‏ Romans 5

Ӏийсан цӀийца бакъдар

1Ваьш тешарехула бакъдина дела, вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсас динарг бахьана долуш, Делаца синпаргӀато а йолуш деха вай. 2Вай Цунах тешар бахьана долуш, Ӏийсас Делан доккхачу диканна тӀекхочийла хилийтина вайна. ХӀинца вай дехаш ду оцу диканехь. Даккхий а деш, Делан сийлаллин декъехь хиларе сатуьйсуш ду вай. 3Цунах даккхийдийна а ца Ӏаш, ваьш баланаш хьегарх а даккхийдеш ду вай. Вайна хаьа, баланаш хьегаро доьналла долуш хуьлуьйтийла. 4Доьналла долуш хиларо къобалдар дахьа, ткъа къобалдаро сатийсар ло. 5Оцу сатийсаро дог доьхна ца хуьлуьйту вай, хӀунда аьлча Ша вайна деллачу Шен Синца вайн дегнаш чу Дала Шен безам Ӏанийна.

6Ваьшна гӀо дан вай де доцуш дисича, Дала билгалъяьккхинчу хенахь, Ӏесачеран метта Дала леррина Къобалвинарг жӀара тӀехь велла. 7Наггахь бен, бакъахьара волчун метта цхьана а стагана вала ца лаьа. Делахь а дикачун метта вала цхьаъ реза хила а там бу. 8Амма, вай хьарамлонаш лелош долчу хенахь, вайн дуьхьа велла Дала леррина Къобалвинарг. Цу тайпана Шен вайга болу безам мел боккха бу гойту Дала. 9Ӏийсан цӀийца вай бакъдина хилча, Цуьнгахула муххале а кӀелхьардевр ду вай Делан оьгӀазлонах. 10Вай Шен мостагӀий долчу хенахь Дела вайца тайра Шен КӀентан валарца. Дала Шеца тайтина долу вай, хӀинца муххале а Цуьнан КӀантехула кӀелхьардевр ду, КӀант дийна волу дела. 11Цунах тоам бина а ца Ӏаш, вай Делаца тайтина волчу а, вайн Веза Эла волчу а, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагахула вайца Дела хиларна, даккхийдеш ду вай.

Адам а, Дала леррина Къобалвинарг а

12 aЦхьана адамехула – Адамехула – дуьнен чу къа деара, ткъа къинехула Ӏожалла а еана. Иштта Ӏожалла а хӀора адамна тӀееана, массара а къа латийна дела. 13Товрат-хьехамаш юкъабале а, къа дуьнен чохь долуш дара. Амма хьехамашна юкъайогӀу бакъонаш ца лелачохь къалатор бехке ца лору. 14Делахь а Адаман хенахь дуьйна Мусан хене кхаччалц дехаш долчу массо а адамашна тӀехь Ӏожалло шен олалла дора, Адама латийнарг санна долу къа цара ца латийнехь а.

Цхьана агӀор хьаьжча, шел тӀаьхьа вогӀу Волчух тера вара Адам.
15Делан дика зуламах тера дац. Нагахь санна, цхьана адамо дина зулам бахьана долуш, дуккха а адамаш хӀаллакьхуьлуш хилча, тӀаккха муххале а Делан шорта долу дика, Цо цхьана адамехула – Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагахула – маьхза луш долу совгӀат дуккха а адамна кхочур ду! 16Дала делла хӀара совгӀат цхьана адамо латийначу къинах тера дац. ХӀунда аьлча цхьана адамо динчу зуламна йинчу кхело таӀзар хилийтина, ткъа дуккха а къинош латорна Дала динчу дикано адамаш Цунна хьалха бакъдар хилийтина. 17Цхьана адамо дина зулам бахьана долуш, оцу цхьана адамехула Ӏожалло олалла дар дӀадоладелла. Амма цхьана адамехула, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагахула, хилийтинарг кхин а дукха ду. Делан шорта долу дика а, Далла хьалха бакъдина хиларан совгӀат а тӀе мел эцнарш Ӏийсагахула олалла деш хир бу дахарехь.

18Иштта дан а ду иза. Цхьаммо динчу зуламехула массо а адам бехкехилар тӀедаийтина. Иштта цхьана адамо динчу бакъдолчу гӀуллакхо массо а адамашна кхочу бакъдар а, дахар а ло. 19Цхьа адам Далла муьтӀахь ца хилла дела, массо а адамех къинош летийнарш хилира. Иштта цхьана адаман Далла муьтӀахь хиларо дуккха а адамаш бакъдина хир ду.

20Товрат-хьехамаш тӀаьхьо юкъабевллера, зуламаш алсамдовлийтархьама. Ткъа къинош алсамдевлча, Делан дика кхин а совдала дуьйлира. 21Къиноша, адамаш Ӏожаллина тӀе а далош, олалла деш хиларе терра, иштта Делан дикано а олалла дийр ду Далла хьалха бакъвина хиларехула. Вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагахула Делаца долчу хедар доцучу дахаре кхачор ду адамаш.
Copyright information for CheCAC2012