‏ Romans 4

ИбрахӀиман масал

1Вайн дайн да волчу ИбрахӀимах лаьцна хӀун эр дара вай? Далла хьалха нах бакъбарх хӀун Ӏемина цунна? 2Ша дина гӀуллакхаш бахьана долуш, ИбрахӀим Далла хьалха бакъвина хиллехьара, цуьнан дозалла дан йиш хир яра. Делахь а Далла хьалха дозалла дан йиш яцара цуьнан. 3 aТкъа Делан Йозанаша хӀун боху? «ИбрахӀим тийшира Делах, цундела Цо иза Шена хьалха бакъвина лерира». 4Болх бечунна луш дерг, цунах къинхетам бар ца лоруш, цунна дӀадала леринарг санна дӀало. 5Нагахь санна Далла хьалха ша бакъвина хилархьама стага дика гӀуллакхаш ца дахь а, ткъа Ӏеса нах бакъбечу Делах иза тешаш велахь, Дала иза Шена хьалха бакъвийр ву, цуьнан тешар бахьана долуш. 6Иштта динчу дика гӀуллакхашца доьзна а доцуш, Дала Шена хьалха бакъвина лоручу стагах Дауд-паччахьо а декъала волу стаг олура: 7 b«Декъала бу Дала гечдина а,
къинош Цо дӀадаьхна а берш.
8Декъала бу Везачу Эло церан къинош цкъа а царна дуьхьал ца лоруш берш».

9Ткъа и декъалалла сунтбиначарна бен ца хуьлу теша? ХӀан-хӀа, иза кхечу къаьмнех болчарна а ду, уьш сунтбаза белахь а. Вай олуш ма-дарра, ИбрахӀим Делах тешарна, Цунна хьалха бакъвина лерина. 10Маца хилла иза? Иза сунтвале лерина я сунтвиначул тӀаьхьа лерина? Сунтвинчул тӀаьхьа а доцуш, иза сунтвале бакъвина лерина. 11 cТкъа и сунтвар цунна билгалонна дина дара, шен тешарехула Дала иза Шена хьалха бакъвина лерина гойтуш. Ткъа иза сунтвале хьалха Дала Шена хьалха бакъвина леринера. Иштта иза сунтбаза болчарах массо а тешачеран да хилла дӀахӀоьттира. Церан тешар бахьана долуш Дала уьш Шена хьалха бакъбина лору. 12Иштта, ИбрахӀим вукху тобанан а да хилла дӀахӀоьттина. Сунтдар тӀеэцна хилла а ца Ӏаш, вайн да волчу ИбрахӀиман сунтвале дуьйна долчу тешаран ларашца лела массо а сунтбинарш цу тобанна юкъабогӀу.

13 dИбрахӀиман а, цуьнан тӀаьхьенан а карахь хир ду дуьне, аьллера Дала. ИбрахӀима товрат-хьехамаш кхочушбо дела, аьлла дацара иза, ткъа Дала иза, цуьнан тешар бахьана долуш, Шена хьалха бакъвина лерина хиларна аьлла дара. 14 eНагахь санна лур ду аьлларг товрат-хьехамаш кхочушбечарна догӀуш хилча, Делах тешар а мехала хир дацара, лур ду аьлларг эрна а хир дара. 15Товрат-хьехамаша, уьш кхочуш ца бича, Делан оьгӀазло хуьлуьйту. Ткъа бакъонаш ца хиллехьара, бакъонаш йохор а нислур дацара.

16 fТкъа и лур ду аьлларг тешарна ло, Дала вайна маьхза ло диканиг иза долу дела. ИбрахӀиман массо а тӀаьхьенна, чӀагӀо а еш, ло иза. Товрат-хьехамаш кхочушбеш болчу тешачарна бен а доцуш, амма ИбрахӀиман тешарца кхечу къаьмнех болчу тешачарна а ло иза. ИбрахӀим вайн массо а тешаш болчеран да ма ву, 17 gДелан Йозанаш тӀехь яздина ма-хиллара: «Аса хьо дуккхачу а къаьмнийн да вина». ИбрахӀим вайн да хилира ша тешна волчу а, белларш денбеш волчу а, гуш доцург гуш деш волчу а Далла хьалха. 18 hСатийса бахьана доццушехь, ИбрахӀим Дала йинчу чӀагӀонах кхидӀа а тешаш а, сатуьйсуш а вара. И тешар бахьана долуш, дуккхачу а къаьмнийн да хилира иза. Яздина ма-хиллара: «Оццул дукха хир ю хьан тӀаьхье». 19 iТешарх ца вухуш, бӀе шо кхоччуш долчу шен дегӀе, веллачун дегӀе санна, бераш далург цахилар а, Сарат доьзалхо хуьлуш цахилар а дагахь латтадора цо. 20Дала шена лур ду аьллачу тешарна тӀера ойла ца керчира цуьнан, мелхо а, шен тешар тӀехь чӀагӀвелла Ӏийра иза, сийлалла Далла дӀа а делла. 21Иза кӀоргге тешна вара дийр ду аьлларг кхочушдан Делан ницкъ хиларх. 22Цундела «Дала иза Шена хьалха бакъвина лерира». 23Бакъду, яздинарг цунна цхьанна пайденна хилла ца Ӏа – «Дала иза Шена хьалха бакъвина лерира», 24амма вайна а пайденна ду: вайн Веза Эла волу Ӏийса веллачуьра Денвинчух вай тешна дела, Шена хьалха вай а бакъдина лорур ду Дала. 25 jӀийса вайн къиношна тӀера сагӀина дӀа а веллера, вай Далла хьалха бакъдархьама ден а винера.
Copyright information for CheCAC2012