‏ Revelation of John 5

Тептар а, Ӏахар а

1 aТӀаккха Ӏаршана тӀехь охьахиъна Ӏаш Волчун аьтту куьйгахь хьарчийна тептар гира суна. Цу хьарчийначу тептаран шинна а агӀор йозанаш дара. И тептар, ворхӀ мухӀар а тоьхна, дӀакъевлина дара. 2Ницкъболу малик а гира суна. Цо, чӀогӀачу озаца кхайкхам беш, хоьттура: «Мила ву, хӀокху тептар тӀера мухӀарш дӀа а даьхна, иза дӀаделла хьакъ верг?» 3Стигалахь, лаьттахь, я лаьтта бухахь
Лаьтта бухахь – иза эхартехь бохург ду (хьажал 1:18).
цхьаннан а йиш яцара и тептар дӀаделла а, я цу тӀе хьажа а.
4И тептар дӀа а диллина, иза деша а, я цу тӀе хьажа а цхьа а хьакъ цахиларна, со дуккха а вилхира. 5 cОцу къанойх цхьаммо элира соьга: «Ма велха! ХӀара ду ЯхӀудан тайпанах долу Лом: Даудан Орам. Цо толам баьккхина, Цуьнан йиш ю цу тептар тӀера ворхӀ мухӀар дӀадаккха а, иза дӀаделла а».

6 dТӀаккха со дӀахьаьжча, суна гира и Ӏарш лаьттачу меттигна юккъехь, цу дийнаташна а, къаношна а юккъехь лаьтташ болу Ӏахар. Иза, сагӀина лерина бийна болуш санна, бара. Цуьнан ворхӀ маӀа а, ворхӀ бӀаьрг а бара. Дерриг а лаьтта тӀедахийтина долу Делан ворхӀ Са дара уьш. 7Ӏахаро Ӏаршана тӀе хиъна Волчун аьтту куьйгара и тептар схьаийцира. 8 eТӀаккха, Цо и тептар караэцча, диъ дийнат а, ткъе виъ къано а Ӏахарна хьалха охьавуьйжира. Цаьргахь хӀорангахь а мерз-пондарш а, дашо боганаш а дара. И боганаш хаза хьожа йогӀучу хӀуманах дуьзна дара. Боганаш чохь дерш Делан долахь болчеран доӀанаш дара. 9 fЦара, керла эшар а локхуш, бохура: «Хьакъ долуш ву Хьо,
и тептар схьа а эцна,
цу тӀера мухӀарш дӀадаха,
хӀунда аьлча Хьо вийна вара.
ХӀора тайпанашна а, меттанашна а, хӀора халкъана а, къомана а тӀера
Делан дуьхьа Хьайн цӀий Ӏанорца адамашна тӀера мах дӀабелира Ахьа.
10 gДинан дайн пачхьалкх царах йина Ахьа,
цаьрга Хьайна гӀуллакх дайтархьама.
Ткъа цара кху Лаьтта тӀехь паччахьалла дийр ду».

11 hСуна дуккха а маликаш гира, церан аьзнаш а хезира. Уьш Ӏаршана а, цигахь долчу дийнаташна а, къаношна а гонах дара. Дагарлур доцуш, эзарнашкахь дукха дара и маликаш – эзарзза эзарнаш. 12Цара, аз чӀагӀ а деш, олура: «Бийна болу Ӏахар хьакъ долуш бу
нуьцкъалалла а, хьал а, хьекъалалла а, чӀагӀо а,
ларам а, сийлалла а, хастам а дӀаэца».

13Стигалахь а, лаьттахь а, лаьттана бухахь а, хӀорда тӀехь а Дала кхоьллинчу хӀора хӀумано а – царна чохь долчу массо хӀумано а – олуш хезира суна: «Хастам, ларам, сийлалла, олалла ерриг а тӀейогӀучу заманна хуьлийла
Ӏаршана тӀехь хиъна Волчун а, Ӏахаран а».

14Ткъа цу деъа а дийнато олура: «Амин». Къаной, охьа а эгна, суждане бахара.
Copyright information for CheCAC2012