Revelation of John 20
Цхьана эзар шарахь лаьттар долу паччахьалла
1Стигалшкара охьадуссу малик гира суна. Цуьнан карахь бух боцучу Ӏинан догӀа а дара, стомма зӀе а яра. 2 aШех иблис а, Делан мостагӀа а олу, шира лаьхьа болу саьрмик, схьа а лаьцна, цхьана эзар шарна зӀенашца дӀабихкира малико. 3Цу саьрмике тӀедогӀу долчу цхьана эзар шарахь адамаш ца Ӏехадайтархьама, малико, иза бух боцучу Ӏин чу а тесна, и Ӏин дӀакъевлира, неӀарна мухӀар а тухуш. И эзар шо чекхдаьлча, цхьа кӀеззигчу ханна иза арахеца безар бу. 4 bЦул тӀаьхьа суна гира паччахьан гӀанташ. Царна тӀе охьахиъна болчеран караделлера кхел яр. Делан дош дӀасадаржорна а, Ӏийсах тоьшалла дарна а тӀера кортош даьхна болчеран синош а гира суна. Я экханна а, я цуьнан суьртана а Ӏибадат ца динера цара. Цу экханан мухӀар а тӀе ца диллийтинера цара я шайн хьаьжнаш тӀе а, я куьйгаш тӀе а. Цара, беллачуьра ден а белла, Дала леррина Къобалвинчуьнца цхьаьна эзар шарахь паччахьалла дира. 5(Ткъа белла болу биснарш и эзар шо чекхдаллалц денбелла бацара.) Нах беллачуьра дуьххьара денбалар ду иза. 6Декъала а, Дала даздина а ду-кх оцу нах беллачуьра дуьххьара денбаларехь дакъалоцу долу адамаш. ШолгӀачу даларан олаллехь дац уьш. И нах Делан а, Дала леррина Къобалвинчун а динан дай хир бу. Цара цхьана эзар шарахь Цуьнца паччахьалла дийр ду.Иблисана тӀехь толам баккхар
7И эзар шо чекхдаьлча, иблис чудоьллинчуьра дӀахоьцур ду. Дуьненан еа а йистехь долу халкъаш, ГӀогӀ а, МагӀогӀ а, Ӏехадеш арадер ду и. Цо тӀаме схьагулдийр ду, хӀордан берда тӀера гӀум санна, дукха долу адамаш. 8 cУьш дуьне мел ду дӀадахара. Делан долахь болчеран меттаматтана го бира цара – иза Далла езна йолу гӀала ю. 9Амма стигалара цӀе йоьссира, цу цӀеро мостагӀийн эскарш дӀакхаьллира. 10Ткъа уьш Ӏехош хилла долу и иблис цӀе яьлла богучу саьмгалан Ӏам чу тесира. Цу Ӏам чохь экха а дара, харцпайхамар а вара. Цара дийнахь а, буса а Ӏазап хьоьгур ду ерриг а тӀейогӀучу заманахь.Адамашна тӀаьххьара кхел яр
11 dЦул тӀаьхьа суна гира йоккха кӀайн басахь йолу Ӏарш а, цигахь хиъна Верг а. И волчуьра стигал а, латта а къайладелира, царна кхин меттиг ца йисира. 12ТӀаккха суна гира лараме боцу а, цӀеяхана хилла болу а белларш. Уьш Ӏаршана хьалха лаьтташ бара. Масех тептар схьадиллира. ТӀаккха кхин а цхьа тептар схьадиллира – иза дахаран тептар дара. Цу тептаршна тӀе дӀаяздина долчу адамийн гӀуллакхашка хьаьжжина, кхел йора оцу беллачарна. 13ХӀордо а схьабелира шена чохь болу белларш. Шайна чохь болу белларш схьабелира Ӏожалло а, эхарто а. Царна хӀоранна а, шайн-шайн гӀуллакхашка хьаьжжина, кхел йира. 14Ӏожалла а, эхарт а цӀе яьлла богучу Ӏам чу тесира. (И Ӏам шозлагӀа валар ду.) 15Дахаран тептар тӀе дӀаязвина мел воцург цӀе яьлла богучу Ӏам чу тесира.
Copyright information for
CheCAC2012