Revelation of John 17:2-4
2 aЛаьттара паччахьаш а сийсаза лелара цуьнца цхьаьна. Лаьттахь бехарш а, цуьнан сийсаза леларан чагӀар а муьйлуш, бехаш бара». 3 bДелан Са суна тӀе доьссича, цу малико со яьссачу аренга вигира. Цигахь суна зуда гира. Иза цӀечу экханна тӀехиъна яра. Цу экханна тӀехь массанхьа а Дела сийсазвеш йолу цӀераш а яра, цуьнан ворхӀ корта а, итт маӀа а яра. 4 cЗудчунна тӀехь таьӀна цӀечу басахь а, цӀарула-цӀечу басахь а духар дара. Деших йина хӀуманаш, деза тӀулгаш, жовхӀарш дара цунна тӀехь. Цуьнан карахь дашо кад бара. И кад вас еш долчу гӀуллакхех а, нахаца леларан боьхачу гӀуллакхех а буьзна бара.
Copyright information for
CheCAC2012