‏ Romans 13

Ӏедална гергахь долу декхарш

1ХӀора адам пачхьалкхана урхалла дечарна муьтӀахь хила деза. Урхалла дан бакъо, Дала елча бен, ма ца хуьлу, ткъа болуш болу урхалчаш Дала дӀахӀиттийна бу. 2Цундела Ӏедална дуьхьалваьлларг Дала динчунна дуьхьалваьлларг хуьлу. Ткъа иштта дерг долуьйтучара шайна тӀе кхел йоуьйту. 3ХӀунда аьлча дика гӀуллакхаш дечарна урхалчаш кхераме бац, зуламе гӀуллакхаш дечарна бу. Ӏедалах ца кхоьруш Ӏен лаьий хьуна? Дика де, тӀаккха Ӏедало хьо хастор ву. 4Урхалчаш Далла гӀуллакх деш ма бу. Уьш хьуна дика дан къахьоьгуш бу. Нагахь санна хьо зулам доккхуш велахь, кхералахь. ХӀунда аьлча цара эрна лелош дац тур: уьш Делан гӀоьнчий бу, зулам дечарна догӀу таӀзар цаьргахула деш ву Дела. 5Иштта, таӀзарх кхерарна хилла а ца Ӏаш, вайн дог цӀена хилийтархьама, вай урхалчашна муьтӀахь хила деза.

6 aЦундела урхалчашна йогӀу ял дӀало, уьш и гӀуллакх даим кхочушдан дӀахӀиттийна Делан белхалой болу дела. 7ХӀоранна а хьакъ дерриг дӀало: ял яла езачунна – ял, ясакх яла езачунна – ясакх, кхера везачух – кхера, лара везарг – лара.

Вовшашна юкъахь долу декхарш

8Цхьанна а цхьа а хӀума декхарийлахь ма хилалаш, вовшашна дӀабала беза безам боцург, хӀунда аьлча кхиверг везаш волчо товрат-хьехамаш кхочушбина. 9 bТоврат-хьехамашкахь дукха весеташ ду. Царна юкъахь ишттанаш а ду: «Нахаца ма лела, адам ма де, къола ма де, кхечу стеган цхьа а хӀума шайна ма деза». Амма и дерриге а весеташ хӀокху цхьана дашна тӀедогӀу: «Хьайн уллораниг хьо санна веза». 10Безамо уллохь волчунна зулам ца дойту. Цундела безам хилар – товрат-хьехамаш кхочушбар ду.

11И дерриге а кхочуш а деш, даха, самадовла хан тӀекхаьчнийла а хууш, хӀунда аьлча вай дуьххьара тешаре даьхкинчу хенахь чул, хӀинца герга ду Дала вай кӀелхьардахарна. 12Буьйса дӀаяьлла, де тӀекхаьчна. Цундела боданан гӀуллакхех дӀа а дерзий, серлонан долчу герзаца кийча хила вай. 13Оьзда даха вай, дийнан серлонгахь даха ма-деззара: лар тӀера а ца довлуш, малар тӀех а ца доккхуш, боьха лаамаш а, къилахь долу хӀума дар а дитина, девнаш а ца дохуш, хьагӀ а йоцуш. 14Иштта долу гӀуллакхаш лелочул, Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсах тарлуш даха вай, вайн синан лаамаш муха кхочушбийр бара те бохуш, ойланаш а ца еш.
Copyright information for CheCAC2012