Revelation of John 15
Шайгахь тӀаьххьара ворхӀ бала болу маликаш
1ТӀаккха стигалахь кхин а цхьа тамашийна билгало гира суна. Иза йоккха а, инзаре а яра. Шайгахь тӀаьххьара бисина ворхӀ бала болу ворхӀ малик а дара цигахь. Уьш тӀаьххьара баланаш бара, хӀунда аьлча цаьрца чекхйолура Делан дералла. 2ТӀаккха цӀерах дӀаийна долчу ангалин болуш санна, хӀорд гира суна. Ткъа оцу экханна а, цуьнан суьртана а тӀехь – шен цӀеран терахь долчу цхьанна тӀехь – толам баьккхинарш цу ангалин хӀордана йистехь лаьтташ бара. Церан карахь Дала делла мерз-пондарш дара. 3 aЦара Далла гӀуллакх деш хиллачу Муса-пайхамаран а, Ӏахаран а илли олура: «Даккхий а, инзаре а ду Хьан гӀуллакхаш,массо а ницкъийн Веза Дела!
Нийса а, билггал бакъ а ду Хьан некъаш,
дуьненан къаьмнийн Паччахь! ▼
▼Дуьненан къаьмнийн паччахь – цхьадолчу тептарш тӀехь: заманийн паччахь.
4 cМила кхоьрур вацара Хьох, ва Веза Эла?
Хьан цӀе а хьан язйийр яцара?
ХӀунда аьлча Хьо цхьаъ ву веза!
Массо а халкъаша, тӀе а даьхкина,
Хьуна хьалха Ӏибадат дийр ду.
ХӀунда аьлча Ахь нийсонца лелош долу гӀуллакхаш
тхуна гучу ма девлла».
5 dЦул тӀаьхьа со дӀахьаьжира. ТӀаккха стигалахь долчу тоьшаллин Четаран уггар а еза чоь дӀаеллаелира. 6Цу чоьнна чуьра, тӀаьххьара хир болу ворхӀ бала а бахьаш, ворхӀ малик араделира. Царна тӀехь яра дуткъачу кӀадих йина цӀена а, къегаш йолу а бедарш. Некхана гонах дашо доьхкарш а дара. 7Цул тӀаьхьа деа дийнатах цхьаммо оцу маликийн кара ворхӀ дашо бога делира. Ерриг а тӀейогӀучу заманна а вехаш волчу Делан дераллех дуьзна дара и боганаш. 8 eТӀаккха Делан сийлаллин а, нуьцкъалаллин а кӀуьрах дуьзира и Делан цӀа. Ткъа оцу ворхӀ малико беана ворхӀ бала дӀабаллалц, цхьанна а стеган цу цӀа чу ваха йиш яцара.
Copyright information for
CheCAC2012