c ЕшаӀ-ЯхӀу 22:22; Аюб 12:14.
Revelation of John 3
Сардис-гӀаларчу динан тобане яздина кехат
1«Сардис-гӀаларчу динан тобанан малике а дӀаязде: Иштта боху Шегахь Делан ворхӀ Са а, ворхӀ седа а Болчо: „Девза Суна шун гӀуллакхаш. Аша, шаьш дийна долуш санна, цӀераш лелайо, амма шу делла ду. 2Сама а довлий, шайна чохь дисина долу тешар чӀагӀде, иза хӀаллакьхилале. ХӀунда аьлча Суна карийна, аша деш долу гӀуллакхаш Сан Далла хьалха кхоччуш чекхдевлла цахилар. 3 aШаьш тӀеэцна болу а, шайна хезна болу а хьехамаш дагахь латтабе! Уьш лар а бе, шайн къиношна дохко а довлий, Далла тӀе а дерза. Нагахь шу сама ца довлахь, къу санна, шуна ца моьттучу хенахь вогӀур ву Со. 4Бакъду, шуна юкъахь масех стаг ву шайн бедарш къилахь долу гӀуллакхаш дарца бехъяза. Уьш, кӀайн духарш а дуьйхина, Соьца лелар бу, хӀунда аьлча уьш иштта лела хьакъ долуш бу. 5 bТолам баьккхинчунна тӀе кӀайн духар духур ду. Цуьнан цӀе дахаран тептар тӀера Ас дӀа а йойур яц. Иза Сан долахь хиларх тоьшалла а дийр ду Ас Сайн Дена а, Цуьнан маликашна а хьалха.6Лергаш долчо ладугӀийла Делан Сино динан тобанашка бохучуьнга“».
Палидалпи-гӀаларчу динан тобане яздина кехат
7 c«Палидалпи-гӀаларчу динан тобанан малике а дӀаязде: Иштта боху веза а, билггал бакъ а волчу Шен карахь Даудан догӀа Долчо. Цо неӀ дӀаястахь, цхьаьнгге а иза дӀакъовлалур яц. Цо неӀ дӀакъовлахь, цхьаьнгге а иза дӀаясталур яц. 8„Девза Суна шун гӀуллакхаш. Хьовсал! Цхьаьнгге а дӀакъовлалур йоцу неӀ дӀайиллина Ас шуна хьалха. Шун ницкъ кӀезиг белахь а, аша Сан дош а лардина, Со дӀа а ца тесна. 9 dГой шуна! Аьшпаш а буттуш, шаьш боццушехь, жуьгти ду бохуш болу иблисан гуламах берш Ас шуна хьалха дӀахӀиттор бу, шун когашка уьш охьа а тоӀуьйтуш. Хуур ду царна, Суна шу дезийла. 10Доьналла долуш хила аьлла, Аса шайна дина омра аша лардина дела, Аса а лардийр ду шу, лаьттахь дехаш долу адамаш зерхьама, кху дуьнен чу массанхьа а баланаш тӀебоуьйтур болчу заманах. 11Кестта вогӀур ву Со. Шайн долуш дерг ларделаш, цхьаьнгге а шайгара толам баккхаран таж дӀа ца даккхийта. 12 eТолам баьккхинарш Сан Делан цӀа чохь бӀогӀам хилла дӀахӀуьттур бу, цу чуьра кхин ара а бевр бац. Царна тӀехь Сайн Делан цӀе а язйийр ю Ас, Сайн Делан гӀалин цӀе а язйийр ю. Иза Сан Делера стигалара охьайогӀуш йолчу Ярушалайм-гӀалин цӀе хир ю. Сайн керла цӀе а язйийр ю Ас царна тӀехь.13Лергаш долчо ладугӀийла Делан Сино динан тобанашка бохучуьнга“».
Лаудика-гӀаларчу динан тобане яздина кехат
14 f«Лаудика-гӀаларчу динан тобанан малике а дӀаязде: Иштта боху Ша Амин волчу, Дала кхоьллина долчун Хьоста Ша волчу, тешам а болуш, билггал бакъволчу Тешо: 15„Девза Суна шун гӀуллакхаш – шу я шийла а дац, я довха а дац. Я шийла, я довха делара шу! 16Довха а, шийла а доцуш, шу мела хиларна, Ас Сайн багара а дӀадохур ду шу. 17ХӀунда аьлча аша боху: ‘Тхо дехаш а ду, хьал долуш а ду, тхуна оьшуш хӀумма а дац’. Ткъа шу ца кхета шаьш ирс дайна а, декъаза а, къен а, бӀаьрзе а, дерзина а хиларх! 18Ас иштта хьехам бо шуна: шаьш хьал долуш хилийтархьама, цӀергахь дахчийна деши эца шайна Соьгара. КӀайн духар а эца шайна, иза, тӀе а дуьйхина, шайн эхье меттигаш дӀахьулъярхьама! Хьакхар а эций, иза бӀаьргех хьакха, бӀаьрса даийтархьама! 19 gСайна везарг, метта а валош, таӀзарца нисво Ас. Цундела, дикане а кхийдаш, даггара Далла тӀедерза! 20Хьовсал! Со, неӀарах пӀелг а бетташ, лаьтташ ву. Сан аз а хезна, неӀ дӀайиллинчун цӀа чу вер ву Со. Цуьнца цхьаьна хӀума юур ю Ас, ткъа иза Соьца шуьне хуур ву. 21Толам а баьккхина, Сайн Ден Ӏаршана уллохь долчу паччахьан гӀанта тӀе Со охьахааре терра, толам баьккхинчунна бакъо лур ю Ас Сайн Ӏаршана уллохь долчу паччахьан гӀанта тӀе охьахаа.22Лергаш долчо ладугӀийла Делан Сино динан тобанашка бохучуьнга“».
Copyright information for
CheCAC2012