‏ Romans 1

1Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан лай волчу, Цуьнан векал хила Дала тӀекхайкхина волчу, адамашна хаза кхаъ дӀакхайкхабайтархьама Дала къастийна волчу аса, ПахӀала, яздо хӀара кехат.

2Дала и хаза кхаъ пайхамаршкахула Шен дезачу Йозанашкахь боуьйтур бу аьлла дара. 3И хаза кхаъ Делан КӀантах лаьцна бу, ткъа Иза, Цуьнан адаман сибате хьаьжжина, Даудан хӀух схьаваьлла ву. 4Цуьнан синан а, Делан а сибате хьаьжжина, сийлахьчу ницкъаца Иза, Делан КӀант ву аьлла, гучуваьккхина вара, Иза веллачуьра денвелла дела. И Делан КӀант – вайн Веза Эла, Дала леррина къобалвина Ӏийса ву. 5Цуьнгахула кхечира суна векал хила аьлла долу совгӀат, Цуьнан дуьхьа кхин мел долчу къаьмнех болу нах Делах тешийта а, Цунна муьтӀахь хилийта а. 6Шу а ду, римхой, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан долахь хила тӀекхайкхинчарна юкъахь.

7Рим-гӀалахь бехаш болчу Далла безначаьрга, Цуьнан долахь хила къастийначаьрга массаьрга а яздо аса:

Вайн Да волчу Делера а, Веза Эла волчу Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагара а долу доккха дика а, синпаргӀато а хуьлда шуна.

Хастамаш баран доӀа

8Уггар а хьалха шуна массарна а тӀера Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагахула Далла хастамаш бо аса, хӀунда аьлча дуьнен тӀехь массанхьа а дуьйцуш ду шун тешарх лаьцна. 9Сайн доӀанашкахь шух лаьцна даим ас доьхуш хиларан сан теш Дела ву, ас Шена даггара, Цуьнан КӀантах лаьцна болу хаза кхаъ кхайкхош, гӀуллакх деш волу. 10Сайн доӀанашкахь даим доьху аса Деле Шен лаамца шу долчу кхача сан аьтто бар, 11хӀунда аьлча суна чӀогӀа шу ган лаьа, Делан Сино луш долу дика шуьца декъархьама а, цуьнгахула тешарехь шу чӀагӀдархьама а. 12И бохург хӀара ду: вай вешан тешарехула вовшийн иракарахӀиттор ду: сан тешаро шу иракарахӀиттор ду, ткъа шун тешаро – со.

13 aДинан вежарий! Шуьга дӀахаийта лаьа суна: дукхазза а шу долчу ван кечвеллера со, амма, хӀара хан тӀекхаччалц, и дан сан аьтто ца болура. Кхечу къаьмнех болчу вукху нахана юкъахь санна, шу долчохь а стом кхио лаьара суна. 14Массо а къаьмнашна: грекахошна а, грекахой боцучарна а – дешна болчарна а, боцучарна а – декхарийлахь ву со. 15Цундела ву со шуна а, Рим-гӀалахь дехарш, хаза кхаъ дӀакхайкхо кийча.

Хазачу кхоан ницкъ

16 bСуна эхь ца хета хаза кхаъ дӀакхайкхо, хӀунда аьлча и кхаъ Делан ницкъ бу Ӏийсах мел тешарг кӀелхьарваккха – хьалха жуьгтий, тӀаьхьа кхечу къаьмнех болу нах а. 17 cОцу хазачу кхоо гойту, адамаш Дала бакъ муха до. И бакъдар, юьххьера дуьйна чаккхенга кхаччалц, тешарехула ду. Делан Йозанашкахь яздина ма-хиллара: «Делах тешарца бакъвинарг Далла уллохь вехар ву
Я иштта: Делан лаамехь верг Цунах тешарца вехар ву.
».

Массо а адамашна тӀехь къинош ду

18Харцонаш а лелош, билггал долу бакъдерг къайладоккхуш болчу нехан Ӏесаллина а, харцдолчунна а тӀе стигалшкара Делан оьгӀазло гучуйоккхуш ю. 19Иза иштта ду, хӀунда аьлча Делах лаьцна хаа тарлуш дерг массарна а хууш ма ду, Дала Ша иза царна хаийтина дела. 20ХӀунда аьлча, гуш а боцуш, ткъа даим болуш болу Делан ницкъ а, Цуьнан Дела хилар а гуш ду, Дала дуьне кхоьллинчу хенахь дуьйна. Массо а кхоьллинчу хӀуманах церан кхета таро ю, цундела оцу адамийн бехказадовлийла яц Дела царна ца вовзарна. 21 eХӀунда аьлча шайна Дела вевззашехь, оцу адамаша хьакъ мадду сий а ца дора Делан, Цунна хастамаш а ца бора. И даран метта адамаш эрначу ойланашкахьа дирзинера, кхетам боцу церан дегнаш Ӏаржделлера. 22Шаьш хьекъал долуш ду а бохуш, уьш сонта бовлуш бара. 23 fЦкъа а лийр воцучу Делан сийлалла цара хийцира цӀушна Ӏамалъярх. И цӀуш лийр долчу адамийн а, хьозанийн а, дийнатийн а, текхаргийн а куьцехь бара. 24Цундела и адамаш шайн дегнийн хьарамчу лаамийн карахь дитира Дала, ткъа цара вовшашца сийсаза а лелаш, къиношца шайн догӀмаш бехдира. 25Делах лаьцна долу бакъдерг харцдолчух а хийцина, Дала кхоьллинчу хӀуманашна Ӏибадат дора цара, шаьш Кхоьллинчунна Ӏибадат даран метта. Ткъа Цунна даим бу хастам, амин!

26Цундела Дала эхье болчу, боьхачу лаамийн карахь битина уьш. Зударша шайн хила еза юкъаметтиг, вовшашца сийсаза а лелаш, хила ца еззачу тайпана йинера. 27Божарий а, зударшца хила езачу юкъаметтиган метта, вовшашка эхье болчу лаамех буьзнера. Эхь-бехк а дайна, уьш вовшашца лелара. Иштта леларца шайн догӀмаш къинойх дузура цара. Шайн тилабаларца хьакъ доллу Делан оьгӀазло шайн коьрта тӀе йоуьйтура цара.

28Дела вовзар царна мехала хӀума ца хетта дела, Цо уьш тиладеллачу хьекъалан долахь битина. Иштта лело цадезарг леладо цара. 29Массо а тайпана зуламех а, мекараллех а, бӀаьрмецигаллех а, вочух а буьзна бу уьш. Иштта хьогӀах а, адамаш дайа лаарх а, эмгараллах а, ямартлонах а, луьраллах а буьзна бу уьш. Цара эладитанаш леладо. 30Вовшашна мотт бетта цара. Дела ца веза царна. КӀоршаме а, кураллех буьзна а, дозаллаш деш а, зулам дар лоьхуш а, шайн дай-наношка ла ца дугӀу цара. 31Хьекъал долуш бац уьш. Тешаме а бац уьш, эсала а, къинхетаме а бац. 32Ишттаниг лелораш хӀаллакьхила хьакъ долуш буйла шайна хуъушехь, шаьш иштта лелла а ца Ӏаш, цара ишттаниг деш болу кхиберш а бакъбо.
Copyright information for CheCAC2012