Revelation of John 21
Керла стигал а, керла латта а
1 aКерла стигал а, керла латта а гира суна, хӀунда аьлча хьалха хилла йолу стигал а, латта а хӀинца дӀадаьллера. ХӀорд а кхин бацара. 2 bТӀаккха суна гира Делан гӀала. Шен майрачунна кечдина долу нускалх тера йолу, Дела волчуьра стигалара охьайогӀу керла Ярушалайм-гӀала яра иза. 3 cСтигаларчу Ӏаршара айдина долу аз хезира суна. Цо бохура: «ХӀинца Дела Ӏаш волу меттиг адамашна юкъахь ю! Дела цаьрца Ӏийр ву, ткъа царах Цуьнан халкъ хир ду. Церан Дела Ша и адамаш долчохь Ӏийр ву. 4 dДала церан хӀора бӀаьрхи а дӀадоккхур ду. ХӀинца дуьйна кхин валар, я белхар, я тийжар, я лазар хир дац, хӀунда аьлча хьалхалера хӀуманаш дӀадевлла». 5Ӏаршана тӀе хиъна Волчо элира: «ХӀинца Ас массо а хӀума керла кхуллур ду». ТӀаккха Цо элира: «ДӀаязде иза, хӀунда аьлча хӀара дешнаш тешаме а, билггал бакъ а ду». 6 eКхин а Цо соьга элира: «Со ву массо а хӀума Долийнарг а, чекхдоккхун Верг а, церан Хьалхе а, Чаккхе а. Хьогах волчунна Ас бакъо лур ю дахаран хи долчу шовдан чуьра маьхза хи мала. 7 fТолам баьккхинчунна и дерриг а дуьсур ду, ткъа Со цуьнан Дела а хир ву, иза Сан кӀант а хир ву. 8Ткъа кӀиллойн а, Ӏийсах тешар доцучеран а, вон болчеран а, адам дийначеран а, сийсаза лелачийн а, бозбунчийн а, харцделанашна Ӏамал еш болчеран а, массо а харцлуьйчеран а дакъа хир ду цӀарах а, саьмгалх а богучу Ӏам чохь. Иза шозлагӀа валар ду».Керла Ярушалайм
9ТӀаккха тӀаьхьарчу заманан баланех дуьзна долу ворхӀ бога шайн карахь долчу маликех цхьаъ суна тӀедеара. Цо соьга элира: «Схьавола, Ӏахаро далон долу нускал гойтур ду ас хьуна». 10 gСуна тӀе Делан Са доьссича, малико со боккхачу, лекхачу лам тӀе ваьккхира. Цигахь цо суна гайтира стигалара Дела волчуьра охьайогӀу еза Ярушалайм-гӀала. 11Делан сийлалла яра цу гӀалина чохь. Къегаш болчу яспис олучу безачу тӀулгах а, чекх са гуш долчу цӀеначу ангалих а тера дара цуьнан лепар. 12 hЦу Ярушалайм-гӀалина гонах боккха а, лекха а пен бара. Цуьнан шийтта ков а дара. Кевнашкахь лаьтташ шийтта малик дара. Ткъа цу кевнашна тӀе дӀаязйина Исраилан халкъан шийтте а тайпанийн цӀераш яра. 13Царах кхо ков малхбалехьа агӀор дара, кхин кхоъ – къилбаседехьа, важа кхоъ – къилбехьа, дисина кхоъ малхбузехьа агӀор дара. 14ГӀалин и пенаш шийтта тӀулган бух тӀехь лаьтташ дара. Цу баххаш тӀе дӀаязйина Ӏахаран шийтта векалан цӀераш яра. 15 iЦу гӀалин а, цуьнан кевнийн а, пенийн а йохалла а, шоралла а, лакхалла а юста лерина дашо гӀаж яра соьца къамел деш волчуьнгахь. 16И гӀала биъ са болуш дӀахӀоттийнера. Цуьнан йохалла а, шоралла а цхьатерра яра. Оцу гӀожаца цо и гӀала юьстира. Иза бӀозза шийтта эзар сажа хилира. Ткъа цуьнан йохаллин а, шораллин а, лакхаллин а барам цхьатерра бара. 17ТӀаккха пенийн лакхалла а юьстира малико. Адамаша бустучу барамехь юстура малико. Пенаш цхьа бӀе шовзткъе диъ дол лекха дара. 18И пенаш яспис олучу дезачу тӀулгех дина дара. ГӀала ша а цӀеначу деших йина яра. И деши, ангали санна, чекх са гуш дара. 19ГӀалин пенийн баххаш массо а тайпанарчу дезачу тӀулгашца кечдина дара. Цхьана пенан бух яспис олучу, шолгӀаниг – саппир олучу, кхоалгӀаниг – халкидон, боьалгӀаниг – изумруд, 20пхоьалгӀаниг – сардоникс, йолхалгӀаниг – сардис, ворхӀалгӀаниг – хризолит, борхӀалгӀаниг – вирил, уьссалгӀаниг – топаз, уьтталгӀаниг – хризопрас, цхьайтталгӀаниг – яцинт, шийтталгӀаниг – аметист олучу дезачу тӀулгех бинера. 21ГӀалин шийтта ков шийтта жовхӀар дара. ХӀора ков цхьацца жовхӀарх дина дара. ГӀалин коьртачу урамера некъ цӀеначу деших бинера. Урамаш чекх са гуш долчу ангалих тера дара. 22Цу гӀалахь Делан цӀа ца гира суна, хӀунда аьлча Далла Ӏибадат дечу цӀийнан метта массо а ницкъийн Веза Дела а, Ӏахар а Шаьш бу цу гӀалахь. 23 jОцу гӀалина иза серлаялийтархьама я малх, я бутт ца оьшу, хӀунда аьлча Делан сийлаллин нуьро серлайоккху иза. Ӏахар а цуьнан къуьда бу. 24 kЦу серлонгахь дуьненан халкъаш а лелар ду, дуьненарчу паччахьаша а шайн хьал дахьар ду цу гӀали чу. 25 lОцу гӀалин кевнаш дийнахь дӀа а ца къовлу, цигахь буьйса хир йоцу дела. 26Халкъийн хьал а, хазна а цу гӀали чу яхьар ю. mЦхьа а боьха хӀума а, иштта сийсаза долу гӀуллакхаш дийраш а, харцдерг лелош берш а чубевр бац цу гӀалина. Ӏахарехь долчу дахаран тептар тӀехь цӀераш язйина берш бен, цхьа а гӀур вац цу чу.27
Copyright information for
CheCAC2012