Romans 16
Шеггара долу маршаллаш
1Аса шуьга дӀахоуьйту, вайн динан йиша йолу Пойбат дика зуда хилар. Иза Кенахари олучу гӀаларчу динан тобанан гуламехь динан куьйгалхочун гӀоьнча ю. 2Везачу Элан долахь йолу иза, Делан наха ма-эццара, оьзда тӀеэцахьара аша. Шаьш долчохь цунна оьшучунна тӀехь гӀо а дейша, хӀунда аьлча дуккха а болчу нахана а, суна-сайна а гӀо дина цо. 3 aМаршалла ло соьца цхьаьна Дала леррина къобалвинчу Ӏийсана гӀуллакх деш хилла болчу ПхьаьрскӀилате а, Ӏакхиле а. 4Шайна кхераме доллушехь, цара со кӀелхьарваьккхира. Со цхьаъ хилла ца Ӏа царна баркаллаш бохуш верг, кхечу къаьмнех болчу нехан динан массо а тобанаша а боху и. 5Маршалла ло церан цӀахь гуллуш йолчу динан тобане а. Маршалла ло сан хьомечу Эпанте а. Иза Асиа-махкахь Дала леррина Къобалвинчунна тӀебирзинчарах хьалхарниг ву. 6Маршалла ло шун дуьхьа чӀогӀа къахьегна йолчу Мареме а. 7Маршалла ло Ӏандарнике а, Юнига ▼▼Юнига – я иштта: Юнасе. Цхьадолчу тептарш тӀехь ду: Юлига.
а. Уьш сан къомах бу. Соьца цхьаьна тутмакхаш а хилла уьш, векалшна юкъахь лоруш а бу, Дала леррина Къобалвинчух сол а хьалха тешна а бу. 8Маршалла ло Везачу Элан долахь волчу сан хьомечу Ӏампале. 9Маршалла ло вайца цхьаьна Дала леррина Къобалвинчунна гӀуллакх дечу Урбане а, иштта сан хьомечу Стахига а. 10Маршалла ло Дала леррина Къобалвинчух тешарна тӀехь зийна волчу Апа-Лесе. Маршалла ло Арти-Сабулан цӀийнах болчаьрга. 11Маршалла ло сан къомах волчу ХӀарудига. Маршалла ло Нару-Касин цӀийнах болчу Везачу Элан долахь болчаьрга. 12Маршалла ло Везачу Элан дуьхьа къахьоьгуш йолчу Тарипате а, Тарипуте а. Маршалла ло сан хьомечу Парсатига а. Иза а Везачу Элан дуьхьа дукха къахьегна ю. 13 cМаршалла ло Везачу Элана къаьсттина гӀуллакх дечу Рупе а, цуьнан санна, сан а йолчу цуьнан нене а. 14Маршалла ло Асинкарите а, Пелигане а, ХӀермига а, Пата-Рубе а, ХӀармига а, иштта цаьрца болчу динан кхечу вежаршка а. 15Маршалла ло Пилалаге а, Юлига а, Нере а, цуьнан йише а, Олу-Мапига а, цаьрца болчу Делан нахе массаьрга а. 16Вовшашка маршаллаш ло Делан безачу безамца ▼▼Делан безачу безамца – ма-дарра аьлча: беза барт баккхарца.
. Маршаллаш доуьйту шуьга Дала леррина Къобалвинчун динан массо а тобанаша. ТӀаьххьара бина хьехамаш
17Динан вежарий, аса чӀогӀа доьху шуьга, ларлолаш шу декъадалийта а, галдовлийта а гӀертачарех. Букъ берзабелаш шуна бевзинчу хьехамашна дуьхьал харц хьехамаш бечарна. 18ХӀунда аьлча иштта адамаша вайн Веза Эла волчу, Дала леррина Къобалвинчунна гӀуллакх ца до. Цара шайн гайна гӀуллакх до. Шайн хьестадаларца, къамелаш дан говза хиларца догцӀена долу адамаш Ӏехадо цара. 19Хазачу кхоана шун муьтӀахь хилар массарна а гӀарадаьлла, цундела со воккхавеш ву шух. Амма суна шу хила лаьа диканна – хьекъалалла долуш, ткъа вочунна – догцӀена долуш. 20СинпаргӀато луш волчу Дала кестта иблис шун когашна кӀелахь хьоьшуьйтур ду. Вайн Веза Эла волчу Ӏийсагара долу дика шуьца хуьлийла! Амин. 21 eМаршаллаш доуьйту шуьга соьца цхьаьна гӀуллакх деш волчу Тимапис а, сан къомах болчу Лукус а, Ясона а, Соса-Патура а. 22Маршалла доуьйту шуьга Дала леррина Къобалвинчун волчу сан хӀара кехат дӀаяздинчу Тертис. 23 fМаршалла доуьйту шуьга со а, ерриг а динан тоба а комаьрша тӀеоьцуш волчу Гаяса. Маршалла доуьйту шуьга гӀалин ахча лардеш волчу Арсатис а, динан вашас Кавартис а ▼▼Цхьадолчу тептарш тӀехь 24-гӀа аят тӀетоьхна ду: Вайн Веза Эла волчу, Дала лерина къобалвинчу Ӏийсагара долу дика шуьца ду. Амин. Кхидолчу тептарш тӀехь иза 27-гӀачу аятана тӀаьхьа тӀетоьхна ду.
. Дела хаставар
24– 25Дала леррина къобалвинчу Ӏийсах лаьцна Ас кхайкхош болчу хазачу кхоэхула Дела ницкъ болуш ву шайн тешар тӀехь шу чӀагӀдан. БӀешерашкахь дуьйна дӀакъевлина долчу бакъдолчуьнца цхьаьнабогӀуш бу и хаза кхаъ. 26И бакъдерг хӀинца гучудаьккхина пайхамарийн тептаршкахула. Даима а волуш волчу Делан омрица и къайле дӀакхайкхийна массо а халкъашна, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсах уьш тешийтархьама. 27Абаденналц хастам хуьлийла цхьаъ бен воцучу, хьекъалечу Далла Цо леррина къобалвинчу Ӏийсагахула! Амин.
Copyright information for
CheCAC2012