‏ Revelation of John 8

ВорхӀалгӀа мухӀар тептар тӀера дӀадаккхар

1Ӏахаро ворхӀалгӀа мухӀар тептар тӀера дӀадаьккхича, цхьана эха сахьтехь тийна хилла дӀахӀоьттира стигалахь. 2Далла хьалха лаьтташ долу ворхӀ малик гира суна. Церан кара локхуш йолу ворхӀ турба еллера.

3 aТӀаккха кхин а цхьа малик деара. Цуьнан карахь хаза хьожа йогӀу хӀума чуюьллу дашо яй бара. И малик сагӀа доккхучу кхерчана хьалха дӀахӀоьттира. Иштта алссам хьожа йогӀу хӀума а елира оцу малике. Иза елира, Делан долахь болчу массеран а доӀанашца цхьаьна, Делан Ӏаршана хьалха лаьтташ болчу сагӀа доккхучу дашо кхерчана тӀе Далла лерина долчу сагӀина охьайиллархьама. 4ТӀаккха оцу хьожа йогӀучу хӀуманах баьлла кӀур Делан долахь болчеран доӀанашца цхьаьна маликан карара Далла хьалха хьалабахара. 5 bМалико и яй, схьа а эцна, дашочу кхерчана тӀера йогуш йолчу цӀеран кӀегийх буьзира. ТӀаккха цо уьш лаьтта охьатийсира. Царах гӀовгӀа а елира, ткъес а туьйхира, стелахаьштигаш а серладийлира, мохк а бегийра.

Дуьххьара локхуш йолу йиъ турба

6Шайн карахь ворхӀ турба йолу ворхӀ малик турба лакха кечделира.

7 cХьалхарчу малико турба лекхча, цӀийх дӀаийна йолу къора а, цӀе а Лаьтта охьакхиссира, ткъа царах Лаьттан кхоалгӀачу декъах цӀе елира. Лаьттарчу диттийн кхоалгӀа дакъа а, ерриг а сийна буц а егира.

8ШолгӀачу малико а турба лекхира. ТӀаккха, богуш болчу ломах тера йолу цхьа йоккха хӀума хӀорда чу а кхоьссина, хӀордийн кхоалгӀа дакъа цӀий хилла дӀахӀоьттира. 9ХӀордашна чохь йолчу садолчу хӀуманийн кхоалгӀа дакъа а хӀаллакьхилира. Иштта хӀаллакьхилира хӀордкеманийн кхоалгӀа дакъа а.

10 dКхоалгӀачу малико а турба лекхира. ТӀаккха стигалара боккха седа охьабуьйжира. Иза, хаьштиг санна, къегаш бара. Хийн а, шовданийн а, хьостанийн а кхоалгӀачу декъа тӀе охьабуьйжира и седа. 11 eЦу седанан цӀе «сагал-буц» ю. ТӀаккха Лаьттан хийн кхоалгӀа дакъа, сагал-буц а хилла, къахьделира. Дукхахдолу адамаш, и къаьхьа хи мелла дела, делира.

12 fДоьалгӀачу малико а турба лекхира. Цул тӀаьхьа малхан а, беттан а, седарчийн а кхоалгӀа дакъа дӀахьулделира. Цундела церан кхоалгӀа дакъош кхоьлина дӀахӀиттира. Дийнан а, буьйсанан а кхоалгӀа дакъа, серло ца луш а хилла, дӀахӀоьттира.

13Со дӀахьаьжча, стигална юккъехула тӀемаяьлла йоьдуш йолчу цхьана аьрзун айдина аз хезира суна. Цо бохура: «Декъаза хир ду шу, лаьттахь дехаш долу адамаш, дисинчу кхаа малико локхун йолчу турбанийн аьзнаш шайна хезча!»
Copyright information for CheCAC2012