Romans 15
Хьайна тамехь дерг а ца деш, кхечунна тамехь дерг де
1Тешар тӀехь чӀагӀделлачу вай чӀагӀбелла боцучарна гӀо дан деза, ваьшна тамехь дерг дина а ца Ӏаш. 2Вайх хӀораммо а уллорачунна тамехь дерг дан деза, иза цунна диканна а, иракарахӀотторна а хуьлуьйтуш. 3 aХӀунда аьлча Дала леррина Къобалвинчо а ца дора Шена тамехь дерг. Амма яздина ма-хиллара: «Хьо сийсазвочеран сийсаза дешнаш Суна тӀедоьжна». 4Ткъа хьалха яздина мел долу хӀума вайна хьехамна яздина ду, Делан Йозанаша вайна лучу доьналлица а, иракарахӀитторца а вешан сатийсар хилийтархьама. 5Доьналлин а, иракарахӀитторан а хьоста волчу Дала шуна лойла, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан дахаран масале хьажарна, вовшашна юкъахь цхьа ойланаш хилар. 6Иштта хилча, цхьана синца а, цхьана дешнашца а хаставан тарло аша Дела, вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан Да.Кхечу къаьмнех болчу нахана лерина хаза кхаъ
7Цундела, Дала леррина Къобалвинчо шаьш тӀеэцаре терра, аша а тӀеэца вовшийн, Дела хаставархьама. 8Дагадаийталаш, Дала леррина Къобалвинарг жуьгташна ▼▼Жуьгташна – Грекийн маттахь: сунтбинчарна.
ялхо хилира, Дела тешаме хилар гайтархьама. Иштта, Иза веара, церан дайшна дина долу ваӀда кхочушдархьама а, 9 cкхечу къаьмнех болчу нахе а Дала шайна динчу диканна хастамаш байтархьама а. Яздина ма-хиллара: «Аса Хьо кхечу къаьмнашна юкъахь хестор ву,иллешкахь ас Хьан цӀе язйийр ю».
10 dКхин а аьлла ду: «Даккхийде, кхечу къаьмнех долу адамаш,
Делан халкъаца цхьаьна».
11 eКхин а боху: «Хаставе Веза Эла кхечу къаьмнех мел болчара,
хастам бе Цунна массо а халкъаша!»
12 fЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаро а иштта боху: «Юшайн тӀаьхьенах цхьаъ гучувер ву.
Иза къаьмнашна тӀехь олалла дан гӀоттур ву,
ткъа уьш цунах дегайовхо йолуш хир бу».
13Дегайовхо луш волчу Дала шун тешарехула хазахетарх а, синпаргӀатонах а дузийла шу, Делан Синан ницкъаца шун сатийсар даим алсамдалийтархьама.
ПахӀала иштта майра яздаран бахьана
14Сан динан вежарий, со тешна ву дикачу ойланех шу дуьзна хиларх а, шун кхетам кхоччуш хиларх а, вовшашна хьехамаш балур болуш шу хиларх а. 15Амма цхьадолчу гӀуллакхех лаьцна аса майрра яздора шуьга, динан вежарий, уьш шуна диц ца далийтархьама. Аса иза дора, Дала Шен диканца со къобалвина дела, 16кхечу къаьмнех болчу нахана юкъахь Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан гӀуллакх дан. Динан дас санна, Ас Делера болу хаза кхаъ кхайкхабо, кхечу къаьмнех болу нах, Делан Синехула Далла хьалха дӀа а къастийна, Далла тамехь долу сагӀа санна хилийтархьама. 17Иштта Дала леррина Къобалвинчуьнца со волуш, Делан дуьхьа динчу сайн гӀуллакхех сан дозалла дойла ду. 18Кхечу къаьмнех болу нах Далла тӀеберзорхьама, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсас соьгахула дина доцу цхьа а хӀума дийца со ваьхьар вац. Цо иза соьгахула дина сан дешнашца а, сан гӀуллакхашца а 19тамашийначу билгалонийн а, инзаречу хӀуманийн а ницкъаца а, Делан Синан ницкъаца а. Иштта, Ярушалайм-гӀалара Иллирик-махкана тӀекхаччалц, аса, массо а меттигашкахула чекх а волуш, Дала леррина Къобалвинчух лаьцна болу хаза кхаъ кхоччуш дӀасабаржийна. 20Айса хаза кхаъ дӀакхайкхош, суна лаьара Дала леррина Къобалвинчун цӀе евзаш йоцучу меттигашкахь а дӀакхайкхо, иза кхечо дӀахӀотийначу бух тӀехь ца дархьама. 21 gАмма яздина ма ду: «Цунах лаьцна хаам цахилларш а Цунах кхетар бу,цахезначарна а вевзар ву».
ПахӀал Риме кхача дагахь ву
22 hЦу бахьаненна мосуьйттазза новкъарло йира суна шу долчу дӀаван. 23Ткъа хӀинца хаза кхаъ кхачаза меттиг кху мехкашкахь йоцу дела а, дукха хенахь дуьйна шу долчу дӀаван сан дагахь долу дела а, 24со шу долчу ван ойла йолуш ву, Испани-махка новкъа а волуш. Сан дегайовхо ю, цига а воьдуш, шу долчу хьошалгӀа кхача. Хазахетарца ас шуьца жимма хан яьккхинчул тӀаьхьа, суна новкъа вала гӀо дан тарло аша. 25 iТкъа хӀинца со Ярушалайме воьду Делан нахана гӀуллакх дан. 26Македонера а, Ахаера а динан тобанаша сацам бина, Ярушалайм-гӀалахь болчу Делан нахана юкъарчу къечарна сагӀина ахча дахьийта. 27 jИ сацам цара шаьш бинехь а, Ярушалаймерчу Ӏийсах тешачарна хьалха иза дан декхарийлахь а бу уьш. Кхечу къаьмнех болу нах жуьгташкахула, тешаре хьаьжжина, декъалбина хилча, шайн долахь долчу рицкъе хьаьжжина, жуьгтий декъалбан а декхарийлахь бу уьш. 28И гӀуллакх чекх а даьккхина, сагӀина гулдинарг царна билггал дӀакхаьчна даьлча, со Испани ваха новкъа вер ву. Цига воьддушехь, со шун гӀала чувоьрзур ву. 29Со тешна ву, шу долчу веача, Дала леррина Къобалвинчуьнгара шортта долчу декъалдаршца со вахарх. 30Динан вежарий, вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан дуьхьа а, Делан Сино вайна вовшашка луш болчу безаман дуьхьа а аса доьху шуьга соьца цхьаьна суна тӀера Деле чӀогӀа доӀанаш дар. 31Аса Деле доьху, ЯхӀуд-махкахь Ӏийсах ца тешачарах со ларвар а, Ярушалаймехь болчу Делан нахана ас до гӀуллакх тамехь хилийтар а. 32Нагахь санна Делан лаам белахь, воккхаверца дӀа а веана, паргӀат шуьца хан йоккхур ю аса. 33Вайна синпаргӀато луш волу Дела хуьлийла шуьца массаьрца а. Амин.
Copyright information for
CheCAC2012