‏ Romans 10:6-8

6 aТкъа тешарца Далла хьалха адамаш бакъдарх лаьцна цо иштта боху: «Шайн дегнашкахь ма хетта: „Мила вер ву стигалшка хьала?“– бохуш», (иза ду Дала леррина Къобалвинарг кхуза охьавалорхьама). 7«Иштта ма хетта шайн дегнашкахь: „Мила вуссур ву эхарте?“– бохуш», (иза ду, Дала леррина Къобалвинарг беллачарна юкъара кхуза хьалаваккхархьама). 8ХӀан-хӀа! ХӀун аьлла ду Делан Йозанашкахь? «Делан дош хьуна юххехь а ду, хьан матта тӀехь а ду, хьан дог чохь а ду». И дош вай адамашна хьоьхуш долчу тешарх лаьцна ду.
Copyright information for CheCAC2012