Revelation of John 17
ЧӀогӀа сийсаза лела зуда
1 aТӀаккха шайн карахь ворхӀ бога долчу ворхӀ маликах цхьаъ суна тӀедеара. Цо соьга элира: «ТӀехилал! Ас хьуна гойтур ду, дуккха а долчу хишна тӀе а хиъна, чӀогӀа сийсаза лелаш йолчунна дийр долу таӀзар. 2 bЛаьттара паччахьаш а сийсаза лелара цуьнца цхьаьна. Лаьттахь бехарш а, цуьнан сийсаза леларан чагӀар а муьйлуш, бехаш бара». 3 cДелан Са суна тӀе доьссича, цу малико со яьссачу аренга вигира. Цигахь суна зуда гира. Иза цӀечу экханна тӀехиъна яра. Цу экханна тӀехь массанхьа а Дела сийсазвеш йолу цӀераш а яра, цуьнан ворхӀ корта а, итт маӀа а яра. 4 dЗудчунна тӀехь таьӀна цӀечу басахь а, цӀарула-цӀечу басахь а духар дара. Деших йина хӀуманаш, деза тӀулгаш, жовхӀарш дара цунна тӀехь. Цуьнан карахь дашо кад бара. И кад вас еш долчу гӀуллакхех а, нахаца леларан боьхачу гӀуллакхех а буьзна бара. 5Зудчун хьаьжа тӀе язйина къайлаха маьӀна долу цӀе яра: «Йоккха Бавел-гӀала сийсаза лелачеран а, лаьттарчу вас еш долчу гӀуллакхийн а нана ю», – аьлла. 6ТӀаккха суна гира Делан долахь болчеран а, Ӏийсана тешаме хилар бахьанехь байинчеран а цӀийно и зуда яхийна хилар. Иза гича, со чӀогӀа инзарваьллера. 7Малико соьга элира: «Хьо инзар хӀунда вуьйлу? Оцу зудчун а, иза шена тӀехь лелош долчу ворхӀ корта а, итт маӀа а йолчу экханан а къайле юьйцур ю ас хьуна. 8 eХьуна гина долу и экха цкъа мацах дийна дара, ткъа хӀинца делла. Амма иза кхин цкъа а, бух боцучу Ӏин чуьра хьала а даьлла, шен хӀаллакьхиларна тӀедогӀур ду. ТӀаккха, хӀара дуьне кхуллуш дуьйна а шайн цӀераш дахаран тептар тӀе дӀаязйина а йоцуш, лаьттахь бехарш, и экха шайна гича, цецбевр бу. ХӀунда аьлча иза цкъа дийна а хилла, тӀаккха делла, амма юха, ден а делла, схьадогӀур ду. 9Кхузахь хьекъалх буьзна кхетам оьшу. ВорхӀ корта – иза зуда тӀехиъна болу ворхӀ гу бу. 10Иштта уьш ворхӀ паччахь ву бохург а ду. Царах пхиъ велла. Цхьаъ хӀинца а дийна ву. Ткъа тӀаьххьарниг хӀинца а схьаваза ву. Иза схьавеача, кӀезигчу хенахь бен паччахьалла дан ца деза цуьнан. 11Ткъа мацах дийна а хилла, хӀинца делла долу экха – иза оцу ворхӀаннах цхьаъ волу борхӀалгӀа паччахь ву. Иза шен хӀаллакьхиларна тӀевогӀур ву. 12 fХьуна гуш йолу итт маӀа – уьш хӀинца а олалла дан волавалаза волу итт паччахь ву. Царна хӀоранна а цхьацца сахьтехь экханца цхьаьна, паччахьо санна, олалла дан бакъо лур ю. 13Оцу итте а паччахьан цхьатерра Ӏалашонаш хир ю. Цара шайн ницкъ а, олалла а экханна дӀалур ду. 14Цара Ӏахарца тӀом бийр бу. Ткъа Ӏахаро царна тӀехь толам боккхур бу, хӀунда аьлча Иза ву олахойн Олахо а, паччахьийн Паччахь а. Ткъа Цуьнца берш бу Цо кхайкхинарш а, къастийнарш а, тешаме берш а». 15Малико соьга элира: «Шена тӀехь и нахаца лелаш ерг а йолуш, хьуна гина долу и хиш – уьш халкъаш а, тобанаш а, къаьмнаш а, меттанаш а бохург ду. 16Хьуна гиначу итте а маӀана а, экханна а бӀаьрга ян а езар яц и нахаца леларг. Цуьнан долахь мел дерг схьа а даьккхина, цара иза ерзина йоккхур ю. Цара цуьнан дегӀ а дуур ду, и цӀергахь ягор а ю. 17ХӀунда аьлча Дала оцу итт маӀан даг чу Шен Ӏалашо кхочушъяр чудиллина. Иштта цара вовшашца барт бийр бу шайн паччахьалла экханан дола дӀадала. Иза иштта хир ду, Делан дешнаш кхочушхиллалц. 18Ткъа хьуна гина йолу зуда – иза лаьттарчу паччахьашна тӀехь олалла деш йолу йоккха гӀала ю».
Copyright information for
CheCAC2012