Romans 14
Хьайн динан ваша бехке ма ве
1 aТешар тӀехь чӀагӀвелла воцу стаг, цунна хетарг дийцаре а ца доккхуш, ша ма-варра тӀеэца. 2ХӀунда аьлча цхьаволчун тешаро, къеста а ца еш, муьлхха а хӀума яа магадо цунна. Тешар тӀехь чӀагӀвелла воцучу вукхо хасстоьмаш бен ца боу. 3Муьлхха а йолу яа хӀума юуш верг ма хуьлийла ца вешаш иза юуш воцучух. Юуш воцучо а бехке ма войла муьлхха а кхача бууш верг, хӀунда аьлча иза а Дала тӀеэцна ву. 4Мила ву хьо, хьайн воцу лай бехке ван воллург? Ирахь лаьтташ велахь а, я охьавоьжнехь а, иза шен элана хьалха ву. Иза лоттуьйтур ву: Веза Эла ницкъ болуш ву иза латтийта. 5Цхьаммо цхьа де вукхул дезо лору, ткъа вукхунна массо а денош хета цхьатерра. ХӀора а шен хьекъалца теша ша бакъхиларх. 6Денош къесточо Везачу Элана къестадо уьш. Муьлхха а кхача бууш волчо Везачу Элан дуьхьа боу, хӀунда аьлча цо баркалла олу Далла. Бууш воцучо а Везачу Элан дуьхьа ца боу, цо а Далла баркалла олу. 7Вайх цхьа а шен дуьхьа бен ваьхна ца Ӏа, цхьа а шен дуьхьа бен велла ца Ӏа. 8Вай дахахь а, Везачу Элан дуьхьа деха, вай лахь а, Везачу Элан дуьхьа ле. Иштта, дехаш я леш делахь а, Везачу Элан долахь ду вай. 9ХӀунда аьлча Дала леррина Къобалвинарг дийна болчарна а, беллачарна а тӀехь олалла дархьама вала а велла, ден а велла. 10 bТкъа стенна бехке во ахьа хьайн динан ваша? Я стенна ца веша хьо хьайн веших? Вай массо а Далла хьалха дӀахӀитта ма деза, Цуьнга ваьшна кхел яйтархьама. 11 cЯздина ма ду: «Дийна волчу Сайх чӀагӀо йо Аса,боху Везачу Эло,
хӀора а адам, гора а хӀоьттина,
Суна хьалха суждане гӀур ду,
ткъа Со Дела хиларх лаьцна
хӀора маттахь тоьшалла дийр ду».
12Иштта, Далла хьалха вайх хӀораммо а ша-шех жоп лур ду.
Къинош ма летадайта кхечуьнга
13ХӀинца чул тӀаьхьа вовшийн бехке ма де вай. Цул сов, вай ларло вешан динан вежаршна къинош лето а, уьш галбовлийта а меттиг ялийтарх а. 14Веза Эла волчу Ӏийсагахула суна хаа а хаьа, со тешна а ву цхьа а кхача ша-шеца хьарамниг долуш ца хиларх. Адамна, шена хьарам хеташ ерг бен, цунна хьарам яц. 15Хьайн вешина хьарам хетарг а юуш, цунна халахетар деш хьо велахь, иза даггара везаш лелаш вац хьо. ХӀаллак ма вехьа айхьа юучуьнца Дала леррина Къобалвинчо цуьнан дуьхьа Шен дахар дӀаделларг. 16Шайна дика хетачух бахьана ма хилийта кхечарна шух лаьцна вониг дийца. 17ХӀунда аьлча Делан Олалла даарца а, маларца а доьзна дац. Делан Сино луш долчу Делан лаамехь хиларца а, синпаргӀатонца а, хазахетарца а доьзна ду иза. 18Иштта а вехаш, Дала леррина Къобалвинчунна гӀуллакх деш верг Далла тамехь а ву, наха лоруш а ву. 19Цундела барт хилар а, вовшийн тешар тӀехь иракарахӀиттор а леха вай. 20Юуш ерг бахьана долуш, Дала динарг ма дохаде вай. Массо а хӀума яа хьанал ю, амма хьайн ваша галволуьйту хӀума яар вон ду. 21Жижиг цадаар а, чагӀар цамалар а, динан ваша галволуьйтуш долу цхьа а хӀума цадар гӀолехь ду. 22Цу хӀуманех лаьцна долу хьан тешар хьайн даг чохь а, Далла хьалха а хилийта. Декъала ву шена дика хетачунна тӀехь ша бехке цавийриг. 23Ткъа шеконаш йолуш верг Дала бехке вийр ву, нагахь санна шена хьарам хетташехь, цхьа хӀума цо яахь, хӀунда аьлча ша дийриг цо тешарехула ца до, ткъа тешарехула деш доцу массо а хӀума къилахь ду ▼▼Цхьадолчу тептарш тӀехь аяташ 16:25-27 кхузахь тӀетоьхна ду.
.
Copyright information for
CheCAC2012