Revelation of John 6
ВорхӀ мухӀар дӀадаккхар
1ТӀаккха суна гира Ӏахаро ворхӀ мухӀарх цхьаъ дӀадоккхуш. Юха суна хезира цу деа дийнатах цхьаммо стигала къекъаш санна долчу озаца олуш: «Схьавола!» 2 aСо дӀахьаьжча, суна кӀайн дин гира. Цу тӀехь, карахь Ӏад а долуш, бере вара. Цуьнга толаман таж делира. ТӀаккха и толам боккхуш верг толам баккха вахара. 3Ӏахаро шолгӀа мухӀар дӀадаьккхича, суна хезира шолгӀачу дийнато олуш: «Схьавола!» 4 bТӀаккха расха болу кхин дин арабелира. Цу тӀе хиъна волчунна бакъо елира Лаьттара машар бохо а, адамашка вовшийн дайийта а. Оцу беречуьнга доккха тур делира. 5 cӀахаро кхоалгӀа мухӀар дӀадаьккхича, суна хезира кхоалгӀачу дийнато олуш: «Схьавола!» Со дӀахьаьжча, суна Ӏаьржа дин гира. Цу тӀехь бере вара, цуьнан карахь терза дара. 6Деа дийнатана юкъара адаман санна долу аз хезира суна: «Цхьана дийнан алапа долччул ахча а луш, кӀен деман цхьа кана я мекхан деман кхо кана схьаоьцу. Зайтдаьтта а, чагӀар а талха ма де!» 7ТӀаккха Ӏахаро доьалгӀа мухӀар дӀадаьккхича, суна хезира доьалгӀачу дийнатан озо олуш: «Схьавола!» 8 dСо дӀахьаьжча, сира дин гира суна. Цунна тӀехиъна «Ӏожалла» цӀе йолу бере вара, шена тӀаьхьахӀоьттина эхарт а долуш. Царна бакъо елира Лаьттарчу адамийн доьалгӀа дакъа туьрах а, мацаллех а, цамгарех а далийта а, иштта Лаьттарчу акхарошка уьш даийта а. 9Цо пхоьалгӀа мухӀар дӀадаьккхича, сагӀа доккхучу кхерчана бухахь Делан дош кхайкхор бахьанехь а, цара до тоьшаллаш лардар бахьанехь а дайина хилла синош гира суна. 10Уьш айдинчу озаца кхайкхира: «Мел Ӏийр ву те Хьо, Хьалдолу Эла, веза а, тешаме а Верг, Лаьттахь бехаш болчарна кхел ца еш а, тхан цӀий Ӏанорна царна таӀзар ца деш а?» – аьлла. 11ТӀаккха царна хӀоранна а кӀайн духар делира. Цаьрга элира, кхин а кӀеззиг йолчу ханна сатоха аьлла. Иштта хила дезара, цаьрга терра Ӏийсана гӀуллакх деш болчу а, уьш санна байина хин болчу а, динан вежарийн терахь кхочушхиллалц. 12 eСуна гира Ӏахаро йолхалгӀа мухӀар дӀадоккхуш. ТӀаккха чӀогӀа мохк бегийра. Малх а, Ӏаьржачу тӀергӀан духар тӀедуьйхича санна, кхоьлира. Стигалара бутт а, цӀий санна, цӀийбелира. 13 fЦӀеххьана баьллачу чехкачу мохо инжиран дитташна тӀера хилаза долу церан стоьмаш эгош санна, стигалара седарчий а Лаьтта тӀе охьаийгира. 14 gСтигал а, хьарчийна долу тептар санна, дӀа а хьаьрчина, дӀахьулъелира. ХӀора лам а, гӀайре а меттахъяьккхира. 15 hЛаьттара паччахьаш а, церан уллоранаш а, тӀеман хьаькамаш а, хьалдерш а, нуьцкъалнаш а, массо леш а, паргӀат берш а хьехашна чохь а, чӀажашна чохь а дӀалевчкъира. 16 iЦара лаьмнашка а, тархашка а бохура: «Тхуна тӀе а эгий, дӀахьулдейша тхо Ӏарша тӀехь хиъна Волчунна гарх а, Ӏахаран таӀзарх а. 17 jЦара таӀзар даран къематде тӀедеана. Иза хьаьнга лалур ду те?»
Copyright information for
CheCAC2012