‏ Revelation of John 17:7-12

7Малико соьга элира: «Хьо инзар хӀунда вуьйлу? Оцу зудчун а, иза шена тӀехь лелош долчу ворхӀ корта а, итт маӀа а йолчу экханан а къайле юьйцур ю ас хьуна. 8 aХьуна гина долу и экха цкъа мацах дийна дара, ткъа хӀинца делла. Амма иза кхин цкъа а, бух боцучу Ӏин чуьра хьала а даьлла, шен хӀаллакьхиларна тӀедогӀур ду. ТӀаккха, хӀара дуьне кхуллуш дуьйна а шайн цӀераш дахаран тептар тӀе дӀаязйина а йоцуш, лаьттахь бехарш, и экха шайна гича, цецбевр бу. ХӀунда аьлча иза цкъа дийна а хилла, тӀаккха делла, амма юха, ден а делла, схьадогӀур ду.

9Кхузахь хьекъалх буьзна кхетам оьшу. ВорхӀ корта – иза зуда тӀехиъна болу ворхӀ гу бу. 10Иштта уьш ворхӀ паччахь ву бохург а ду. Царах пхиъ велла. Цхьаъ хӀинца а дийна ву. Ткъа тӀаьххьарниг хӀинца а схьаваза ву. Иза схьавеача, кӀезигчу хенахь бен паччахьалла дан ца деза цуьнан. 11Ткъа мацах дийна а хилла, хӀинца делла долу экха – иза оцу ворхӀаннах цхьаъ волу борхӀалгӀа паччахь ву. Иза шен хӀаллакьхиларна тӀевогӀур ву.

12 bХьуна гуш йолу итт маӀа – уьш хӀинца а олалла дан волавалаза волу итт паччахь ву. Царна хӀоранна а цхьацца сахьтехь экханца цхьаьна, паччахьо санна, олалла дан бакъо лур ю.
Copyright information for CheCAC2012