Revelation of John 7
МухӀар тӀетохарца билгалваьккхина волу цхьа бӀе шовзткъе виъ эзар стаг
1 aЦул тӀаьхьа суна диъ малик гира. И маликаш лаьттан еа а агӀор лаьтташ дара. Цара Лаьттан еа маьӀӀера хьоькху биъ мох дӀалаьцнера, иза я лаьттана тӀе, я хӀордана тӀе, я цхьанна а диттана тӀе ца бахийтархьама. 2ТӀаккха кхин а цхьа малик гира суна. Иза малхбалехьара хьаладолуш дара. Цуьнан карахь дийна волуш волчу Делан мухӀар дара. Оцу малико лаьттана а, хӀордана а зулам дан бакъо еллачу деа малике, мохь туххуш, айдинчу озаца элира: 3 b«Вайн Далла гӀуллакх деш болчеран хьаьжнаш тӀе мухӀар тоххалц, зулам ма делаш я лаьттана, я хӀордашна, я дитташна». 4И мухӀар а тоьхна, билгалваьккхинарг маса стаг ву олуш а хезира суна. Уьш исраилхойн массо а тӀаьхьенах волу цхьа бӀе шовзткъе виъ эзар стаг вара. 5Иштта, ЯхӀудан тӀаьхьенах волчу шийтта эзар стагана тӀе а мухӀар тоьхна;Раабанан тӀаьхьенах а – шийтта эзар стагана;
Гадин тӀаьхьенах а – шийтта эзар стагана;
6Ашаран тӀаьхьенах а – шийтта эзар стагана;
Напталан тӀаьхьенах а – шийтта эзар стагана;
Маннашан тӀаьхьенах а – шийтта эзар стагана;
7ШимӀин тӀаьхьенах а – шийтта эзар стагана;
Левин тӀаьхьенах а – шийтта эзар стагана;
Иссарханан тӀаьхьенах а – шийтта эзар стагана;
8Забулан тӀаьхьенах а – шийтта эзар стагана;
Юсупан тӀаьхьенах а – шийтта эзар стагана;
Бен-Яманан тӀаьхьенах а – шийтта эзар стагана.
Адамийн йоккха тоба
9Цул тӀаьхьа со дӀахьаьжча, лаьтташ йолу адамийн йоккха тоба гира суна. Адамаш цхьаьнгге а дагар ца даллал дукха дара. Массо а халкъех, тукхамех, къаьмнех, меттанех схьадевллачу адамийн и тоба яра Делан Ӏаршана хьалха а, Ӏахарна хьалха а лаьтташ. Царна тӀехь кӀайн обанаш а яра, церан карахь хурманийн диттийн гаьннаш а дара. 10Цара айдинчу озаца бохура: «КӀелхьардовлар ду Ӏаршана тӀе хиъна Ӏаш волчу Делера а, Ӏахарера а!» 11Паччахьан гӀантана гонах а, къаношна гонах а, деа дийнатна гонах а массо а маликаш дара лаьтташ. Цу Ӏаршана хьалха бертал а эгна, Далла Ӏибадат дора цара. 12«Амин! Хастам а, сийлалла а, хьекъалалла а, баркалла а, ларам а, нуьцкъалалла а, чӀагӀо а хуьлийла вайн Далла ерриг а тӀейогӀучу заманна! Амин!» – бохура оцу маликаша. 13Шен къамел долош, къанойх цхьаммо соьга хаьттира: «И кӀайн обанаш тӀеюьйхина болу нах муьлш бу? Уьш мичара баьхкина?» 14 cАс цуьнга жоп делира: «Хьуна хьайна ма хаьа, эла». ТӀаккха цо элира соьга: «Уьш, боккхачу балехь а лаьттина, схьабевлла бу. Цара шайн духарш, цӀан а дина, Ӏахаран цӀийца кӀайдина. 15Цундела уьш Делан олаллин гӀантана хьалха лаьтташ бу хӀинца.Цара дийнаххьий, буьйсанний Делан цӀа чохь Далла гӀуллакх до.
Ӏарша тӀе охьахиъна Верг цаьрца цхьаьна а Ӏийр ву, Цо уьш лар а бийр бу.
16 dХӀинца дуьйна уьш меца а хир бац, хьогах а хир бац.
Уьш малхо а, йовхоно а кхин хьийзор бац.
17 eХӀунда аьлча и Ӏарш лаьттачу меттигна юккъехь болчу Ӏахаро бажор бу уьш.
Цо уьш дийна хи долчу шовданашка буьгур бу.
Дала Ша дӀадохур ду церан бӀаьрхиш».
Copyright information for
CheCAC2012