‏ Revelation of John 9:7-9

7 aТӀехьаьжча, и цӀоз тӀамана кечдинчу дойх тера дара. Церан кортош тӀехь дашо таьжнаш санна йолу хӀуманаш яра. Ткъа церан яххьаш адамийн яххьех тера яра. 8 bЦу цӀазан месаш а зударийн месех тера яра. Ткъа церан цергаш лоьмийн цергаш санна яра. 9 cЦу цӀазана тӀехь, аьчка долуш санна, гӀаьгӀнаш дара. Церан тӀемийн гӀовгӀа вуно дукха йолчу, тӀаме чехка хахкаелла йоьдучу говрех йоьжначу гӀудалкхийн чкъургийн даьллачу доккхачу татанах тера яра.
Copyright information for CheCAC2012