aЗабур 50:6 (Грекийн).
d Забур 9:28 (Грекийн).
Romans 3
Делан тешаме хилар
1Жуьгти хилар гӀолехь хӀунда ду, я сунтварх хӀун пайда хуьлу? 2Иза массо а агӀор гӀолехь ду, ткъа уггар а дика дерг Делан дош царна Ӏалашдан делла хилар ду. 3Ткъа и хӀун ду? Нагахь санна цхьаберш тешаме ца хиллехь, церан тешам цахиларо дойур-м дац те Делан тешаме хилар? 4 aДера дац! Дела тешаме ву, ткъа муьлхха а адам харцлуьйш ду. Яздина ма ду: «Айхьа дуьйцучохь Хьо нийса а ву,кхел ярехь Хьо тоьлур а ву».
5Нагахь вайн харцлеро Делан бакъхилар дӀадоьллуш хилча, хӀун ала вай? Дела нийса вуй те, бохур ду вай, Цо Шен таӀзар вайна дича? (Аса-м адаман ойланца боху иштта.) 6Дера дац! Иза иштта хилча, дуьнен чуьра массо а адамашна Дала кхел ян муха тарло? 7Нагахь санна сан тешаме цахиларо Делан тешаме хилар лакхадоккхуш хилча, нагахь санна Делан сийлалла иштта алсамдолуш хилча, хӀета къинош летийначунна санна Дала суна кхел хӀинца а хӀунда ян еза? 8Иза иштта делахь: «Диканиг далийтархьама, зуламаш дей вай» хӀунда олийла дац ткъа? Вай иштта хьехамаш бо бохуш, цхьаболчара меттанаш детта вайна. Ишттачарна Дала нийса кхел йина.
Цхьа а Делан лаамехь вац
9ТӀаккха? Дуй те вай царал тоьлуш? Данне а дац, хӀунда аьлча ас дӀагайтина жуьгтий а, кхечу къаьмнех берш а къинан долахь хилар. 10 bЯздина ма ду: «Далла хьалха цхьа а бакъ вац.11Цхьа а кхетам болуш а вац,
цхьа а Дела лоьхуш а вац.
12Массо а адамаш Делах дӀадирзина,
берриш а галбевлла бу.
Цхьа а диканиг дийриг вац,
ур-атталла цхьаъ-м вац.
13 cЦеран къамкъаргаш дӀаделладелла кешнаш санна ю.
Шайн меттанашца нах лебо цара.
Лаьхьарчийн дӀовш ду церан багахь.
14 dЦеран баганаш сардамех а, стимах а юьзна ю.
15 eЦӀий Ӏано уьш сиха арабовлу.
16Цара шаьш баханчохь бохам а бо, хӀаллакдар а дахьа.
17Машаран некъ ца бевза царна.
18 fЦеран бӀаьргаш чохь Делах кхерар дац».
19Ткъа хӀинца вайна хаьа, товрат-хьехамаша хьоьхург хьехамийн долахь болчарна а дуйла. Цундела цхьаннан а бехказаволийла дац: массо а адамаш – жуьгтий я кхечу къаьмнех уьш белахь, Далла хьалха бехке хуьлу. 20 gТоврат-хьехамаш кхочушбарх, Далла хьалха цхьа а бехказавер вац. Оцу хьехамашкахула адамаш шаьш къинош хиларх кхета.
Тешарца бакъдар
21Ткъа хӀинца гучудаьккхина Далла хьалха адамаш бакъдар муха магийна. Иза товрат-хьехамашца доьзна дац. Цунах лаьцна тоьшалла до товрат-хьехамаша а, пайхамарша а. 22 hДала леррина къобалвинчу Ӏийсах тешарехула нах Шена хьалха бакъбо Дала. Ӏийсах тешачарна массарна а ло Дала и бакъдар. Царна юкъахь башхо яц, 23хӀунда аьлча массара а къинош а летийна, массо а Делан сийлаллех дӀакъастийна а ву. 24Шен диканца уьш массо а Дала Шена хьалха маьхза бакъбо, Цо леррина къобалвинчу Ӏийсас нах къинойн олаллех паргӀатбахар бахьана долуш. 25– 26Къинойн гӀуда такхаран сагӀина Ӏийса дӀавелира Дала. Ӏийсах а тешна, Цуьнан валар бахьана долуш, вайн къинойн гӀуда текхна ду. Дала иза иштта къобалдира, хьалха летийна къинош Шен собарца таӀзар ца деш а дуьтуш, Ша бакъ хилар гайтархьама. ХӀинца йолчу заманахь а Ша бакъ хилар гойту Дала, Ӏийсах мел тешарг Шена хьалха бакъварца. 27Стенах дозалла дойла ду стеган? Цхьана а хӀуманах дац! Делахь хӀун бахьана долуш Далла хьалха бакъво стаг? Товрат-хьехамаш кхочушбар бахьанехь бакъво те стаг Далла хьалха? Дера ца во! Ӏийсах тешарехула бен бакъ ца во! 28Иштта, оха жамӀ до: адам Далла хьалха бакъдар цуьнан тешарехула бен дац, ткъа товрат-хьехамаш кхочушбарехула иза ца хуьлу. 29Ткъа Дела кхечу къаьмнех болчу нехан а воцуш, беккъа жуьгтийн Дела ву те? Вац дера, Иза кхечу къаьмнех болчу нехан а Дела ву. 30 iДела цхьаъ бен вац. Адамийн тешарехула Цо сунтбинарш Шена хьалха бакъбо, ткъа оццу тешарехула Цо сунтбаза берш а бакъбо Шена хьалха. 31ТӀаккха Ӏийсах тешарна товрат-хьехамаш дӀабохий те вай? Дера ца боху. Мелхо а, вай уьш тӀечӀагӀбо.
Copyright information for
CheCAC2012