Romans 12
Далла гӀуллакх деш долу дахар
1Аса цундела доьху шуьга, динан вежарий, дийна а, деза а, Далла тамехь долу а сагӀанаш санна, шайн догӀмаш Далла дӀало. Далла деш долу и тайпа гӀуллакхаш товш ду шуьгахь. 2ХӀокху дуьненан ойланашца ма лелалаш, амма шайн хьекъал, метта а даладайтина, Деле карладаккхийта. ТӀаккха бевзар бу шуна шайх лаьцна болу Делан лаам. Шуна хуур ду Далла хьалха диканиг а, Далла тамехь дерг а хӀун ду а, Делан кхачаме лаам муха бу а. 3Аса шух хӀорранга а боху, сайна Дала деллачу дикане хьаьжжина: шайх лаьцна хила езачул лекха ойланаш ма хилийталаш, амма, шайна хӀоранна а Дала деллачу тешаре хьаьжжина, оьзда ойла елаш. 4 aВайн дегӀ цхьаъ делахь а, цуьнан дуккха а меженаш ю. И меженаш цхьатерра гӀуллакхаш кхочушдеш яц. 5Иштта вай а, ваьш дукха делахь а, Дала леррина Къобалвинчуьнца а долуш, цхьа дегӀ ду, ткъа вайх хӀора а цу дегӀан вовшахтоьхна меже ю. 6 bВайна хӀоранна а, Дала шена деллачу дикане хьаьжжина, похӀма делла. Делера болу хаамаш баран похӀма хьайна деллехь, иза дӀакхехьа, хьайн долчу тешаре хьаьжжина. 7Дала хьуна кхечарна гӀуллакх даран похӀма деллехь, и гӀуллакх дӀакхехьа. Цо хьуна динан хьехамча хилар деллехь, хьеха. 8Уллорачун догъэца похӀма хьан делахь – догъэца. Хьайн йолчу хӀуманийн кхечаьрца дакъа дан похӀма хьан делахь, уьш комаьрша дӀасаекъа. Куьйгалла дан похӀма хьан делахь, доггах куьйгалла де. Къинхетам баран похӀма хьан делахь, иза а хазахетарца де. 9Шун безам даггара хуьлийла. Вониг ма дезалаш, ткъа диканиг ларделаш. 10Вежаршка санна хуьлучу безамца вовшийн дезалаш, вовшийн алсам ларалаш. 11Мало а ца еш, дукха болх белаш. Даим доьналла а долуш, Далла гӀуллакх делаш. 12Хазахетарца сатийсалаш. Халонаш собарца ловш хилалаш. Даим а доӀанаш делаш. 13Делан нехан эшамехь дакъалоцуш хилалаш, хьеший доггах тӀеэцалаш. 14 cШайга баланаш хьоьгуьйтурш декъалбелаш. Декъалбелаш, сардамаш ма дехалаш. 15Самукъане болчаьрца самукъане хилалаш, боьлхуш болчаьрца делхалаш. 16 dВовшашца бертахь Ӏелаш. Шайх лаьцна лакхара ойланаш а ца еш, мискачаьрца а тӀекаре хилалаш. Шайн кхетамах лаьцна кура ойланаш ма елаш. 17Цхьанна а зуламна дуьхьал зулам ма делаш, мелхо а, массо а адамна хьалха оьзда дерг лело гӀерталаш. 18Шайн ма-хуьллу, массо а адамца бертахь даха гӀерталаш. 19 eСан хьоменаш! Цкъа а бекхамаш бан ма гӀерталаш, ткъа иза Делан кара дӀалолаш. Яздина ма ду: «„Бекхам Соьгахь бу, Ас хьакъ дерг дӀалур ду“, – боху Везачу Эло». 20 fМелхо а Делан Йозанашкахь иштта яздина ду: «Хьан мостагӀа меца велахь, иза вузаве. Хьогах иза велахь – хи ло цунна. Иштта дерг дарца цуьнан коьрта тӀе догуш долу кӀегий гулдо ахьа». 21Воне хьо эша ма вайта, ткъа диканиг дарца вонна тӀехь толам баккха.
Copyright information for
CheCAC2012