cЕшаӀ-ЯхӀу 28:16 (Грекийн).
fЕшаӀ-ЯхӀу 53:1 (Грекийн).
g Забур 18:5 (Грекийн).
i ЕшаӀ-ЯхӀу 65:1 (Грекийн).
j ЕшаӀ-ЯхӀу 65:2 (Грекийн).
Romans 10
1Динан вежарий! Доггах лаьа суна исраилхой а кӀелхьарбаьхна хила. Цунах лаьцна доьху аса Деле. 2Царах тоьшалла до аса: хьекъалца нийса некъ шайна ца бовзахь а, Далла леррина гӀуллакх деш бу уьш. 3Дала стаг Шена хьалха муха бакъво шаьш ца кхета дела, иза шайгара хилийта гӀиртина дела, Дала нах бакъбеш болчу некъана муьтӀахь ца хилира уьш. 4Товрат-хьехамаш буьззина кхочуш а бина, Дала леррина Къобалвинарг цу хьехамийн чаккхе хилира, Цунах тешарехула Далла хьалха бакъвар хӀоранна а хилийтархьама. 5 aТоврат-хьехамаш кхочушбарца Далла хьалха адам бакъдарх лаьцна Муса-пайхамаро иштта боху: «Товрат-хьехамаш кхочушбийриг цаьрца вехар ву». 6 bТкъа тешарца Далла хьалха адамаш бакъдарх лаьцна цо иштта боху: «Шайн дегнашкахь ма хетта: „Мила вер ву стигалшка хьала?“– бохуш», (иза ду Дала леррина Къобалвинарг кхуза охьавалорхьама). 7«Иштта ма хетта шайн дегнашкахь: „Мила вуссур ву эхарте?“– бохуш», (иза ду, Дала леррина Къобалвинарг беллачарна юкъара кхуза хьалаваккхархьама). 8ХӀан-хӀа! ХӀун аьлла ду Делан Йозанашкахь? «Делан дош хьуна юххехь а ду, хьан матта тӀехь а ду, хьан дог чохь а ду». И дош вай адамашна хьоьхуш долчу тешарх лаьцна ду. 9«Ӏийса Веза Эла ву!» – бохург хьайн баганца ахь къобалдахь, Дала Иза веллачуьра денвина хиларх хьо даггара тешахь, хьо кӀелхьарваьккхина хир ву. 10ХӀунда аьлча даггарчу тешаро стаг Далла хьалха бакъвина хиларна тӀевалаво, ткъа баганца къобалдаро стаг кӀелхьарваьккхина хиларна тӀевалаво. 11 cДелан Йозано боху: «Муьлхха а Цунах тешаш верг юьхьӀаьржачу хӀуттур вац». 12Иштта, цхьа а тайпа башхо яц жуьгтичунна а, кхечу къомах волчунна а юкъахь, хӀунда аьлча Веза Эла массарна а цхьаъ ву, ткъа Шега кхойкхуш мел верг хӀорра а алссам декъалво Цо. 13 dДелан Йозанашкахь яздина ма ду: «ХӀорра а, Везачу Элан цӀе а йоккхуш, Цуьнга кхойкхуш верг, кӀелхьарвоккхур ву». 14Ткъа Цуьнга муха кхойкхур бу уьш, Цунах шаьш тешаш ца хилча? Муха тешар бу уьш, Цунах лаьцна шайна хезна а ца хилча? Муха хезар ду царна, Цунах лаьцна цхьаммо а дӀакхайкхош ца хилча? 15 eТкъа наха муха дӀакхайкхор ду, дӀакхайкхо шаьш бохуьйтуш ца хилча? Яздина ма-хиллара: «Хаза кхаъ бахьаш болчу геланчийн когаш мел хаза бу!» 16 fАмма исраилхоша массара а ца ийцира и хаза кхаъ тӀе. ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаро аьллера: «Веза Эла! Мила тийшира оха хьехначух?» 17Делахь, Дала леррина Къобалвинчух лаьцна долу дош цхьаммо кхайкхийча, адамашна хаза кхаъ хеза, ткъа и кхаъ хезча, адамаш Цунах теша. 18 gТкъа аса хоьтту: царна ца хезнера хаза кхаъ? Дера хезнера. Делан Йозано боху: «Дерриг а лаьтта тӀехула чекхъяьлла церан лар.Дуьне мел ду дӀакхаьчна церан тоьшалла».
19 hАса юха а хоьтту: Исраилан халкъ кхетта дацара ткъа? Муса-пайхамаро дуьххьара иштта боху: «Халкъ доцучу халкъе
Ас хьагӀ хуьлуьйтур ю шун,
ткъа кхетам боцучу халкъан гӀоьнца
Аса оьгӀазло хуьлуьйтур ю шуьгахь».
20 iТкъа ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаро майрра боху: «Ца лехначарна
Со карийна,
Сох лаьцна ца хоьттучарна
Со вовзийтина Аса».
21 jТкъа Исраилан халкъах лаьцна Дала ЕшаӀ-ЯхӀугахула иштта боху: «Дийнахь сарралц Ӏийра Со Сайн куьйгаш дӀакховдийна муьтӀахь доцучу а, карзахдуьйлучу а халкъе».
Copyright information for
CheCAC2012