӀуллакхех садоӀур ду цара. Церан гӀуллакхаш а царна тӀаьххье дӀагӀур ду».Лаьттахь ялта хьокху хан тӀеяр
14 fСо дӀахьаьжча, суна кӀайн марха гира. Цу мархина тӀехь «адамийн кӀантах тера волу цхьаъ» вара охьахиъна. Цуьнан коьрта тӀехь деших дина таж дара. Ткъа карахь ира марс бара. 15 gДелан цӀа чуьра кхин а цхьа малик араделира. Цо мархина тӀе охьахиъна волчуьнга айдинчу озаца, мохь туххуш, элира: «Хьайн марс схьа а эций, ялта хьакха! ХӀунда аьлча лаьттахь ялта кхиъна а даьлла, марс хьокху хан тӀе а кхаьчна». 16ТӀаккха стигаларчу мархина тӀехиъна волчо, лаьттана тӀехула шен марс хьала а айина, лаьттара ялта хьаькхира. 17Стигалахь долчу Делан цӀа чуьра кхин а цхьа малик араделира. Цуьнгахь а ира марс бара. 18Ткъа сагӀа доккхучу кхерчана уллора цӀарна тӀехь олалла деш долу кхин а цхьа малик тӀедеара. Цо куьйгахь ира марс болчуьнга айдинчу озаца, мохь туххуш, элира: «Хьайн ира марс схьа а эций, лаьттарчу кемсийн таьллангашна тӀера кемсийн хорханаш схьаяха, хӀунда аьлча и кемсаш хилла яьлла». 19ТӀаккха малико шен ира марс лаьтта тӀехула хьалаайира. Лаьттара кемсаш, хеда а йина, Делан дераллин муттдоккхургана чу тесира цо. 20 hГӀалина арахьа лаьттачу муттдоккхурга чохь и кемсаш Ӏаьвдира. ТӀаккха цу чуьра цӀий охьадахара, говрийн дуьрстанашна тӀе кхаччалц хьала а долуш. Иза кхо бӀе чаккхарма хиллал гонах дӀасадаьржира.
Copyright information for
CheCAC2012