bАрадаккхар 10:12-15.
dАюб 3:21; Ярми-ЯхӀу 8:3.
h Арадаккхар 30:1-3.
i Забур 113:12-15; 134:15-17; Даниал 5:23.
Revelation of John 9
ПхоьалгӀа турба
1ПхоьалгӀачу малико а лекхира турба. ТӀаккха стигалара лаьтта охьабоьжна седа гира суна. Цу седанан караделира бух боцучу Ӏинна тӀебоьдучу некъан догӀа. 2 aБух боцучу Ӏинна тӀебоьдучу некъан догӀа цо дӀадаьстича, цу некъа тӀера, йоккхачу пешана чуьра санна, кӀур схьатесира. Оцу баьллачу кӀуьро малх а, хӀаваъ а кхолийра. 3 bТӀаккха лаьтта тӀе цу кӀуьра юкъара цӀоз схьаделира. Лаьттара сту лоцучу гезгийн доллу олалла делира цу цӀазана. 4 cЦхьана а бацана, цхьана а ораматна, цхьана а диттана зен ма делаш, элира цу цӀазе. Ткъа шайн хьаьжнаш тӀе Делан мухӀарш тоьхна доцучу адамашна зен дан могуьйту шуна. 5ЦӀазана тӀедиллира, адамаш дайа а ца дойуш, пхеа баттахь цаьрга хала баланаш хьегийтар. Цара хьоьгуьйту баланаш сту лоцучу гезгаша адамашка, шайн юнаш а йиттина, хьоьгуьйту баланех тера дара. 6 dЦу деношкахь адамаша шайна Ӏожалла лоьхур ю, амма царна и карор яц. Царна делла дӀадовла луур ду, амма Ӏожалла царах йодур ю. 7 eТӀехьаьжча, и цӀоз тӀамана кечдинчу дойх тера дара. Церан кортош тӀехь дашо таьжнаш санна йолу хӀуманаш яра. Ткъа церан яххьаш адамийн яххьех тера яра. 8 fЦу цӀазан месаш а зударийн месех тера яра. Ткъа церан цергаш лоьмийн цергаш санна яра. 9 gЦу цӀазана тӀехь, аьчка долуш санна, гӀаьгӀнаш дара. Церан тӀемийн гӀовгӀа вуно дукха йолчу, тӀаме чехка хахкаелла йоьдучу говрех йоьжначу гӀудалкхийн чкъургийн даьллачу доккхачу татанах тера яра. 10ЦӀазан, сту лоцучу гезгийн санна, цӀогарчий дара, цӀогарчех йохкуш юнаш яра. Пхеа баттахь адамашна зен дан белла ницкъ цу цӀазан цӀоганашкахь бара. 11Бух боцучу Ӏинан малик цу цӀазан паччахь дара. Ӏебархойн маттахь цуьнан цӀе Абаден-малик яра, ткъа грекийн маттахь Аполлиан яра (иза «хӀаллакьхуьлуьйтург» бохург ду). 12Цхьа бала дӀабаьлла. Ткъа цунна тӀаьххье тӀебогӀуш кхин а ши бала бу.ЙолхалгӀа турба
13 hЙолхалгӀачу малико а лекхира турба. ТӀаккха Далла хьалха лаьтташ болчу деших бинчу кхерчан еа маӀа чуьра цхьа аз хезира суна. 14Цо шен карахь турба йолчу йолхалгӀачу малике бохура: «Доккхачу Эпрат-хина йистехь дӀадихкина долу диъ малик дӀахеца!» 15ТӀаккха и диъ малик дӀахийцира. Адамийн кхоалгӀа дакъа хӀаллакдан сахьтана а, денна а, баттана а, шарна а кечдина долу маликаш дара уьш. 16Церан дошлойн эскарийн долу терахь хезира суна. Иза ши бӀе миллионан барамехь дара. 17Иштта сайна дуьхьалхӀоьттинчу суьртехь суна дой гира, тӀехь дошлой а болуш. Царна тӀехь дара цӀарула-цӀечу а, лилула-сийначу а, можачу саьмгалан а басахь долу гӀаьгӀнаш. Дойн кортош лоьмийн коьртех тера дара. Церан багара схьаюьйлура цӀе а, кӀур а, саьмгал а. 18Адамийн кхоалгӀа дакъа хӀаллакьхилира хӀокху кхаа баланан бахьанина: оцу дойн багара схьаюьйлучу цӀерах а, кӀуьрах а, саьмгалх а. 19Цу говрийн ницкъ церан батошкаххьий, цӀогарчашкаххьий боллура. Церан цӀогарчий лаьхьанех тера дара. Цу лаьхьанийн кортош дара, цаьрца зенаш дора цара. 20 iТкъа оцу баланех далаза дисина кхидолу адамаш, шайна Ӏибадат дархьама, шаьш куьйга йинчу хӀуманех дӀа ца дирзира. Цара Ӏамал йора жинашна а, деших а, детих а, цӀастанах а, тӀулгах а, дечигах а бинчу цӀушна а, царна хӀумма а ца гушшехь а, уьш ца лелалушшехь а. 21И адамаш дӀа ца дирзира нах байаран а, жиналла лелоран а, сийсаза долу хӀума лелоран а, къоланаш даран а некъа тӀера.
Copyright information for
CheCAC2012