a Арадаккхар 9:10.
b Арадаккхар 7:17-21; Забур 77:44.
c Арадаккхар 10:21.
jАрадаккхар 9:23; Довзийтинарг 11:19.

‏ Revelation of John 16

Делан дераллин боганаш

1Суна Делан цӀа чуьра аз хезира. Цо ворхӀ малике бохура: «ГӀой, Делан оьгӀазлонан ворхӀе а боган чохь дерг лаьтта тӀе охьадотта».

2 aХьалхарчу малико, дахана, шен боган чохь дерг лаьтта тӀе охьадоьттира. ТӀаккха шайна тӀехь экханан мухӀар а долуш, цуьнан суьртана Ӏибадат деш долчу адамашна тӀехь чӀогӀа дера а, ирча а ноткъа оьху даьӀнаш даьржира.

3ШолгӀачу малико шен боган чохь дерг хӀорда чу охьадоьттира. ТӀаккха хӀорд, деллачу адамийн цӀийх а тарлуш, цӀий хилла дӀахӀоьттира. Ткъа хӀорда чуьра массо а дийна мел долу хӀума делира.

4 bКхоалгӀачу малико шен боган чохь дерг хиш чу а, хин хьостанаш чу а охьадоьттира. Царах цӀий хилира. 5ТӀаккха хиш карахь долчу малико олуш суна хезира: «Нийса ву Хьо волуш волу а, хилла волу а Везаниг,
Ахь йина кхелаш иштта хиларна.
6Хьан долахь болчеран а, Хьан пайхамарийн а цу наха цӀий Ӏанорна,
Ахь цаьрга цӀий малийти.
Царна и дан хьакъ а ду».

7СагӀа доккхучу кхерчана уллора а аз хезира суна. Цо бохура: «ХӀаъ, массо а ницкъийн Веза Дела,
билггал бакъ а, нийса а ю Хьан кхелаш».

8ДоьалгӀачу малико шен боган чохь дерг малхана тӀе охьадоьттира. Ткъа малхан караделира адамаш цӀергахь марцар. 9Нуьцкъалчу йовхоно адамаш дагадора. Ткъа и баланаш тӀебахкийта бакъо йолуш волчу Делан цӀе емалйора цара. Шайн къинойх дӀа а ца къаьстира уьш, Далла хастамаш а ца бира цара.

10 cПхоьалгӀачу малико шен бога экханан олаллин гӀанта тӀе охьаӀанийра. ТӀаккха церан пачхьалкх, Ӏаьржа бода а хӀоьттина, кхоьлира. Адамаша, лазаршна са ца тохадаларна, шайн меттанаш Ӏуьйшура. 11Шайн лазарш а, даьӀнаш долу чевнаш а бахьанехь адамаша стигаларчу Далла сардамаш доьхура. Амма шаьш лелийначу гӀуллакхех дӀа ца боьрзура уьш.

12 dЙолхалгӀачу малико шен бога Эпрат цӀе йолчу доккхачу хи чу охьадоьттира. ТӀаккха, малхбалехьарчу паччахьашна некъ кечбархьама, и хи лекъира. 13ТӀаккха суна гира саьрмикан багара а, экханан багара а, харцпайхамаран багара а арадолу, бецан пхьидех тера долу кхо харц жин. 14Уьш жинийн синош дара. Цара тамашийна хӀуманаш дора. И жинаш дерриг а дуьнен чуьра паччахьашна тӀе дахара, массо а ницкъийн Делан сийлахьчу дийнахь уьш тӀаме схьагулбархьама.

15 e«ЛадогӀалаш! Со, къу санна, цӀеххьана вогӀур ву. Декъала бу, шаьш берзина ца хилийтархьама а, шайн бехке меттигаш гучу ца яхархьама а, тӀеюху бедарш куьйга кӀел а латтош, сема берш».

16 fИштта, и паччахьаш Ӏебархойн маттахь ХӀар-Магдон олучу метте дӀагулбира оцу жинаша.

17ВорхӀалгӀачу малико шен боганна чуьрниг хӀаваэ охьадоьттира. ТӀаккха стигалшкарчу Делан цӀа чуьра Ӏаршана тӀера чӀогӀа аз хезира. Цо элира: «Кхочушхили!» 18 gТӀаккха ткъес туьйхира, стигал къийкъира, гӀовгӀанаш евлира, чӀогӀа мохк бегийра. Адамаш лаьттахь дехаш долчу хенахь дуьйна, цкъа а ца хиллачу кепара чӀогӀа мохк бегийра. 19 hЙоккха гӀала кхаа декъе екъаелира. Ткъа кхечу къаьмнийн гӀаланаш хӀаллакьхилира. Йоккха Бавел-гӀала Шена дагахь йолу дела, Дала таӀзар дира цунна. Дала Шен кеда чуьра Шен оьгӀазечу дераллин чагӀар дӀамалийтира цуьнга. 20 iХӀора гӀайре а дӀаелира, ткъа лаьмнех кхин хӀумма а ца дисира. 21 jСтигалара охьа адамашна тӀе хӀора буьртиг ши мазал хир йолу къора туьйхира. ТӀаккха адамаша оцу къорано хӀоттийна бала бахьана долуш Далла сардамаш доьхкира, хӀунда аьлча и бала инзаре боккха бара.
Copyright information for CheCAC2012