bЗабур 61:13; Кицанаш 24:12.
dЕшаӀ-ЯхӀу 52:5 (Грекийн).
Romans 2
Делан кхел
1 aАмма кхечунна бехк буьллуш волчу хьан бехказаволийла дац, хӀунда аьлча кхечунна еш йолу кхел ахь хьайна йо, кхиверг бехке веш волчу ахьа а изза леладо дела. 2Ткъа вайна хаьа, иштта гӀуллакхаш дечарна Дала еш йолу кхел нийса юйла. 3Иштта гӀуллакхаш дечарна кхел а еш, ткъа айхьа изза а лелош, Делан кхелах хьо кӀелхьарвер ву-м ца моьтту хьуна, ва стаг? 4Я Делан шортта долчу диканах, эсалаллах, собарх ца веша те хьо? Ца кхета те хьо Шен диканца Дела хьо Шена тӀеверзо гӀерташ хиларх? 5Амма хьайн юхахьарачу амалца а, дохко ца долучу дагца а ахьа-айхьа хьайна таӀзарш гулдо Делан оьгӀазло а, Цуьнан бакъйолу кхел а гучуйоккхучу денна. 6 bДала хӀоранна а, цуьнан гӀуллакхашка хьаьжжина, йийр ю кхел. 7Дика гӀуллакхаш а деш, сийлалла а, ларам а, хедар доцу дахар а лоьхучарна Ша волчохь долу хедар доцу дахар лур ду Цо. 8Ткъа дегала а болуш, билггал бакъдерг дӀа а тоттуш, харцдолчунна тӀаьхьахӀуьттучарна Делан луьралла а, оьгӀазло а хир ю. 9Зулам деш волчу хӀоранна а гӀайгӀанаш а, баланаш а хир бу, цкъа хьалха жуьгташна, тӀаккха кхечу къаьмнех болчарна! 10Мелхо а, сийлалла а, ларам а, синпаргӀато а хир ду дика деш волчу хӀоранна а, цкъа хьалха жуьгташна, тӀаккха кхечу къаьмнех болчарна! 11 cХӀунда аьлча Дала озабезам ца бо цхьаьнгге а. 12Товрат-хьехамийн долахь а боцуш, къинош латийнарш, оцу хьехамашка а ца хьоьжуш, хӀаллакбийр бу. Ткъа хьехамийн долахь шаьш боллушехь, къинош летийначарна оцу хьехамашца йоггӀу кхел йийр ю. 13ХӀунда аьлча товрат-хьехамашка ладегӀарх нах Далла хьалха бакъ ца бо, ткъа и хьехамаш кхочушбийраш Цунна хьалха бакъбийр бу. 14Ткъа товрат-хьехамаш боцуш болчу кхечу къаьмнех болчара шайн лаамашца товрат-хьехамо тӀедиллинарг кхочушдича, цара шаьш гойту, магийнарг а, цамагийнарг а хӀун ду шайна хаар, товрат-хьехамаш шайн боццушехь а. 15Оцу хьехамашка хьаьжжина лелар шайн дегнаш чохь дӀаяздина хилар гойту цара. Цунах лаьцна тоьшалла до церан дегнаша. Церан ойланаша уьш цкъа бехке бо, юха бехказабоху. 16Иза иштта хир ду, аса кхайкхош болчу хазачу кхоо ма-бохху, адамийн къайлахчу ойланашна Дала Ша леррина къобалвинчу Ӏийсагахула кхел ечу дийнахь.Жуьгтий а, товрат-хьехамаш а
17Ткъа хӀинца ша жуьгти ву бохучу хьох лаьцна хӀун ала дезаш ду? Хьан дегайовхо ю товрат-хьехамех, Делах дозалла а до ахьа. 18Делан лаам а бевза хьуна, ткъа товрат-хьехамашна тӀера Ӏамийна дела, дика долчух а кхета хьо. 19БӀаьрса доцучарна некъ гойтург хьо хиларх а теша хьо, боданехь болчарна хьайх серло яларх а теша хьо. 20Кхетам боцучарна хьехамаш бо ахь, берийн хьехархо а хьо ву, хӀунда аьлча товрат-хьехамашкахь билггал бакъдерг хааран кеп хьуна дӀахӀоьттира. 21Кхечарна хьехамаш беш волчу ахьа хьо Ӏамавой те? ХӀума ма лачкъае а бохуш, ткъа айхьа лечкъайой те ахьа? 22Сийсаза ма лела а бохуш, хьо-хьо иштта лелий те? ЦӀуйх ца вешаш волчу ахьа харцделанийн цӀенош чохь айхьа къола дой те? 23Товрат-хьехамех дозалла а деш, ткъа хьехамашца цадогӀург кхочуш а деш, Делан сий дойий те ахьа? 24 dЯздина ма ду: «Шу бахьана долуш, емалвеш ву Дела кхечу къаьмнех болчу наха». 25Сунтвина хилар пайденна ду, нагахь санна товрат-хьехамаш кхочушбеш белахь. Амма бакъонаш лар а ца еш, хьо зуламхо велахь, хьо сунт ца винарг санна лорур ву. 26Цундела, нагахь санна сунтвина воцучо товрат-хьехамаша тӀедиллинарг кхочушдеш хилча, иза сунтвича санна лорийла дац ткъа? 27Ша вичхьана а сунтвина воццушехь, товрат-хьехамаш кхочушбеш волчо бехке вийр вац ткъа хьо, сунтвина воллушехь, язйина йолу бакъонаш талхош верг? 28ТӀехьаьжча, тера леларх жуьгти хир ма вац, ткъа сунтвар дилхан тӀера чкъор даккхар бен ма ца хуьлу. 29 eБакъволу «жуьгти» (Делан халкъах верг) шен даг чохь жуьгти верг ву. Иштта сунтвар – йозанца ван веза аьлла дела а доцуш, ткъа даг чохь Делан Синехула сунтвар ду. Цунна, адамашкара а боцуш, Делера хастам хир бу.
Copyright information for
CheCAC2012