Romans 14:1-6
Хьайн динан ваша бехке ма ве
1 aТешар тӀехь чӀагӀвелла воцу стаг, цунна хетарг дийцаре а ца доккхуш, ша ма-варра тӀеэца. 2ХӀунда аьлча цхьаволчун тешаро, къеста а ца еш, муьлхха а хӀума яа магадо цунна. Тешар тӀехь чӀагӀвелла воцучу вукхо хасстоьмаш бен ца боу. 3Муьлхха а йолу яа хӀума юуш верг ма хуьлийла ца вешаш иза юуш воцучух. Юуш воцучо а бехке ма войла муьлхха а кхача бууш верг, хӀунда аьлча иза а Дала тӀеэцна ву. 4Мила ву хьо, хьайн воцу лай бехке ван воллург? Ирахь лаьтташ велахь а, я охьавоьжнехь а, иза шен элана хьалха ву. Иза лоттуьйтур ву: Веза Эла ницкъ болуш ву иза латтийта. 5Цхьаммо цхьа де вукхул дезо лору, ткъа вукхунна массо а денош хета цхьатерра. ХӀора а шен хьекъалца теша ша бакъхиларх. 6Денош къесточо Везачу Элана къестадо уьш. Муьлхха а кхача бууш волчо Везачу Элан дуьхьа боу, хӀунда аьлча цо баркалла олу Далла. Бууш воцучо а Везачу Элан дуьхьа ца боу, цо а Далла баркалла олу.
Copyright information for
CheCAC2012