Revelation of John 22
1 aТӀаккха малико суна гайтира шена чохь дахаран хи долу шовда. ЦӀеначу ангалих тера цӀена хи дара иза. Делан а, Ӏахаран а Ӏаршера схьадолура и шовда. 2 bИза гӀалин коьртачу урамна юккъехула чекхдолура. Оцу чекхдолучу хин шинна а агӀор лаьтташ дара дахаран дитташ. Цара цхьана шарахь шуьйттазза стом ло – хӀора баттахь цкъа а луш. Ткъа дитташ тӀера гӀаш халкъашна дарбана делла. 3 cШайна неӀалт кхайкхийнчарах кхин хӀумма а хир дац цигахь. Эццахь Делан а, Ӏахаран а Ӏарш хир ду, ткъа Цуьнан ялхой а хир бу Цунна Ӏамал еш. 4Цигахь Делан юьхь а гур ю царна. Цуьнан цӀе а хир ю церан хьаьжнашна тӀехь. 5 dБуьйса а кхин хир яц цигахь. Кхин оьшур яц цигахь я стогаран, я малхан серло, хӀунда аьлча Везачу Дала Ша лур ю царна серло. Цара, паччахьаша санна, олалла дийр ду ерриг а тӀейогӀучу заманахь.Ӏийса схьавар
6Малико соьга элира: «ХӀара дешнаш тешаме а, билггал бакъ а ду. Шен Сине пайхамарш иракарахӀуьттуьйтучу Везачу Дала Шен малик дахийтира кестта хила деза хӀуманаш Шен ялхошна гайта». 7«Хаалаш, Со кестта вогӀур ву. Декъала ву кху тептар тӀехь дӀаяздина долу Делера болчу хааман дешнаш лардеш верг!»8Со, Яхьъя, и дерриге а хезнарг а, гинарг а ву. И хӀуманаш хезна а, гина а ваьллачул тӀаьхьа, уьш сайна гайтинчу маликан когашка вуьйжира со, цунна Ӏибадат дархьама. 9Амма малико соьга элира: «Варелахь, и ма делахь, хӀунда аьлча хьо а, хьан динан вежарий болу пайхамарш а, кху тептар тӀехь дерг мел лардийриг а санна, со а ду Цуьнан ялхо. Далла бен ма де Ӏибадат!» 10Малико кхин а элира соьга: «Кху тептар тӀехь язбина болу Делера хаам къайла ма баккхалахь, хӀунда аьлча и дерриг а хир долу хан тӀекхочуш ю. 11 eХарцдерг лелочара кхидӀа а леладойла изза. Боьха лаамаш кхочушбийраш кхин а бехлойла. Делан лаамехь берш кхидӀа а лелийла бакъонца. Далла гергахь цӀена берш кхидӀа а цӀена лелийла». 12 fӀийсас боху: «Со кестта вогӀур ву. Сан ял а Соьца ю, хӀоранна а, ша динчу гӀуллакхашка хьаьжжина, хьакъ дерг дӀадалархьама. 13 gСо ву массо а хӀума Долийнарг а, чекхдоккхун Верг а, церан Хьалхе а, Чаккхе а, Дуьххьарлераниг а, ТӀаьххьарлераниг а».
14 hДекъала бу шайн духарш цӀандинарш. Цундела церан бакъо хир ю, кевнехула чекх а бевлла, гӀалин чу бовла а, дахаран диттана тӀера стом баа а. 15ГӀалина арахь буьсур бу жӀаьлех тера леларш а, бозбунчаш а, сийсаза леларш а, стаг вийнарш а, цӀушна Ӏамал йийраш а, массо а харцонаш ян а лууш, уьш йийраш. 16 i«Аса, Ӏийсас, Сайн малик дахийтина динан тобанашкахь долчу шуьга оцу хӀуманех лаьцна хаам байта. Со ву Даудан Орам а, ТӀаьхье а, Ӏуьйренан сирла Седа а».
17 jДелан Сино а, нускало а доьху: «Схьаволахь!» – бохуш. И хезаш волчо а олийла: «Схьаволахь!» Ша хьогах верг а схьавогӀийла! Мала лууш волчо маьхза схьаоьцийла дахаран хи.
Чаккхе
18 kКху тептар тӀехь дӀаяздина долу Делера болчу хаамийн дешнаш хезаш волчу хӀоранга а Аса дӀахьедар до: «Нагахь цхьаммо кху дешнашна тӀе цхьа хӀума тӀетохахь, Дала цу тептар тӀехь бийцина болу массо а баланаш тӀебоуьйтур бу цунна. 19Нагахь кху тептар тӀехь дӀаяздина долчу Делера болчу хаамийн дешнех цхьа хӀума тӀера дӀадаккхахь, Дала кху тептар тӀехь дийцина долчу дахаран диттехь а, иштта йийцинчу езачу гӀалина чохь а дакъалацар дӀадоккхур ду цуьнан». 20Кху дерригенах а тоьшалла деш Волчо боху: «И бакъ ду, Со кестта вогӀур ву». Амин. Волахьа, Веза Эла волу Ӏийса! 21Веза Эла волчу Ӏийсан дика хуьлийла шуьца даим а.
Copyright information for
CheCAC2012