Revelation of John 2
Эпас-гӀаларчу динан тобане яздина кехат
1«Эпас-гӀаларчу динан тобанан малике дӀаязде: Иштта боху, Шен аьтту куьйга ворхӀ седа схьа а лаьцна, деших бина болчу ворхӀ стогарна юккъехула лелаш Волчо: 2„Девза Суна шун гӀуллакхаш. Хаьа Суна аша къахьоьгийла а, шу доьналла долуш дуйла а, мекара адамаш аша ловш доцийла а. Шаьш векалш ду бохурш а аша зийна, ткъа уьш харцлуьйш хилар а шуна хиъна. 3Шу доьналла долуш ду, Сан дуьхьа аша баланаш хьийгира, амма шу ца дуьйхира. 4Делахь а, шуна дуьхьалдаккха хӀума ду Сан: аша шайн дуьххьарлера безам дӀатесна. 5Иштта, шаьш мичара охьаэгна дага а даийтий, метта а дуьйлий, шаьш юьхьанца лелийна долу гӀуллакхаш леладе. Нагахь шаьш далийтинчу къинойх шу дӀа ца дерзахь, шу долчу а веана, Ас меттахбоккхур бу шун стогар. 6Делахь а цхьа дика хӀума ду шун: никласхойн гӀуллакхаш Суна цадезаре терра, шуна а уьш ца дезаш хилар.7 aЛергаш долчо ладугӀийла Делан Сино динан тобанашка бохучуьнга:
‘Тоьллачунна бакъо лур ю Ас Делан ялсаманина юккъехь лаьтташ долчу дахаран дитта тӀера стом баа’“».
Симран-гӀаларчу динан тобане яздина кехат
8 bСимран-гӀаларчу динан тобанан малике а дӀаязде: «Иштта боху, хьалха вала а велла, ткъа хӀинца дийна волчу хьалхара а, тӀаьххьара а Волчо: 9„Суна евза шун халонаш а, шун къоьлла а, делахь а шу-м хьал долуш ду. Иблисан гуламах болчара, шаьш Делан нах болчу жуьгтех боццушехь, царах ду бохуш, шух лаьцна дуьйцу вон хабарш а Суна хууш ду. 10Шаьш лан дезар долчу цхьана а хӀуманах ма кхера. Иштта, шу зерхьама, шух цхьадерш иблисо набахти чу даладойтур ду. ТӀаккха иттех дийнахь баланаш ловр бу аша. Шаьш делла дӀадовллалц тешаш хилалаш, тӀаккха Толаман таж санна, Аса шуна хедар доцу дахар лур ду.11 cЛергаш долчо ладугӀийла Делан Сино динан тобанашка бохучуьнга:
‘Толам баьккхинчун шолгӀа валар хир дац’“».
Паргам-гӀаларчу динан тобане яздина кехат
12«Паргам-гӀаларчу динан тобанан малике а дӀаязде: Иштта боху Шен карахь шинна а агӀор ира долу тур Долчо: 13„Девза Суна иблисан олаллин гӀантана гонах шу дехаш хилар. Аша Сан цӀе ларамехь а лелийна, Сох долу шун тешар дӀа а ца даьлла, ур-атталла иблис дехаш долчу шун гӀалахь Сан тешаме теш волу Антапи вийначу хенахь а. 14 dДелахь а, шуна дуьхьалдаккха цхьацца хӀума ду Сан. БалиӀаман хьехамаш тӀелаьцна болу цхьаболу нах бу шуна юкъахь. Исраилхошка къилахь долу гӀуллакхаш леладайта Ӏамийнера цо Балакх-паччахь. Цара, цӀушна сагӀина лерина еана хӀума а йоуьйтуш, Далла хьалха сийсаза долу хӀума леладойтура исраилхошка. 15Иштта, никласхойн хьехамаш ларбеш болу цхьаболу нах а бу шуна юкъахь. 16Метта а дуьйлий, Соьгахьа юхадерза! Нагахь Ас бохург аша ца дахь, Со кестта вогӀур ву шу долчу. ТӀаккха Сайн багара схьадолучу туьраца летар ву Со царах.17 eЛергаш долчо ладугӀийла Делан Сино динан тобанашка бохучуьнга:
‘Толам баьккхинчунна къайлаяьккхинчу ‹манна› олучу кхачанан буьртигийн дакъа лур ду Ас. Цунна кӀайн тӀулг а лур бу Ас, тӀеязйина керла цӀе а йолуш. И цӀе цхьанна а хуур яц, иза йолчунна бен’“».
Тхьайтир-гӀаларчу динан тобане яздина кехат
18 f«Иштта Тхьайтир-гӀаларчу динан тобанан малике а дӀаязде: Иштта боху бӀаьргаш цӀеран алу санна а, когаш къегачу цӀастанах санна а болчу Делан КӀанта. 19„Суна девза шун гӀуллакхаш а, безам а, тешар а, аша гӀо дар а, шу доьналла долуш хилар а. Иштта Суна хаьа шун тӀаьххьарлера гӀуллакхаш хьалха дина долчу гӀуллакхел сов дуйла а. 20 gТкъа шуна дуьхьалдаккха иштта хӀума ду Сан. Делера хаам болуш ю бохучу Изабал цӀе йолчу зудчунна дан магош доцу гӀуллакхаш дан некъ ло аша. Шен хьехамашца Сан ялхой тилабо цо, цаьрга сийсаза долу хӀуманаш а леладойтуш, цӀушна сагӀина еана хӀума а йоуьйтуш. 21Аса Сайна тӀеерза хан еллера цунна, амма цунна ца лаьа ша лелийначу сийсазчу гӀуллакхех дӀаерза. 22ХӀинца Ас цамгарийн Ӏазап хьоьгуьйтур ду цуьнга. Цуьнца цхьаьна къилахь долу гӀуллакхаш лелийнарш а боккхачу баланехь хир бу, шаьш цуьнца лелийначу гӀуллакхашна дохко а бевлла, уьш Суна тӀе ца берзахь. 23 hЦуьнан бераш а хӀаллакдийр ду Ас. ТӀаккха кхетар бу динан массо а тобанашкахь берш, шайн дегнаш а, ойланаш а зуьйш верг Со хиларх. Шуна хӀоранна а, шун гӀуллакхашка хьаьжжина, хьакъ дерг дӀалур ду Ас.24Ткъа, кхечу наха туьдуш ма-хиллара, ‘иблисан къайленийн кӀоргенаш’ шайна евзина доцучу а, Изабалан хьехамашна тӀаьхьахӀиттина доцучу а шуьга, тхьайтирхойх кхиболчаьрга, Ас боху: ‘Лан ницкъ кхочур боцу кхийолу халонаш тӀе ца йохку Ас шуна. 25Ткъа шу, Со схьаваллалц, шайн долуш дерг лар а деш, лела’. 26– 27– 28 iТолам а боккхуш, Сан гӀуллакхаш чекхдовллалц кхочушдеш волчунна, Сан Дас Суна яларе терра,
‘кхечу къаьмнех болчарна тӀехь олалла дан бакъо лур ю Ас.
Цо аьчка гӀожаца царна тӀехь олалла дийр ду,
кхийра пхьегӀаш санна, отур а бу уьш’.
Цунна лур бу Ас Ӏуьйренан седа. 29Лергаш долчо ладугӀийла Делан Сино динан тобанашка бохучуьнга“».
Copyright information for
CheCAC2012