Romans 11
Исраилан халкъе Делан болу безам
1 aАса юха а хоьтту: «Дала Шен халкъ дӀатесна те?» Дера ца тесна! Со а ма ву ИбрахӀиман хӀух схьаваьлла а, Бен-Яманан тайпанах волу а исраилхо. 2Дала дӀа ца тесна хьалххе дуьйна Ша хаьржина долу Шен халкъ. Шуна ца хаьа, хӀун боху Эли-ЯхӀу-пайхамарах лаьцна Делан Йозанашкахь? Исраилан халкъах лаьцна Деле латкъам беш, иштта боху цо: 3 b«Веза Эла! Хьан пайхамарш хӀаллакбина, Хьан сагӀа доккху кхерчаш бохийна. Со цхьаъ бен висина вац, ткъа со а вен дагахь лоьху цара». 4 cТкъа хӀун жоп делира Дала цунна? «Аса цӀу волчу БаӀална горахӀоьттина воцу ворхӀ эзар стаг витина Сайна», – элира Цо. 5ХӀинцалерчу хенахь а изза хуьлу: исраилхойх цхьаболу нах Ӏийсах тешаш бу, ткъа Дала уьш Шен диканца хаьржина. 6Делан диканца иза хилча, адамаша динчу дикачу гӀуллакхашца доьзна дац иза. Иштта ца хилча, Делера долчу диканах дика хир дацара. 7Иштта жамӀ дан мега: Исраилан халкъана ша лехнарг ца карийра. Дала хаьржинарш бен ца кхечира Делан дикане. Ткъа биснарш Дала дагца дарбинера. 8 dДелан Йозанашкахь яздина ма-хиллара: «Дала церан дегнаш артдина,таханлерчу дийне схьакхаччалц
хӀумма а ца го бӀаьргаш а,
хӀумма а ца хеза лергаш а
церан хилийтархьама».
9 eДауд-паччахьо боху: «Цара шаьш-шайна хӀиттийначу тойнашкахь
гуро а, речӀано а лоцийла уьш.
Гал а бевлла, охьаэгийла уьш,
бекхам а бойла царна.
10Бода богӀийла
церан бӀаьргашна хӀумма а ца гархьама,
баккъаш а хуьлийла церан ситтина
гуттаренна а».
11Аса юха а хоьтту: «Жуьгтий гуттаренна а галбевлла те?» Дера ца бевлла! Мелхо а, церан галбовлар бахьана долуш кхечу къаьмнех болчу нахана кӀелхьардовлар карийна, исраилхойн цаьрга хьагӀ хилийтархьама. 12Ткъа церан галбовлар дуьнен чуьра адамашна а диканна хилча, церан синан эшар кхечу къаьмнех болчу нахана диканна хилча, мел сов дика хир ду, уьш кхоччуш барамехь хилча! 13Шуьга боху аса, кхечу къаьмнех болу нах: шун векал со хиларна, сайн балхах дозалла до аса. 14Цаьрга хьагӀ хилийта соьга меттахбахалур бац те сан къомах берш, иштта кӀелхьарбахалур бац те соьга царах цхьаберш? 15Сан къомах берш дӀатасарна, дуьнен чуьра нахаца Дела тайча, тӀаккха сан къомах берш тӀеэцар кхин хӀун хир ду, беллачуьра денбалар дацахь?! 16Бедан хьалхарчу декъах деттинарг Делан долахь хилча, берриг а бод Цуьнан долахь бу. Диттан орамаш даздина хилча, диттан гаьннаш а хир ду иштта даздина. 17Зайт-диттана тӀе, шен долу гаьннаш дӀа а хедийна, акхачу диттан гаьннаш тӀедогӀаре терра, иштта, кхечу къаьмнех болу нах, шу а тӀедоьгӀна долу га санна ду, зайт-диттан орамех схьаболучу ницкъах а, дахарх а дӀакхетта. 18Амма дӀахедийначу гаьннашна хьалха куралла ма елахь. Дагадаийталахь хьайна, орам латтош верг хьо ца хилар, ткъа хьо оцу орамо латтош хилар. 19Ахьа ала там бу: «И гаьннаш со тӀедогӀийтархьама хадийна ма ду». 20Нийса ду. Делахь а, Дала леррина Къобалвинчух тешар церан ца хиларна, уьш дӀахедийна, ткъа хьо Цунах тешар хьайн хиларна бен лаьтташ вац. Цундела куралла ма е, ткъа кхоьруш хила. 21ХӀунда аьлча диттан шен долу гаьннаш а Дала кхоош ца хилча, ойла ехьа: хьо кхоор вуй те Цо? 22Хьо гуш ву-кх: Дела диканца лела, ткъа Иза къизаллица лела. Шех дӀабирзинчарна Цо къизалла йо, ткъа хьуна дика до, нагахь санна Цуьнан диканехь хьо кхидӀа а висахь. Иштта ца хилахь, хьо а хир ву дӀахадийна. 23Ткъа вуьш а, зайт-диттана гаьннаш тӀедогӀаре терра, церан хьалхалерчу меттиге юхахӀиттор бу, нагахь санна Дала леррина Къобалвинчух ца тешаш уьш ца бисахь, хӀунда аьлча Дела ницкъ болуш ву, уьш юха а шайн меттиге дӀахӀитто. 24Акхачу зайт-диттах дӀахедийна долу гаьннаш, Ӏаламна дуьхьал иза делахь а, дикачу зайт-диттана тӀе доьгӀна хилча, тӀаккха дикачу зайт-диттах дӀахедийнарш кхин а дика дугӀур ма ду шайн долчу дитта тӀе. 25Динан вежарий! Суна ца лаьа, хӀара Делан къайле ца евзаш шу дита, шайх дозалла а деш, шу ца Ӏайтархьама. Цхьаболчу исраилхойн дегнаш хӀуъа а бен ца хеташ хилар цхьана ханна а бен дац. Иштта хир ду, кхечу къаьмнех долу адамаш буьззина болчу барамехь Далла тӀедерззалц. 26 fЦул тӀаьхьа дерриг а Исраилан халкъ кӀелхьардоккхур ду, яздина ма-хиллара: «КӀелхьардохург Цийонера вогӀур ву.
Якъубан тӀаьхьенан ерриг а Ӏесалла дӀайоккхур ю Цо.
27 gАса иштта барт бийр бу цаьрца,
церан къиношна Айса гечдича».
28 Хаза кхаъ тӀе ца эцна дела, исраилхой Делан мостагӀий бу, ткъа иза кхечу къаьмнех долчу шуна пайденна ду. ХӀетте а, Дала уьш хаьржина дела, Далла безаш берш бу уьш, церан дайшка дина долу ваӀда бахьана долуш. 29Дала Шена тӀебало хаьржинчарах лаьцна а, Ша динчу совгӀатех лаьцна а бина болу Шен сацам цкъа а ца хуьйцу. 30Уьш Далла муьтӀахь ца хиларна, мацах Далла муьтӀахь хилла доцучу шух Цо къинхетам бина. 31Иштта хӀинца уьш Далла муьтӀахь боцуш хилла, Ша шух къинхетам бинчу тайпана, царах Цо хӀинца ▼
▼ХӀинца – цхьадолчу тептарш тӀехь и дош ца хуьлу.
къинхетам бархьама. 32ХӀунда аьлча массо а адам Дала Шена муьтӀахь ца хиллачу йийсаре далийна, царах массарах а къинхетам бар тардалийтархьама. Дела хастор
33 iЭхӀ, ма барам боцуш хьал долуш ду-кх Делан хьекъалалла а, кхетам а! Вайн хьекъал ца кхочу Цуьнан сацамех кхета, вай тӀаьхьа ца кхиало Цуьнан некъашна! 34 jДелан Йозанашкахь ма аьлла: «Делан хьекъал хьанна девзар ду,я мила хир ву Цуьнга хьехамаш бан йиш йолуш?
35 kХьан елла Цунна цхьа хӀума,
цунна Иза декхарийлахь а волуш?»
36 lХӀунда аьлча массо а хӀума Дала кхоьллина а ду, Цо латтош а ду, Цуьнан дуьхьа лаьтташ а ду. Сийлалла ду Цуьнан абаденналц! Амин!
Copyright information for
CheCAC2012